ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

„Бакъдолу дин“ юкъаралла йихкина Германехь


Германи -- Немцойн полицин белхахой бу шаьш таллам бечу хIусаман неIарехь лаьтташ. Берлин, Лахь.15, 2016
Германи -- Немцойн полицин белхахой бу шаьш таллам бечу хIусаман неIарехь лаьтташ. Берлин, Лахь.15, 2016

ДаIиш тобанца а, кхечу джихадхошца а зIенехь хиларна шеконца исламхойн евзаш йолу цхьаьнакхетаралла йихкина Германин урхалло. Европин гIаланийн урамашкахь КъурIан декъарца гIарйаьлла хилла „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетаралла ю йихкинарг.

„Хьоме йижарий, вежарий, Германехь КъурIан дихкина. Оха массаьррга а Делан коста дIакхачийна. АллахIу Акбар“ - иштта ду „Бакъдолу дин“ цIе йолчу исламхойн цхьаьнакхетаралло шен Фейсбук агIоннна тIехь шинари Iуьйранна дитина йоза.

Цу кепара, харцдерг дийцарца цу цхьаьнакхетараллин векалша ешархошка дIахаийта гIертарг – Германехь шайна кхин дIа болх бан а, жигаралла лелон а дихкина бохург ду. Амма, „Бакъдолчу динан“ векалша харц чIагIдахь а, КъурIан немцойн махкахь дихкина дац, я дехка йиш а яц, цу пачхьалкхах цуьнан шен низамаш лелаш мел ду.

Хилларг кхин ду. 2005-чу шарахь кхоьллина йолу исламхойн цхьаьнакхетаралла кху тIаьхьарчу 5- 6 шарчохь немцойн мотт лелачу пачхьалкхийн гIаланийн урамашкахь богIу-боьлхучарна мехаза КъурIан дIасадекъарца гIаръяьллера.

„ДIадеша!“ боху цIе а яра цу КъурIан декъаран акцин, дуьххьара Дала Мохьмад Пайхамаре, Делан салам хуьйла цунна, КъурIан доссош, цунна хазийначу дашца тиллина яра и цIе. Масийта маттахь гочдина а, хазчу йозанашца а, вуно хазчу мужалташца а, дезчу кехат тIехь а зорбане даьхна долу бIеннаш эзарнаш КъурIан экземпляраш дIасайийкъира цу юкъараллин векалша даханчу шерашкахь.

Германин яккхий шахьарш хилла ца Iаш, Швейцарин а, Австрин а, Люксембурган а гIаланийн урамашкахь гора „ДIадеша“ акци дIахьочеран стендаш, тIех вол-волучунна КъурIан кхийдош шайн хьадалчаш а болуш. Амма КъурIан даржораш деккъа цхьа Делан дош Малхбузехь даржийна Iаш боцийла хууш дара хIора а джихадхойн леламаш а, церан цхьаьнакхетараллаш а, машанаш а толлучу тергамхошна.

Къайле яцара царна, „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетаралла а, „ДIадеша!“ акци дIахьош берш а радикалечу исламхойн могIаршкара хилар а, уьш ДаIишан агIончаш хилар а, агIончаш хилла а ца Iаш, цу цхьаьнакхетараллин белхашкахь а, акцешкахь а жигара дакъалаьцначех I00 сов кхиазхой а кегийрхой тIаьхьарчу шина шарахь Шема тIаме бахана хилар а.

Венерчу университетан профессор волу джихадизмах эксперт Шмидингер Томас ву дуккхаъ шерашкахь Европерчу джихадхойн а, церан къайлахчу белшашгIорторхойн а леламаш толлучех цхьаъ.

Маршо радиога цо дийцира, „Бакъдолу Дин“ цхьаьнакхетаралло немцойн мотт лелачу пачхьалкхашкахь кегирхошна радикале хьежамаш марзбарехь ловзийначу ролах лаьцна а, и цхьаьнакхетаралла ехкарна тIехь Германин урхалла дуккхаъчу ханна тIаьхьайисарх лаьцна а.

Шмидингер Томас: „Бакъдолу дин“ - иза Германехь уггаре а мехалчех политикан салафистийн маша бара. Цо вуно дукха кегирхой а, кхиазхой а джихадизман агIор радикале берзийна. Проблема хIун ю хьуна аьлча, шерашкахь цара и шайн болх цхьа а новкъарло а йоцуш бина хилар ю, ткъа хIинца цара шаьш деш долу зе дина даьлла“.

„БIакъдолу дин“ цхьаьнакхетаралла немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сацамца йихкина ца Iаш, шинари Iуьйранна Германин I0 федерала лаьттанийн ткъех гIаланашкахь цу тобан филиалийн офисашкахь а, цуьнан жигархойн петаршкахь а лехамаш дIахьош яра полици.

Цхьана Iуьйранна цхьана хенахь йоллучу Германехь яьржина Iохкучу 200 сов петаршна чу лилхинера Iедалхой, царна чохь бехаш болу „Бакъолчу динан“ векалш террорхошца уьйраш лелорна шеконе а лерина.

Журналисташлахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло яржийначу пресс-релизехь билгалдаьккхина ду, „Цу цхьаьнакхетаралло ша санначарна юккъехь уникале йолу рекрутинг кхоьллина, иза бакъболу яй хилла дIахIоьттинера, шена чохь джихадхой кечбеш болу“, аьлла.

Iедалхоша дахкочу терахьашца, мел кIезга а, 140 стаг ву еккъа цхьана Германера цу „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетаралло радикале хьежамаш а марзбина, Шема а, Иракъе а ДаIишах дIакхета вахийтина. Аьлча, цига ваха шайна гIодина.

Цу цхьаьнакхетараллин куьйгаллех лаьцна аьлча, цуьнан коьртехь лаьтташ ву 52 шо долу Абу Наги ИбрахIим, Палестинера орамаш долу Iарбо. Германехь Iедалера социалан гIо а оьцуш, ша а, шен доьзал а пачхьалкхан чотах кхобуьйтуш волу и стаг миллионаш еврош мах болу акцеш дIаяхьа таронаш йолуш ву йоллучу Европехула. Даханчу 2015-чу шарахь цкъа кхеле озийнера иза Iедалхоша, ясакхаш дIаяларна тIехь бозбуанчаллаш лелош гучу а ваьлла.

Цо кхоьллинчу цхьаьнакхетараллин декъашхойн бакъдолу терахь Iедалгна девзаш дац, амма тергамхошна хетарехь, 9-10 эзар стаге кхача мега иза. Царех мел кIезга а, 1200 стаг а, зуда а потенциале террорхойн санна го немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина.

„Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетараллин могIаршлахь дуккхаъ нохчийн кегирхой а бу. Уьш Абу-Нагис доккхачу декъехь шен дегIлардархой санна даима а шена уллохь латтош бу бохуш чIагIдо цу цхьаьнакхетараллера хьал девзачу тергамхоша.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG