ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бардан Муцураев Тимуран иллина тIехула гIуда хьарчийна Нохчийчуьра вахархочух


Муцураев Тимур, архивера сурт
Муцураев Тимур, архивера сурт

Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело бехкевина меттигера Джамбетов фамили йолу вахархо экстремистийн материалаш зорбане йахарна – Ичкерин бардан Муцураев Тимуран "12 эзар муджахIид" цIе йолу илли зорбане даькхинера цо. Кхело мел а кIеда таIзар дина цунна эзар сом гIуда тохарца.

Протоколехь билгалдаккхарца, 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Джамбетовс ватсапера тобанехь даржийра илли. Калининградан кIоштан Гусевн кхело 2017-чу шарахь экстремистинй илли лерира и шен сацамца, 4594 номерца юстицин министралло экстремистийн материалийн тептаре йазйина.

Кхелехь административан жоьпалла тIедожийнарг къера хилира.

Оцу бехко гIуда тIедожадо цхьана эзарна тIера кхаа эзар соьме кхаччалц, йа чохь даккха пхийтта дей-буьйсий туху. Соьлжа-ГIалара Висаитовн кхело мел а лахара таIзар дина цунна.

"12 эзар муджахIид" ("ТаьIна цIен хуьлу малх чубузуш") иллехь дуьйцу 12 эзар исламан тIемалочо схьайоккхур йу Иерусалим бохуш.

Оьрсийчохь дерриг а Муцураевн дихкина 30 илли. Сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, "къаьмнашна йукъахь барт эгIабо цара, сепаратизмана а, терроризмана а пропаганда йо". Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь кест-кеста кхелаш йо социалан машанашка йазбеллачарна, иштта Нохчийчохь а.

  • Муцураев Тимуран "Иерусалим", "Уьш дIабахна" иллешца яьхна видеоклипаш социалан машане хIитторна меттигера йахархо Эскиева Хьалимат бехкейинера Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржийна аьлла.
  • Нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Доьхкина джихIадан тIемаш" илли бахьана долуш Теркайистан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржорна бехке лерира меттигера вахархо. "Одноклассники" сайтехь пост йарна цхьа эзар сом гIуда тIедожийра Атуев Висханна. Пост ФСБ-н белхахошна карийнера.
  • Ставрополь -махкарчу Трутновскан кIоштара Деряженцева Викторияна административан протокол хIоттийра полицино, экстремистийн материалаш йаржийна аьлла бехкейина - Муцураев Тимуран "Гелагаевн спецназ", "ШахIидаш" иллешна тIехь йаьхна клипаш йаржийнера цо.
  • Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, эзар сом гIуда хьарчийра цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG