ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ганнушкинина тIаьхьабевлла ГIалгIайчохь терроризмана бехке йечу йахархочух лаьцна дахьийтинчу кехатна тIехула


Ганнушкина Светлана
Ганнушкина Светлана

Бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина дуьхьал административан гӀуллакх долийна "арахьарчу агентех" лаьцна долу низам дохийна аьлла. Бахьана дара Ганнушкинас Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаре Москалькова Татьяне хьажийна материалаш – уьш хьакхалуш йара террорхойн вовшахтохараллица йоьзна йу аьлла бехке йечу ГӀалгӀайчуьра Гатагажева Лайлаах.

Административан процессан хьокъехь сацам бина Москвара Басманан кӀошташна йукъарчу прокуроран гӀовсо, хаамбо бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Оьрсийчоьнан юстицин министралло ша "арахьарчу мехкан агент" аьлла дӀакхайкхийна хилар динчу йозанашкахь билгал ца доккхуш, низам талхийна Ганнушкинас, лору прокуроро.

Бакъонашларъярхочо Гатагажеван гӀуллакхах лаьцна информаци дӀахьажийнера Москалькован электронан почтан адресца файл санна йукъа а йуьллуш. Ша Ганнушкина тешна йу, Москалькован аппаратан белхахоша ГӀалгӀайчоьнан прокуратуре кехат дахьийтина хиларх шайга кхаьчначу кхайкхамах лаьцна. Хетарехь, цуьнан "арахьара агент" аьлла статус билгал ца йоккхуш, ткъа и ца гинчу цара Москвара прокуратуре хаамбина.

ГIалгIайчуьра прокуратуро "бекхам беш" дина хIума ду аьлла хета "Мемориална" Гатагажевана тIаьхьадовларх лаьцна гIарадаккхарна.

МухӀажаршна а, ца бевллачу денна махкара арабовла дезначу нахана а гӀодечу "Гражданское содействие" цӀе йолчу фондан куьйгалхо йу 82 шо долу Ганнушкина Светлана. Оьрсийчоьно Украинина тӀелатар динчул тӀаьхьа цу фондо гӀо до Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь нисбеллачу украинхойн мухӀажаршна а, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаца ца луучу пачхьалкхан бахархошна а. Юстицин министралло "арахьара агент" аьлла дӀакхайкхийра иза 2022-чу шеран гIуран-баттахь.

  • 13 шо долчу хенахь дас-нанас дIайигира ГӀалгӀайчуьра Гатагажева Лайлаъ "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн тобано Ӏуналла дечу дозана тӀе, цигахь нуьцкъала маре а йелира иза. Шен 14 шо долуш дуьххьарлера бер дира цо, ткъа 15 шо долуш шолгӀа бер а дуьненчу делира цуьнан. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллана хетарехь, Шемахь и йоӀ "шен лаамехь" дIакхетта хилла даIишхойх, тӀемалошна йуург йеш, церан бедарш йуьттуш денна гӀуллакхаш деш а хилла, ткъа иштта "шен ахчанах царна герз латтош хилла" цо.
  • Шен цIийнда а, гергара нах а цигахь кхелхинчул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхойн карайаханера иза. Меттигерчу кхело набахтехь даккха пхи шой ахшой туьхийра цунна, амма и хан текхначул тIаьхьа а маьршайоккхуш йацара иза. Оьрсийчоьне иза дIайаларх бертан дийцарш хиллачул тIаьхьа арайаьккхира набахтера.
  • Аэропорте дӀакхаьчча оцу сохьта лаьцнера иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО-хь чуйоьллира. Стохка гIуран-баттахь дуьйна йоӀ масийттазза цӀахь лаьцна латтош йитира, цул тӀаьхьа СИЗО юхайерзийра. Бахначу мангал-баттахь дIасайалар а дихкина, йуха а цIахь йитира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG