ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаев Шемалан сурт долу гайтам дӀакъевлина Абхазин пачхьалкхан музейно


Басаев Шемал
Басаев Шемал

Ша республика йу аьлла дIакхайкхийначу Абхазин пачхьалкхан музейно Ичкерин буьйранчан Басаев Шемалан "Абхазин Турпалхо" аьлла сурт долу дакъа дIакъевлина, хаам бо РБК-но. Журналистан хаамашца, ишта сацам кхочуш бина Сухумера Оьрсийчоьнан векалтан белхахоша кхайкхам бинчул тIаьхьа.

Музейхь Басаев Шемалан сурт хIоттийна хиларах хьалхо хаам бира Hard Blog телеграм-канало. Цуьнан долахочо дагадаийтира, Абхазера Пачхьалкхан музей Оьрсийчоьнан ахчанах меттахIоттийна хиларх, цунах лаьцна йаздина ду гIишлонна тIе тоьхначу у тIехь а.

1992-чу шарахь Басаев Шемал Абхазин агIонехь Гуьржийчоьнан эскаран дуьхьал тIом бина ву, цхьаьна йукъахь къобалйазчу республикан тIеман министраллин гIовс а лаьттина иза, "Абхазин Турпалхо" цIе а йелла цунна. Ичкерин буьйранчас Оьрсийчохь цхьа моггIа теракташ йира, шайлахь Буденовскехь а, Москвахь а, Бесланехь закъалтхой лецар долуш.

Музейн администрацехь дIахьедира, Басаевн сурт экспозицин йукъахь ду 2012-чу шарахь дуьйна, кхело сацам а бина, "Абхазин Турпалхо" цIе дIайаьккхича бен музейно сурт дIадоккхур дац аьлла, хаам бо РИА "Новости" пачхьалкхан агенталло.

  • 1993-чу шеран гурахь дӀадирзира гуьржийн-абхазхойн конфликтан уггаре а цӀий Ӏенош долу дакъа – сепаратистийн аьтто белира Абхазин йерриг аьлча санна территори тӀехь Ӏуналла дан, ткъа цигахь бехачу гуьржийн доьзалш дӀабаха дийзира. Цул цхьа шо хьалха ишттаниг хилира Къилба ХӀирийчохь а. 2008-чу шарахь марсхьокху-баттахь пхеа дийнахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а йукъахь тӀом хиллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьно къобалдира Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьна а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар. Дуьненаюкъаралло уьш Гуьржийчоьнан дакъа лору. Гуьржийн йукъараллехь и ший а шаьш-шайх республика аьлла, кхайкхийна йолу пачхьалкхаш оккупацехь лоруш йу оцу массо а шерашкахь.
  • Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев а, Донашев а лецира 2018-чу шарахь лахьан-баттахь. Стохка гIуран-беттан 11-хь хиллачу кхелан кхеташонехь Оьрсийчоьнан хиллачу кхаа эскархочо дийцира 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хиллачу тIамехь шаьш дакъалацарх. Амма цара даре ца дира Дудиев а, Донашев а Басаев Шемилан тIемалой бу бохург. Цу шинна билла цхьа а бехк бац шайн элира цара.
  • Официалан верица, 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимачу тобано тIом бинера шайл а дикка алсам болчу тIемалойн ницкъашца. Йерриг аьлча санна, хӀаллакйира и тоба. Эскархой байаран бахьана хиллера шайчара тIейеттар, аьлла хета бакъонашларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн тобанан буьйранчалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG