Нохчийчуьрчу кеп-кепарчу кIошташкарчу масех иттаннашкахь бахархоша дIа а язъеш, видеош ехкина социалан машанашкахь, "доллу къоман сий ма дайъа" бохуш, ЯнгулбаевгIеран цIийнах болчаьрга кхайкхамаш беш.
Царех цхьахволчо билгалдаьккхина, республикера дIабаханчийн "хьехарш" оьшуш дац регионехь аьлла. "Дахаро дегабаамаш бина нах бу уьш", - боху шен видеохь кхечо.
Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда а, мехкан цIарах Пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адама а инстаграмерчу шайн аккаунташкахь изза хаамаш зорбане баьхна, ЯнгулбаевгIеран доьзал "къоман эхь" ду бохуш.
"Нохчийн къам бехдина ца Iаш, хIинца уггар а дезачунна – динна тIебеирзина уьш. Шайн ямартчу меттанашца цара безачу устазийн а, эвлияийн а сий а, цIе а бехйо", - яздо хьаькамаша шайн цхьана кепарчу хаамашкахь.
- Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.
- ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
- Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.
- IАДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
- Нохчийчохь кест-кеста дIахьо меттигерчу Iедалхошкахьа флешмобаш, амма цара тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.
- 2021-чу шо довш Делимханов Адаман хIусамнана Кадыров Рамзанан гIоьнча хIоттийра. Зорбане яьккхинчу официалан видеона бухахь яздина ду, Кадыровс "дуьненан терроризмца къийсам латточу хенахь" Делимханова Разитас шен хIусамехь уггар а беза хьеший санна шаьш тIеоьцура аьлла.
- Делимханов Адаман виъ ваша Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь лаккхара даржаш дIалаьцна бу, царех цхьаннан Алибекан "Оьрсийчоьнан Турпалхо" аьлла, лаккхара совгIат ду.
- Санкцийн тептаре ваьккхира Висмурадов Абузайд "Магнитскийн актаца" а догIуш, хаамбира 2019-чу шарахь США-н финансийн министралло. ТIаьхьо Кадыров Рамзана ницкъаллин блокехула вице-премьеран дарже хIоттийра Висмурадов
- Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан дозана тIехь кхел йоцуш нах бойъуш а, Iазапаш хьоьгуьйтуш а Висмурадов юкъара хиларх дийцира оцу полкехь болх бинчу Гезмахмаев Сулеймана "Новая газетана" дахначу шеран Зазадокху-баттахь еллачу интервьюхь.