ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларйархочунна Орлов Олегана 2,5 шо кхайкхийна колонихь даккха


Бакъоларйархо Орлов Олег
Бакъоларйархо Орлов Олег

Бакъоларйаран "Мемориал" центран куьйгалхойх волчу Орлов Олегана колонихь даккха 2 шой 8 буттий хан тоьхна Москвара кхело, "армина йуха а дискредитаци йарна", хаамбира Маршо Радион оьрсийн сервисо, "Медиазона" гIирсана тIетевжина.

70 шо долу бакъоларйархо лецира цунна таIзар кхайкхийначул тIаьхьа, куьйгех гIоьмаш тоьхна дIавигина иза.

Головинскан кIоштан кхело йуха толлуш дара Орловн гIуллакх. Хьалхо бакъоларйархочунна 150 эзар соьмана гIуда туьйхира, Оьрсийчоьнан эскаран сий дайарна аьлла. Прокуратуро колонихь даккхийта кхо шо хан тоха бохура цунна. Бахьана делира Орловс тIамана дуьхьал "Царна фашизм оьшура. Царна и хилла-кх" цIе йолуш йазйинчу публикацих.

Прокуратуро чIагIдора оцу гIуллакхехь хьал талхон бахьана хиларх – "идеологин мостагIаллин а, цабезаман а мотив". Эххар а Москва гIалин кхело хьалхо бина сацам йуха а баьккхина, гIуллакх кхин цкъа а таллийта хьажийра. Чиллан-беттан 16-чохь йолайеллера и процесс.

Орловс дохку бехкаш тIе ца дуьту. Иштта цо дIахьедина, кхелан дийцаршкахь дакъалоцур дац ша, тIаьххьарчу дашца бен вистхир вац аьлла. "Новая газето" билгалдоккху, Орловс адвокаташна дихкина хилар шен агIор тоьшаллаш дан тешаш кхайкха а, уьш а арахьара агенташ бу аьлла, тIе ца эцийта. Юстицин министралло арахьара агент лерира Орлов чиллан-беттан 2-чохь.

  • 2016-чу шарахь ницкъахоша Дагестанехь вийначу ГасангусейновгIеран шина вешин гIуллакхехь теш санна къамел дира "Мемориалан" куйгаллехь волчу Орлов Олега гезгамашин-баттахь. Гасангусейнов Муртазалис дийцира, шен ши кIант вийначул тIаьхьа "Мемориал" хьалхара йара, шайна Дагестанехь гIо дийр ду аьллачех. Амма цаьргара гIо ца эцийтира цуьнга, "кхин адвокат йукъаIоьттинера", эхашарахь кIад а ца дира цо, мелхо а саботаж йора. Дагестанхо "Мемориале" ваьлча, гIуллакхан квалификаци хийцира.
  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "Дуьненайукъара Мемориал" дIайохош сацам бира, ткъа Москван кехло оцу тайпа сацам бира бакъоларйаран "Мемориалан" хьокъехь а.
  • Бакъоларйархой бехкебора арахьарчу агентех низам дохорна. Шена догIучунна, Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелориг политикан Iалашонашца а ду, цхьана догIуш а дац элира "Мемориало". Бакъоларйаран "Поддержка политзаключенных. Мемориал" бакъоларйаран проект санна болх беш схьайогIу "Мемориалан" команда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG