ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тIемало хилларг лаьцна шаьш Дагестанехь аьлла дIахьедина къайлахчу сервисаша


Къайлахчу сервисийн белхахоша лоцуш ву терроризмана бехке хетарг/ Гайтаман сурт
Къайлахчу сервисийн белхахоша лоцуш ву терроризмана бехке хетарг/ Гайтаман сурт

Республикана Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхоша динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву аьлла Дагестанан вахархо Магомедов ИбрахIим лаьцна. Цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло къайлахчу сервисийн йукъараллин зIенашкахула йолчу Центрана тIетевжина.

Талламан версица, гIаттамхойн тобанца хиллачу Магомедовс дакъалаьцна 1999-чу шарахь Новолакскан кIоштана динчу тIелатарехь. Иза бехкево герзашца бунт гIатторна а, зуламхошлахь дакъалацарна а, бакъоларйаран органийн белхахочунна тIелатарна а.

Магомедов лаьцна. Лоьхуш бу, жоьпаллех бевлла хилла "мацахлерачу" зуламийн бисина декъашхой а, билгалдоккху къайлахчу сервисаша.

Кавказ.Реалии сайтан комментарий йац лаьцначун агIор болчу векалшкара.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а гIаттамхой Дагестане чубахара Нохчийчоьнан дозана тIера, цигахь тIемаш бира цара 1999-чу шеран марсхьокху-беттан юьххьера гIадужу-беттан 15-чу дийне кхаччалц цкъа хьалха Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Официалан хаамашца, цигахь вийна 280, лазийна 800 сов Оьрсийчоьнан эскархой, полисхой, иштта могIарера нах а. И хиламаш цхьахдолчу коьртачу бахьанех хилира Нохчийчохь ШолгIа тIом боло, цуьнан гурашкахь Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу далийра 1999-чу шеран гIадужу-беттан 30-чохь.
  • 2019-чу шарахь дагестанхойн Ботлих эвлара бахархоша, 1999-чу шарахь Басаевн тобанна дуьхьалбевллачу, латкъамбира президенте Путин Владимире тIемашкахь дакъалаьцна ду аьлла, шайн статус цахиларна. ТIаьхьо и хаттар айдира, Путин гезгамашин-баттахь Ботлихе веача. Федерацин Кхеташоно цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа къобалдира пачхьалкхан думехь тIеэцна тIамехь дакъа лаьцначу ополченцашна статус лун низам. Цо хIора баттахь ахча а кхачадо, ЖКХ-н цхьацца долчу хьаштех мах лахбо, тIамехь дакъалаьцна заьIапхо ву олий, статус ло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG