Ичкерин бардан Муцураев Тимуран илли социалан машане хIотторна Нохчийчуьра Шуьйтан кIоштан кхело меттигера вахархо Джабраилов Тамерлан бехке лаьрра экстремистийн материалаш йаржорна.
Джабраиловс шен "ВКонтакте" машане хIоттийнера "Къаьмнийн набахти, чалтач-импери" аьллачу дешнашца дIадолало "Чеченский Карфаген" цIе йолу илли, билгалдаьккхина ду кхелан сацамехь. Илли экстремистийн лерина ду Кемеровон махкара Юргинскийн кхелан сацамца 2010-чу шеран охан-баттахь: "ямарт кхозлагIа Рим" йустуш йу цигахь "Кавказан къарцалучу Карфагенца".
Кхелехь Джабраилов Тамерлана бехк тIелаьцна шена, мукIарло дира кхин ишта хIуманаш зорбане ца йаха. Кхелан гуламехь дакъалаьцначу прокуратуро цунна гIуда тохар дийхира – кхело лаххара гIуда хIоттийра цунна - эзар соьман барамехь.
Муцураевн иллеш "экстремистийн" леринчу итт матераила йукъахь ду, уьш даржорна Оьрсийчоьнан бахархой дукхачу хьолехь административан жоьпалле ийзабира 2011 – 2022 шерашкахь. Оьрсийчохь дихкина ду Ичкерин бардан 30 герга илли. Кхелан сацамашкахь билгалдаьхна ду, цара "къаьмнашна йуккъехь цабезам а, терроризм а, сепаратизм а йаржайо" аьлла. Муцураевн иллешка ладогIарна социалан машанаш лелочарна сих-сиха кхелаш йо, шайлахь Нохчийчоьнан бахархой а болуш.
- Тоххара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира Муцураев Тимуран иллеш ша тIе муха оьцу а, Ичкерин иллиалархочо ша иллеш алар сацон дагахь ву аьлча, шен "дог дохарх" а. Кадыровс тIеозийна нохчийн "Ахмат" клубан латархо Чимаев Хьамзат а хаавелира Муцураевн иллешка ладоьгIуш.
- Нохчийчуьра вахархочунна Экиев Олхазарна эзар соьмана гIуда тоьхна Ичкерин заманара бардан Муцураев Тимуран илли бахьана долуш. Нажийн-Йуьртан кIоштан кхело бехке лаьрра Экиев экстремистийн материлаш йаржорна.
- Ичкерин бардан Муцураев Тимуран экстремизме иллеш даржорна бехке лаьрра Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело меттигера вахархо Умалатов Хьусейн. Оьрсийчохь магийна доцу илли зорбане даккхарна цунна лаххара гIуда тоьхна – эзар сом.
- Шуьйтан кIоштан кхело Нохчийчохь бехке лаьрра меттигера бахархой Пайхаев Илес а, Юсупов Беслан а экстремистийн материалаш йаржорна, цара Ичкерин иллиалархочун Муцураев Тимуран илли социалан машанашкахь даржорна.