Депортаци йина 80 шо кхочуш ГIалгIайчуьра къаной бистхилла балкхаройн халкъан дог оьцуш. Сталинан репрессеш "цIийчу йуьзначу машенан инзаре акт" ду аьлла. Бинчу кхайкхаман видео зорбане йаьккхина The Magas Time сайто инстаграмехь.
"ЦIийша йуьзна Сталинан машено а, зуламечу цуьнан цIубарша а халкъаш мостагIий бу аьлла дIакхайкхийнера, шайн даймахкара Казахстане а, гIиргIазойчу а дIахьийсийнера уьш. Уггар а сийдоцчу кепара депортаци йинера 37 эзар стагана. Царлахь дукхахберш – къаной, зударий, бераш", - аьлла ду мел кIезиг а 50 стага бинчу кхайкхамехь.
Къаноша дагадаийтира, ши кIира хьалха эзар нохчий а, гIалгIай а Йуккъерчу Ази а, Казахстане а лехкина хилар. Репрессеш лайначийн тIаьхьенца цхьаьна дIахIиттина ламазаш дира цара депортацихь хIаллакхиллачарна тIера.
1944-чу шеран зазадокху-беттан 8-чохь халкъан комиссаран Берия Лаврентийн омраца Йуккъерчу Ази дIахьажийра 37 эзар балкхарцаш, дуьненан ШолгIа тIом боьдучу хенахь нацистийн Германин агIор хилла бу аьлла. Официалан хаамашца, 1944-чу шеран охан-беттан 1-чу дийнера 1946-чу шеран гезгамашин-батте кхачалц Казахстанехь а, ГIиргIазойчлхь а мацаллина, шелонна, цамгарех белла 4 849 балкъарцаш - дIакхалхийначех хIора бархIолгIа стаг.
Балкхарцашна бакъо йелира даймахка йухаберза 13 шо даьллачул тIаьхьа. И де – зазадокху-беттан 28-гIа – билгалдоккху ГIебарта-Балкхаройчохь балкхаройн къам йухадендаларан де санна. Кхин а 30 шо даьлча репрессеш йинчарна реабилитаци йеш низамаш тIеийцира.
- ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочо Келеметов Олега тIедожийра Талламан комитетана, къоман билгалонашца Советан Iедалхоша къоман билгалонашца нах бертаза махках бохуш бинчу сацамийн талламбе аьлла. Цо билгалдаьккхира, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, кхарачошна, балкхарцашна, ГIирмин гIезалошна депортаци йарца Советан Конституци а, Зуламан кодекс а йохийна хилар.
- 80 шо хьалха ахмиллион гергга нохчий а, гIалгIай а нацистийн Германица йукъарлонаш хиларх цхьа а тоьшалла а доцуш бехкебина, Йуккъерчу Ази дIабахийтира бежнаш лелочу цIерпоштан вагонаш чохь. Иттаннашкахь эзарнаш нах хIаллакхилла цигахь. Кавказ.Реалиин "Махкахбаьхнарш: нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йар" подкастехь дуьйцу оцу халкъийн дахарехь хIетахьлерачу баланан заманех, цигахь байинчех, шайн дайн лазам тахана а шайца схьабохьучарех а.
- 1943-чу шарахь 70 гергга кхарачо Казахстане а, ГIиргIазойчу а хьажийра – царех ах аьлча санна кхелхира некъахь а, махкахь баьхначу хьалхарчу шерашкахь а. Хьалхо Кавказ.Реалии сайто хеттарш дира Кхарачой-Чергазийчуьра эксперташка а, бахархошка а, депортаци лайначарна реабилитаци йар пайден хIунда ца хета царна аьлла.
- 1943-чу шеран гIуран-беттан 28-чохь Советан Iедалан омраца бIеннашкахь эзарнаш ГIалмакхойчоьнан бахархой бежнаш дIасалелочу вагонаш тIе а боьттина, генарчу шийлачу Сибрех дIабахийтира. Картанаш тIера дIайайира ГIалмакхойн АССР, ткъа цуьнан дозанаш дIасадийкъира шина кIоште.