ТIекхочийла долу линкаш

 
Басаевн тобанца хилла ву аьлла диъ шо хан тоьхна Дагестанера вахархочунна
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанца хилла ву аьлла диъ шо хан тоьхна Дагестанера вахархочунна


Нохчийн тIеман командир Басаев Шемал (юккъерниг) Ботлихехь позицешкахь ву, 1999 шо, марсхьокху-беттан 11-гIа де
Нохчийн тIеман командир Басаев Шемал (юккъерниг) Ботлихехь позицешкахь ву, 1999 шо, марсхьокху-беттан 11-гIа де

Дагестанан вахархочунна Шамбилов Ренатана диъ шой, ворхI буттий хан кхайкхийна колонихь йаккха 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатарна. Оцу кепара сацам бовзийтина Хасав-Юртан кIоштан кхело.

Талламан версица, тIеман буьйранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь хилла ву Шамбилов, цо дакъалаьцна Дагестанера Ботлихан кIоштахь оьрсийн салтишна тIелеташ. Бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна кIело йарна кхело бехк тIехь битина цунна, хаамбо "Интерфакс-Юг" агенталло Ставрополан кIоштахула йолчу ФСБ-н сервисан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Зорбане билгалдаьккхина, 1999-чу шарахь Шамбилов 18 шо кхачанза хиларна "таIзар кIеда дитина" аьлла.

Басаев Шемалан а, Хаттабан а гIаттамхой Дагестане чубахара Нохчийчоьнан дозана тIера, цигахь тIемаш бира цара 1999-чу шеран марсхьокху-беттан юьххьера гIадужу-беттан 15-чу дийне кхаччалц цкъа хьалха Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Официалан хаамашца, цигахь вийна 280, лазийна 800 сов Оьрсийчоьнан эскархой, полисхой, иштта могIарера нах а. И хиламаш цхьахдолчу коьртачу бахьанех хилира Нохчийчохь ШолгIа тIом боло, цуьнан гурашкахь Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу далийра 1999-чу шеран гIадужу-беттан 30-чохь.

  • ГIадужу-баттахь Ставрополан кIоштан Нефтекумскехь а, Томскехь а ши стаг лецира, Басаевн а, Хаттабан а тобанашца хилла ву аьлла. Къайлахчу сервисаша йовзийтина цу шинна цIераш: Бегельдиев Т.Х,, Елманбетов А.С.
  • Кхин а шиъ Басаевн а, Хаттабан а тобанера ву аьлла, стохка гIуран-баттахь лецира. Ставрополан кIоштара ши вахархо вара и шиъ – Бакиев Каирбек а, Канмурзаев Ильхан а.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG