ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархошна тIедогIург теллинчу рейтингехь тIаьххьара нисйелла Къилбаседа Кавказан гонашкара кхо регион


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчоь, Кхарачой Чергазийчоь, Ставропол-мохк аутсайдерш нисйелла 2023-чу шеран шолгIачу кварталехь бахархошна тIебогIу пайда зийначул тIаьхьа. Цунах лаьцна дуьйцу, Росстатан зерашна тIетевжина, пачхьалкхан "РИА Новости" агенталлин талламехь*

Хьесапаш дечу хенахь эксперташа лерина Оьрсийчоьнан регионашкахь бахархошна йуккъерчу барамехь хьулу пайда а, цара хьашташна оьцучу хIуманийн мах а. Оцу зерийн буха тIехь вовшахтоьхна бахархошна тIедогIучун тIегIанехула Оьрсийчоьнан регионийн рейтинг.

ТIаьххьарчу, 85-чу меттигехь нисйелла Кхарачой Чергазийчоь. Бахархошна тIедогIург а, хьаштийн мехаш а доьзча 1,15 (2023-чу шеран шолгIачу кварталехь бахархошна баттахь хилла пайда бара 21,5 эзар соьман барамехь, билггал бахархошна тIедогIург 4 проценте лакхадаьлла цхьана шарчохь).

ГIалгIайчоьно 83-гIа меттиг дIалоцу 1,27 дозуш хиларца. Оханан-мангалан беттанашкахь республикера бахархошна йуккъерчу барамехь лерича баттахь тIедогIург 22,7 эзар сом дара, 2022-чу шарца дуьстича тIекхеттарг 6,3%.

Ставрополь-мохк – 81-чу могIарехь бу 1,38 процент дазарца (2023-чу шеран шолгIачу кварталехь бахархошна баттахь хилла пайда бара 27,4 эзар соьман барамехь, билггал бахархошна тIедогIург 7,5 проценте лакхадаьлла цхьана шарчохь).

79-чу меттигехь дIатарйелла Нохчийчоь. Кхузахь бахархошна тIедогIу рицкъ а, цара уггар оьшучунна йен харж а лерича, 2023-чу шарахь 1,48 тIегIанехь йара (йуккъерчу барамехь бахархошна хуьлу пайда – 28,2 эзар сом, билггал тIедогIучун динамика -10,7 процент йу).

Тептарехь жимма лакхахь йу ГIебарта Балкхаройчоь, иза 73-чу меттигехь йу (дазар – 1,63, баттахь хIора доьзалехь волчунна йуккъерчу барамехь чукхочург -31,4 эзар сом ду, динамика – 14,7%).

Дагестан 70-чу меттигехь йу (дазар – 1,75, хIоранна тIебогIу пайда – 31,7 эзар сом, динамика – 9,8%).

Къилбаседа Кавказан регионашна йукъахь уггар а тоьлла жамI гойту Къилбаседа ХIирийчоьно. 2023-чу шеран шолгIачу кварталехь баттахь доьзална тIебогIу пайда а, цара йен харж а лерича – 1,8 процент нисло. Бахархошна тIедогIург 31,8 эзар сом ду, динамика - 7,6%.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикана йукъахь ду аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, иштта оккупаци йинчу Украинан Запорожьен, Херсонан кIошташкара хьал а, иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкара а.

  • 2021-чу шеран зерашца Къилбаседа Кавказан йалххе а республика дахаран хьелийн эвсаралла теллича аутсайдерийн декъехь нисйелла.
  • 2021-чу шеран лахьан-баттахь къаьстира, дахаран дохалла лахделлачу регионашлахь лидер йаларх Оьрсийчоь. И зераш динера лаккхара пайда хуьлу бахархой бехачу 37 пачхьалкхашкара хьал дуьстина. И гайтам божаршлахь 2,33 проценте лахбелла, ткъа зударшлахь 2,14. Цунах лаьцна дуьйцу британхойн BMJ журнало бинчу талламехь.
  • Пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталло бинчу керлачу талламехь*аьлла ду, Нохчийчуьра кегийчу а, йуккъерчу а гIаланашкахь бахархоша уггар а лахара алапа оьцу аьлла. Росстатан зерех пайдаэцна хIоттийнера и рейтинг. Аутсайдершлахь нисйеллера иштта Къилбаседа Кавказан пхи республика а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG