Оршот дийнахь Азербайджанан зорбано арахецначух бу хΙара хаам. Бердован- юьртана гергахь Эрмалойн эскаран диверси кагйина азербайджанхоша: мостагΙех вийна кхо салти, лазийна пхиъ.
Ткъа цул тΙаьхьа, шинарий дийнахь, Эрмалойн хаамийн гΙирсаша иштта баржийра хаам, шайн эскарша пхиъ азербайджанхо вер дуьйцуш. Неркин Воскепар-юьрта уллехь вийна азербайджанхойн пхи диверсант, лазийна дуккха а.. Уьш эрмалойн лаьтта тΙе бевлла хилла зуламаш дан. Эрмалошна зе ца хилла.
Гуш ма-хиллара шина а агΙон агенталлаша шайн мехкашкахьа узуш пропаганда ю яржош. Хьалха вийна кхо эрмало диверсант ву, азербайджанхоша чΙагΙдарехь. Амма шолгΙачу дийнахь эрмалоша байъина азербайджанхой а нисло эрмалойн кхетамехь изза диверсанташ.
Ший а инцидент хилла 18 шарахь къуьйсу Карабах-мохк бахьанехь. Шина а агΙоно шайн-шайн, хиламаш цхьабосса ган йиш а йоцчу, бΙаьргашца, кхетамца туьду кест-кеста хуьлуш схьабогΙу и тайпа бохамаш. Ткъа Кавказан, маьΙΙехь дуьжуш доцуш, шина къомана юкъахь зийзаш лаьтта дов сингаттамца тидамехь латтадо деррриг а цивилан дуьнено.
27 пачхьалкхах лаьтта Евробарт а, Ιаьмиркан Цхьаьнатоьхна Штатийн куьйцгалхой а цкъачунна гΙорасиз бу Эрмалойчоьней, Азербайджаней машаре сацам карор доьхучу новкъахь.
Карарчу хенахь а ю Кавказан кхаа пачхьалкхийн дайшца къамелаш деш чекхйолуш Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Клинтон Хиллари. Амма ала дац, оцу визито хийцамаш бохьур бу кхаа а пачхьалкхахь - Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Азербайджанехь зазадаьккхина сепаратизм йижорехь, я къаьмнашна юкъайоьлла гамонаш эшорехь.
Маршо Радионо дийхира эрмалойн а, азербайджанан а политикашка кху деношкахь нисделла вер-ваккхар тидар. Цуьнан бахьана довзийтар.
Мусабеков Расим – зеделла политик, политолог, Азербайджанан парламентан, Милли Меджлисан, депутат ву. Цунна иштта го хилла тΙематасадалар.
Мусабеков: « И тайпа тийсадаларш – я царел жимаха дерш – уьш даим лаьтта. Ткъа хΙинца хьал марсадаьлла. Иза Кавказе Штатийн пачхьалкхан секретарь кхачарца доьзна хила а тарло, амма доза йиш ю иза эрмалойн агΙоно, эхь а ца хеташ, дΙалецначу Азербайджанан латтанаш тΙехь дΙахьочу тΙеман Ιаморашца а. Уггаре коьртаниг – оцу кхийссарша гойту тΙом чекхбаьлла боцийла. Цунах гΙорийна лаьттачуьра муьлххачу хенахь а, баста а белла, сахьт дац боккха тΙом хила а».
Азербайджанехь лаккхарачу даржехь а, лараме а волчу политикна, Милли Меджлисан декъашхочунна Мусабеков Расимна ца го шайн эскарийн агΙор цхьа а бехк. Цул совнаха ца карийра цунна тхан къамелехь лулахошца йолу юкъаметтигаш йохъен некъ а.
Цул башха гуш бац машаран некъ эрмалошна а. Мусабеков санна, шайн къомо лоруш а, политикехь говзанча а ву Ереванера тΙеман эксперт Оганесян Арцрун. ТΙом тΙамо бен юха ца туху бохург ду цо дуьйцург а.
Оганесян: «И тактика керла яц, Азербайджанан агΙоно дукха хан ю иза юкъайоху. Кест-кеста до цара иза цхьанна шаьш тΙамана кийча дуйла гойтуш. Чоьхьарчу бахархошна а гойту, арахьарчу политикашна а гойту. И тайпа хΙуманаш эрмалойн дозанехь лелорца Бакохано шайн нехан тидам дозанашка дΙахьош хила а мега, церан социалан а, политикан а проблемаш чохь кхочуш ечу меттана, нехан тидам тΙеман хиламашкашкахьа дΙаберзош.
Кхин цхьаъ а ду. Эрмалойн эскарш кегийрхойх дузучу муьрехь до тΙелетарш азербайджанхоша. Хиллари Клинтон яр а, иза кху деношкахь Кавказехь хилар а ду оцу хΙуманашна буха диллина. Нехан ишттачух болар дика дацахь а, Эрмалойчохь нах боьлла лулахочо лелочунах. ТΙамца дуьйцуш делахь, тхан агΙор а луш хила деза доггΙу жоп. Иза оха луш ду, шу ма кхеттара, цара и дΙа а кхайкхийна тахана Ιуьйранна, дΙакхайкхийна, шаьш ца кхайкхийча ца довллучул».
Кест-кеста тΙематасадаларш хуьлучу Карабахан йистошца хьовха, цхьайолчу, хьалха дуьйна эрмалойнний, азербайджанхойнний долахь ларалучу латтанашца а массанхьа дац гуш тоьхна доза. Аьтто бу, оьгΙазалла совъяьлча, эскаршна, вовшашна паргΙат дуьхь-дуьхьал а хьаьвда, лата. Ломан чахчарешкахь муххале а дац шина пачхьалкхан бΙогΙамашца, аьчка коьллашца вовшех ларлойла.
Ткъа иза дац доьхнарг. Кавказхошлахь-м ца хилча а магара дозанаш, иза халкъашка хаьттича. Доьхнарг ду кху 18 шарахь Карабахца доьзна даьллачу девнан йист, бохь- бухуш карош бацар. Ткъа оццул деха сийсаш лаьтта дов, шайн агΙор а узуш, Азербайджанан депутата Мусабековс ма-аллара, боккхачу тΙаме дерза кхерам бу муьлххачу а сохьтехь. Муха каро беза барт? И хууш вац стагга а. Оганесян Арцрунна, Ереванерчу политикна, иштта го, аьлча а, ганне а цо го, машаран некъ.
Оганесян: «Эрмалойн-Азербайджанан дов дижоран дискусси дуккха а хан ю йоьду. 1994-чу шерера дуьйна схьа Азербайджано куьг ца яздина тΙематийсадаларш совцон долчу берта буха. Оцу 18 шарахь иза дина а ца хилича, муха дуьйцур ду цул лакхара хΙуманаш. Президенташ цхьаьнабеттало, къамелаш до, амма дина гуш дац хΙумма а. Ас цхьаъ эр ду, 21-чу бΙешарахь муьлххачу къомо яьккхина шена бакъо, маьрша ду иза паргΙат даха. Хьан агΙор а ваьлла, хьан кога кΙел ваха цхьанне а луур дац. Нийса дац иза».
Цкъа мацах шиннан дов дерзийначу кхоалгΙачу нохчочо ма-аллара, хьо а бакъ ву, хьо а бакъ ву, боху ойла кхоллало Бакохарчу а, Ереванерчу а политикашца къамел деш. Ткъа хуьлуш бац барт шина къоман. Оцу хьоло дено-дено герга кхойкху шена шина пачхьалкхана юкъа рогΙера тΙом.