ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БатIалхьажойн тоба ю Нохчийчохь тIамна кечамбеш - зорбанан гIирсаш


"Спецназан университетан" Гуьмсера гIишло, 2018 шо
"Спецназан университетан" Гуьмсера гIишло, 2018 шо

Нохчийчуьра Гуьмсе гIаларчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" базехь Iаморашкахь ю 31 декъашхочух лаьтта гIалгIайн батIалхьажойн динан вежараллин тоба. Цуьнан коьртехь ву, вен Iалашонца стагана кIело йина федералан лехамашкахь хилла Аушев Абубакар – цунах лаьцна хаамбина Старополан Newstracker гIирсо.

БатIалхьажой кечбеш хиларх социалан машанашкахь яржийна видеоролик ю информаци кхачийнарг. Цу тIехь тIеман барзакъца болу нах плац тIехула буьйлабелла лела, кадыровхошлахь олуш долу "АллахIу Акбар – Ахмат сила" а хеза, видео дIайазйечу стага боху: "ГIалгIайчуьра вайн вежарий схьагулбелла, массо а дог дуьзна ву, тIамтIе гIерта".

Newstracker ресурсо зорбане даьккхина оцу отрядан шеврон ю аьлла "Отряд БОБР Ахмат", "Маршо йа ялсамане" тIеязйина сурт. ГIирсо чIагIдо, БРБР аббревиатура "Баталхаджинский отряд быстрого реагирования" бохург ду.

Ницкъаллин структурашкара шайн хьастанна тIетевжина Newstracker гIирсо хаамбо, оцу ю бохучу тобанан командир Аушев Абубакар ву. Бакъо йоцуш герз лелорна а, стаг вен тIелатарна а бехкевина, федералан лехамашка веллера иза. Иштта лехамашкахь бу оцу тобанера цхьаболу эскархой а. Телеграм-каналан хаамашца, хетарехь ГIалгIайчуьра ницкъаллин структурашца воьзначу Аушевс 2020-чу шарахь аьтто боцу тIелатар динера батIалхьажошна лийначу имаман вешина

БатIалхьажойн отрядан декъашхой бу бохучийн тептарехь ву иштта Белхороев Ахьмад а. Хила тарло вуьйцург, Кадыров Рамзана батIалхьажошка гIо дохуш, лахьан-беттан 2-чохь телеграм-канале хIоттийначу видео тIехь цуьнца цхьаьна хилларг. Кадыровс вовзийтира Белхороев Ахьмад полицин подполковник ву, Нохчийчохь болх беш, шен доьзалца цхьаьна вехаш ву аьлла.

Newstracker ресурсо комментарий йийхира Нохчийчоьнан МВД-ра а, Оьрсийчоьнан тIеман министраллера а, "Оьрсийчоьнан спецназан университетера" а, амма жоп ца кхечира. ГIирсан "спецназан университетера" хьасто тIечIагIдира, ГIалгIайчуьра 30 хир волчу вахархочух лаьттачу командин Iамораш доьрзуш ду, оцу тобанан кхечу "лаамхошца" уьйраш яц аьлла. Стенга хьовсор бу уьш Iамораш дирзича, хууш дац.

  • Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. БелхороевгIеран доьзал бевзаш бу Нохчийчоьнан куьйгаллица доттагIаллин уьйраш хиларца. Кест-кеста меттиг нисло, оцу юкъараллица зIе хадон луучарна тIаьхьабуьйлуш – цхьаберш декхаре хуьлу махкара дIабаха, шайн бIанакъостий тIе ца кхачийта. ТIаьххьарчу кIиранашкахь кеп-кепарчу бехкашца батIалхьажойн лидершна тIаьхьабийлар жигара даьккхина бакъоларйаран органаша.
  • Лахьан-беттан 17-чохь батIалхьажойн цхьахволчу лидерна Белхороев Якъубана набахтехь даккха исс шо туьйхира: кхело бехкевина иза, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь бюджетан ахча цо дайарна а, бакъо йоцуш герз латторна а. Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шарахь батIалхьажойн вежараллин 12 декъашхочунна бехкаш дехкира террорран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а.
  • ГIадужу-баттахь ГIалгIайчуьра контролан-чоьтан палатин куьйгалхочунна Белхороев Мустафана бехкаш дехкира бакъо йоцуш герз лелорна. Цуьнан хIусамехь Макаровн тапча карийнера ницкъахошна. Цуьнан гергарчара чIагIдо, герз цунна тесна ду бохуш. Белхороевца цхьана лецира кхин а кхо стаг. Иштта талламаш бира ТунгуевгIеран доьзалехь. Ши ваша дIавигира полицин декъе цхьаъ суьйранна цIа ваийтира, ткъа вукхунна, Кавказ.Реалиина батIалхьажойн вежараллин декъашхочо Белхорев Iамирхана дийцарехь, ши тапча а, граната а теснера. Лецира иштта БелхороевгIеран цIийнах кхин а ши стаг.
  • 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь а, 2020-чу шеран товбецан-баттахь а Белхороев Мустафан хIусамех хьийсира. 2020-чу шарахь талламан барамаш цуьнан вешина, республикан Къоман гуламан депутатна Белхороев Якъубна дуьхьал дехкинчу бехкашца доьзна дара. 19 миллион сом дола даккхарна а, ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало яран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим вуьйш дакъа лацарна а шеконашка лаьцнера иза.
  • 2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.
  • "Единая Россия" партера республикан Къоман гуламан депутат хиллачу Белхороев Яхьян ваша ву Белхороев Мустафа. 20I9-чу шарахь шен тIедолу ахча хьулдарна бехкбиллира Белхороев Яхьяна, тIаккха ши шо даьлча депутатан мандатах ваьккхира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG