ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъойоцу жоп ло Нохчийчуьра прокуратуро ницкъахоша лачкъийначу Сулейманова Седех лаьцна


Сулейманва Седа
Сулейманва Седа

Ши эзар сов стага Коьрта прокуратуре кехаташ дахьийтина, Санкт-Петербургехь нохчийн полисхоша лачкъийначул тIаьхьа тIепаза йайна Сулейманова Седа йийна хила тарлуш хилар талла аьлла, тIедожош. Цхьаболчарна жоьпаш даьхкина Нохчийчуьра прокуратурера хаамбан дуьхьало йеш – кризисан "СК SOS" тобанан бакъонашларйархоша билгалдоккху, и дан церан бакъо цахилар.

Сулейманова къайлайаккхар таллар тIедожийра, доккхачу декъана президентехула адамийн бакъонаш Iалашйечу Кхеташонан декъашхочо Меркачева Евас а, Санкт-Петербургера низамаш дохучу гуламан депутато Вишневский Бориса а, хаамбина "СК SOS" тобано.

Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратуре бевллачу цхьаболчарна жоьпаш даьхкина Нохчийчуьра прокуратурера. Урхалло йаздо, хьалххе бинчу талламах зераш даржон йиш йац, хIунда аьлча, дехар дийраш Сулейманован векалш, йа процессан декъашхой а бац аьлла. Делахь а низамашкахь Iуналлин урхалла декхаре йу зулам дина хиларх бина хаам листа а, догIуш долу жоп дала а.

"СК SOS" тобано терго тIеузу хьалххе талламбар хьахорна, хIунда аьлча, бакъоларйаран органаша йоI лоьхуш хиларх цхьана а кепара бина хаамаш бац аьлла.

Сулейманова Седех информаци кхачор тIедожийначу кхечаьрга хаам кхаьчна, церан дехарш талламан комитете хьовсийна шаьш аьлла. Ишта делахь, талламан комитетан низамехь кхин а 30 де ду жоп кечдан.

Шайн дехарна цхьана а кепара реакци цайар бакъоларйархоша хIинццалц схьа цкъа а хилла доцург ду бохура шайн балха тIехь. Сулейманова лачкъор таллийта лерина бу "СК SOS" тобанан бакъоларйархой.

  • 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа цуьнан гергарчийн дIахьедарца нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь стохка марсхьокху-баттахь лачкъийра. Даим лелочу кепах пайдаийцира йоьIан доьзало: цара бехкейира иза къола дарна, "низамашкахь" иза дIайигинера хеттарш дан.
  • Гезгамашин-баттахь нохчийн омбудсменан Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца цхьанакхетар хилар гойтуш. Амма цу тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна цунах лаьцна хаам хилла бац.
  • Седин везаро Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, ша йоьIан гергарчаьрца цхьанакхета кийча а ву, иза шега маре йаийта аьлла дехар дан, и хаттар машарца дерзон лууш ву ша аьлла, дIахьедира цо. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь цо дийцира, цIера йеддачу йоIаца шен гергарло тасадаларх, дин тIеэца шена лаарх а, ша шена ша бехкехетарх а.
  • Санкт-Петербургера прокуратурехь дIахьедира, йоI шен лаамехь Соьлжа-ГIала йухайахнера шега хеттарш дайта, цул тIаьхьа шен лаамехь цIахь Iийна иза аьлла. Прокуратурин белхахоша шайн жоьпехь хьахийна бац Нохчийчуьра полисхой, йоI лацар а санна. Урхалло тIечIагIдина, Сулеймановас къола дина бохург а бакъ ца карийна, оцу буха тIехь хеттарш дан йигинера иза. Оцу йукъанна талламо гайтина боху, "бертаза дIайигина, лаьцна, тIекхайкхина" цхьана а кепара барамаш цуьнца лелийна цахилар.
  • "СК SOS" тобанан белхахошка информаци кхаьчнера Нохчийчуьра вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера чиллан-беттан йуьххьехь, Сулейманова йийна хила тарло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG