ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бацой – нахаш йа гуьржий? Жимачу халкъан къайле


Бацой. ХХ-чу бIешерийн йуьхь (википедия)
Бацой. ХХ-чу бIешерийн йуьхь (википедия)

Шаьш муьлш хета бацошна- къаьстина къам, йа нахийн тобанан, йа гуьржийн къоман дакъа? Оцу дозанаш тIехь даим а баьхна буй уьш? ХIорш а, кхиндолу хаттарш а дийцаредира "Кавказан хроника" подкаст дIахьочу Вачагаев Майрбека лингвистикан декъехь Iилманийн доктор волчу Вихерс-Схрер Йессеца.

Бацой – кIезиг къомах лаьтта тоба йу, царех ишта олу цова-тушинаш а. Гуьржийчуьра Ахметан кIоштахь бехаш бу уьш. Шайн буьйцучу маттаца нохчашна а, гIалгIашна а гергара бу уьш. Амма хIетте а церан мотт билагала бу къаьстина нахийн меттан доьзалан тоба санна. Тахана дукхахболу бацоша бацойн (цова-тушинийн) мотт а буьйцу, ишта гуьржиниг а буьйцу. ТIаьххьарниг литературин мотт санна а бу. Бацойн цIахь а, культурехь а дуккха а ду гуьржийн культурера хIуманаш, цаьрца дIаийна бацой, доккха дакъа дIалоцу кхузахь дино а: бацоша православин дин леладо, гуьржийн православин килсан мурдаш хуьлу уьш.

Вихерс-Схрëр Йессе – морфологин, гуьржийн а, ширачу желтойн а историкан лингвистикин хьехархо ву Нидерландашкарчу Лейден гIаларчу университетехь. Шен талламашкахь цо тидам сецабо Кавказан меттанаш тIехь, меттанийн контактан дакъаош тIехь, ареалан типологина а, рекоснтукцина а тIехь а. Картвелан матто цово-тушинийн маттана бен Iаткъам толлу цо шен диссертацихь.

Лараме Йессе, бацой хьуна интересе хилар стенца доьзна ду?

— Ас йуьхьанца гуьржийн мотт Ӏамийна Нидерландашкахь Лейденан университетехь. Эха шарна студенташ дIасахуьйцуш Гуьржийчу а вахна а, магистратуран диссертаци йазйан сайн аьтто баьлча, ас хаьржира мегрелхойн мотт. Германерчу Франкфуртерчу университетехь болх беш волуш ас сацам бира Земо-Алвани олучу юьртарчу бахархойн мотт караберзон, цигахь дIатарбелла беха цова-тушинаш. Суна иза чӀогӀа самукъане хетара, хӀунда аьлча, оцу маттахь къамел дийраш кIезиг хиларна. Цундела мехала дара оцу маттах лаьцна дийцар, аьтто балахь иза дIабан новкъабаьллачуьра кӀелхьарбоккхуш.

Йессе Вихерс-Схрер
Йессе Вихерс-Схрер

- Исторехь муьлхачу муьрера схьа дуьйна билгалдаккха деза цова-тушинаша шайн къам гуьржашца хилар?

— Цкъа хьалха къастон деза, къоман идентификалла бохург хIун ду. Цкъа делахь, къоман шайн идентификаци бохург хила тарло и. Цара шаьш шайх муха олу?

Ткъа и хӀинцале а дикка хала ду, хӀунда аьлча и фактор масех шардарца хила тарло. Масала, Малхбузерчу Гуьржийчоьнан мингрелаша (мегрелаш) шаьш лору мингрелаш а, гуьржий а. Ткъа и къаьмнийн чкъураш ул-уллохь даха тарло. Царна юкъахь цхьа а конфликт яц.

ШолгIа аьлча, хIаъ, мотт бу. Кхузахь а хIуммаъ атта дац, хIунда аьлча, дийнна тобанашкарчу наха масех меттанашкахь цхьатерра къамел дойла йу. Цова-тушинийн маттахь къамел деш белахь а, и бохург дац, уьш лаахь а, ца лаахь а, нахаш бохург. Гуьржийн мотт буьйцуш уьш белахь а, и бохург дац уьш гуьржех схьабевлла бу.

Цундела цо доккха дакъа лоцу, амма иза цхьаъ дац къаьмнийн башхаллаца дуьстича.

КхоалгӀа делахь, вайна хаьа, ДНК-талламаш буйла, уьш Кавказехь дукха хан йоццуш бен йукъадаьлла дац. Кхузахь кхин а хала ду къаьмнийн шатайпаналлица зӀе латто, хӀунда аьлча, «нах», «вайнах», «нохчо», я «гуьржи» эр долу ДНК-н молекула яц. Царна юкъахь дуьххьалдIа зӀе яц.

Ткъа доьалгӀа делахь, къаьмнийн башхалле хьаьжча, цигахь культура а йу. Тайп-тайпана культурин билгалонаш хила тарло. Масала, наха юург муха кечйо, хӀун сурсаташ леладо, уьш муьлхачу гӀишлош чохь бу, муьлхачу денош цара даздо, хӀун халкъан туьйранаш дуьйцу, кхин а дуккха а.

И йоллу йиъ аспект – ша шена идентификаци, мотт, ДНК, культура – уьш цхьаъ вукхуьнца хила тарло, йа тIаьхь-тIаьхьа цхьана хьолера вукху кхоле йерза тарло.

ХIара вуно чолхе хаттар ду, дагахь латто деза, ас уггар хьалха бийцинарг мотт хилар. Ткъа тӀаккха бен, шолгӀа делахь, ша-шена идентификаци йар. Шаьш шайна идентификаци йарх вайна хууш дерг ду, царна шаьш гуьржий хетар, цара буьйцург гуьржийн а, гуьржашца богIуш боцу мотт а бацар.

Ша шен идентификацих лаьцна вайна хууш ду, цара шаьш гуьржий лоруш хилар, цара гуьржийн мотт а, гуьржийн маттаца гергарло ца хила тарлуш болу мотт а буьйцуш хилар. Иза вайна баккъалла а хууш дерг ду.

Сайн диссертацехь со гӀерта цова-тушинийн уггар хьалхарчу хьостанашна тӀекхача, XIX бӀешо йуккъе даьлча, оцу жамӀе кхача, XIX бӀешарера схьа лоруш ду уьш. Ткъа ас хьесапаш до, XIX-чу бIешаре кхачале Тушетин лаьмнашкахь уьш баьхна хилар, церан маттана гуьржийн матто Iаткъма бина хилар, дешнашца бина ца Iаш, синтаксисца а, грамматикаца а. Цуьнан маьӀна ду, со кхетарехь, уьш хIетахь дуьйна а ши мотт буьйцуш бара, ткъа уьш хIетахь дуьйна а хилла гуьржийн идентификацина тIегIерташ. Ткъа аренашца дӀатарбаларца и тӀеӀаткъам кхин а чӀагӀбелира: дешар гуьржийн маттахь дара, царна гонаха гуьржий бара, церан дахаран кеп гуьржийнчул башха къаьсташ яцара.

— Цова-тушинашна шаьш муьлш хета – нахийн дуьненан, йа гуьржийн халкхан дакъа? Йа цхьа кхин вариант а йу?

Бацой
Бацой

— Къаьстина ду хадам боллуш, уьш гуьржий бу, шаьш гуьржий санна довзуьйту цара а. Зема-Алвани эвлахь ас къамел мел динчарна шаьш гуьржий лорура.

Тушинийн субэтнос йекъа мегар ду тайп-тайпанчу йиъ тобане: пирикити-тушинаш, чагма-тушинаш, гомецари-тушинаш, цова-тушинаш. Уьш йерриге а дикка тайп-тайпана тобанаш ю, ткъа цова-тушинаш царах цхьаъ йу. Ткъа царна гуьржийн мотт ца хууш хилар, кхеташ ма-хиллара, маьӀне а, мехала а ду царна, амма и бахьана дац уьш къаьмнийн агӀор бисинчу тушех къаьсташ лара. Ткъа и хӀума царна мехала ду, хӀунда аьлча, цара шаьш дуьхьал хIиттон беза шайна юххехь бехачу нохчашца, кисташца. Бакъдерг ду, цхьаболчу гуьржаша цова-тушинаш буьйцучу хенахь, наггахь Панкисера нохчашца йа цу кӀоштарчу кхечу тобанашца уьш тарло, амма чӀогӀа мехала ду цова-тушинашна шаьш гуьржий бен ца ларар. Цундела, цара буьйцург шайн мотт белахь а, цара даим а билгалдоккху, шаьш гуьржий ду бохуш. Иза кхетам боллу церан шайн харжам бу, и кхечара лара а лаьа царна.

Нохчаша а, гIалгIаша а кест-кеста олу бацой (цова-тушинаш) шайх бу. Ишта хаттар хIоттор а нийса дуй?

— Цова-тушинаш бехачу Зема-Алванихь со волуш, ма-дарра аьлча, йа ПIаьнказан чIожера, йа Нохчийчуьра нохчий богIура цига кест-кеста, цаьрца йукъарло дIатаса. Шайн цхьахдолу тайп долуш санна тIеоьцура уьш нохчаша, шайчух тера мотт цара бийцара аьлла. Цундела, кхеташ ду цова-тушинашна а, нохчашна а йукъара уьйр мотт тера хиларца дуйла.

Амма цова-тушинаш чӀогӀа резабоцуш боьлху цаьрца зIене, хӀунда аьлча, цара шаьш гуьржий лору. Дуккха а бӀешерашкахь гуьржийн халкъан дӀакъасто йиш йоцу дакъа хилла царех. Цара дозалла до, шайн мотт чӀогӀа лоруш бу цара. Амма мотт цара буьйцуш хиларо цхьаболчарна иллюзи кхуллу, уьш гуьржий бац бохуш. Царах дукхахберш шайн доьзалан дахарера мотт дӀабаларна дог доьхна хиллехь а, дукхахберш шайн бераша цова-тушинийн мотт бийца лууш бара. Амма, со кхетарехь, мотт барца царна цхьа дика хIума а ду: буьззина гуьржийн дуьненан дакъа санна уьш тӀеэцар.

Муьлхха а нохчашца гергарло хиларх лаьцна къамел даро дискриминаци йо, царна хетарехь, цIена гуьржий бац бохучу нахана. Цундела ас эр дара, царна тӀехь гонахара бен культурин тӀеӀаткъам боккха бу. Цундела ду, ур-атталла, меттан зӀе йелахь а, къаьмнийн зӀенан агӀор хьаьжча, нохчашца оьзда дистанци латтош хилар цова-тушинаша.

Ахьа аренца талламаш бина цова-тушинаш цхьаний дIатарбелла бехачу Кахетихь. Доьзалехь цова-тушинийн мотт лелош барий цара, йа беккъа цхьа гуьржийн мотт буьйцу?

– Халахеташ делахь а, ас сайн накъостаца Орбетишвили Резоца цхьаьна Земо-Алвани юьртахь аренан талламаш бечу хенахь, шаьш цова-тушинаш лоручу боллу эваларчу бахархошка нахе хеттарш дира. 700 стаг вар-кх уьш, ледара цова-тушинийн мотт буьйцурш. Жимма кхетара уьш, амма цхьа паргIат ца хетара царна шаьш оцу маттаца. Ткъа 300 стага хьалха а санна хецна буьйцу цова-тушинийн мотт. Оцу 300 стагана йукъара дукхахберш 60 шарел тIех бевлла нах бара.

Иза дац 40 шо кхачанза волчу стага шен ненан мотт буьйцуш бац бохург. Цхьаберш иза юха Ӏамо чIогIа лууш бу, ткъа кегийчу берашна лерина цова-тушинийн мотт Iамо урокаш юкъаяло гӀерташ бу, ткъа иштта цхьаболу кхиазхой а бу жим-жима Ӏамош. Амма цкъачунна хууш дац хенан йохалла шерра мотт буьйцуш нах царех хир буй.

Хьесапехь ас эр дара, 40 шо кхачанза мел верг дукха хьолахь хIусамехь гуьржийн мотт буьйцуш бу. Иза кхето йиш ю, цова-тушхойн кхечу гуьржашца, шайн мотт ца хуучу Кахетера, Тушетера гуьржашца дуккха а ийна захалонаш хиларца. Дукха ийна захалонаш ду, цхьана дас-нанас цова-тушин мотт буьйцуш, вукхо гуьржийн мотт буьйцуш хилча, оцу беран мотт гуьржийниг хуьлу.

Youtube-каналехь цхьа дика документалан фильм ю, йеха йац и, хаза яьккхина йу, и мотт юха Ӏамо гӀертачу кегийчу кхиазхоша хьоьгучу къинхьегамах лаьцна, уьш чӀогӀа тасабелла бу, цуьнга хьожуш а там хьулу.

Земо-Алвани эвла
Земо-Алвани эвла

- Цова-тушинийн картвелизацин процесс муха дIайахара, йа олийла ду нахийн меттанаша Iаткъам бина?

- ХӀаъ, оцу регионашна йукъахь цхьа тера хилар ду. Дуккхаъчу хIуманашкахула вайна хууш ду, масала, Хевсуретехь, Пшавихь, Тушетихь дуккха а бIаьвнаш йу. вайна дуккха а хӀуманех хаьа, масала, Хевсуретехь а, Пшавихь а, Тушетехь а дуккха а бӀовнаш хиларх, вайна хаьа оцу кӀошташкахь нахах (нахийн) тера меттигийн цӀераш дуккха а хилар. Уьш билггал хӀун маьӀна долуш ду даима а ца хаьа вайна, амма нах (нахские)-меттанех чӀогӀа тера ду уьш. Йу цигахь Ома-ло, Дарт-ло. Ткъа и "ло" суффикс шера нахийн хилар гуш ду.

Цхьа хӀума хуьлуш долчу меттиган цIе тиллина хуьлу. Цундела вайна хаьа, хьалхарчу муьрехь, шеко йоццуш, юккъерчу бӀешерашкахь и меттигаш нахийн хилла хилар. Ала дашна, ас билгалдаккха деза, и бохург дац нохчийн, гӀалгӀайн, йа цхьа кхин мотт бу бохург. И терминаш тӀаьхьо гучуйевлла, амма билггал цхьа адамаш хилла цигахь нахийн цхьа мотт буьйцуш, амма вайна гуттар а хуийла дац, и муьлха мотт хилла. Хила тарло, цова-тушинаш цигахь баьхначу нахах дисина дакъа хила.

Амма кхин цхьа маьӀна а ду. Историкан литературехь а го вайна тоьшаллаш, цова-тушинаш кхечу кӀоштара Цоватан тогӀе дӀакхелхина хиларан, тӀаьхьо шайн дай баьхна хIусам карийначу тогӀе.

Ткъа цуьнгахьа аргумент ю, хьалха заманахь цова-тушинаша шайна тиллина цӀе: Вабби, Фаьппи. Ткъа иза доьзна хилла, хӀинцалерачу ГӀалгӀайчоьнан дозанехь хила тарлуш йолчу кӀоштан Вабу я Фаббо цIерашца.

Тоьшаллаш ду уьш оцу кӀоштара Цоват тогӀе дӀакхелхина хиларан. Уьш гергара хила тарло гӀалгӀайн литературехь Фаьппи олучуьнца, иза гӀалгӀайн цӀе ю. Иштта таро а ю, амма иза дац оцу миграцин муьрехь уьш буьззинчу барамехь гуьржийн хиллачу территори тӀе баьхкина бохург. ХӀинцале а нахийн-мотт буьйцуш хиллачу кӀошта кхаьчна хила а тарло уьш. Цуьнан лаьцна а масех вариант ю.

Цундела и ши маьӀна - йа и миграци йу, я грузинизаци хиллачул тIаьхьа нахийн матта йисинарг хила тарло -вовшашца догӀуш хила а тарло. Уьш вовшашца йоьзна ца хила а тарло.

ТIаьхьо Кахети дехьабевлла хилла оцу регионехь даим баьхна бахархой буй цова-тушинаш?

— ХIаъ, хIара хаттар интересе ду. Уггар а хьалха, цкъа мацах дуьйна баьхна буй боху хаттар, чIогIа чолхе ду Кавказехь.

"Мацахь дуьйна баьхна" боху термин ас колонизацица йоьзна бен лелош йац. Иза ду, масала, Европан пачхьалкхаша Ӏамеркан колонизаци яр. Цу контекстехь вайна кӀезиг йа мел а дукха дика къастало европахой а, тоххара дуьйна бехаш бара ала тарлун цигахь беха нах а. Изза ду Оьрсийчоьнан экспансица дерг а. Вайн йиш ю, колонин империна а, царна хьалха цигахь хиллачу халкъана а, меттигерачу бахархошна а юкъахь къастам бан.

Ткъа Кавказехь, тайп-тайпанчу къаьмнашна юкъахь, ас ца лелайо "хьалха дуьйна баьхнарш" боху термин, хӀунда аьлча, вайна хууш ду, исторехь дуккха а дIасалеларш хилла хилар а, дуккха а нах ийна хилар а. Ткъа вукхунал муьлха тоба хьалха ю къасто чӀогӀа хала ду. Цундела ас и термин ца лелайо, масала, гуьржий, нохчий, дагестанхой вовшашца бустуш. Уьш берриш а цхьатерра дукха хенахь дуьйна цигахь беха нах бу.

Амма тӀаьхьарчу хенахь хиллачу миграцех лаьцна дуьйцийла йу вайн, йуй? ТӀаккха, вайна хаьа, XIX бӀешо долалуш миграци хилла хилар, уггар хьалха, Тушетера Кахете, нийса дуй? Аьлча а, лаьмнашкахь йолчу гуьржийн къилба-малхбалехьа йолчу Тушети тӀера аренга кхаччалц, Кахетин тогӀе кхаччалц. Цундела хӀара вайна евзаш йолчу миграцех цхьаъ йу.

Иштта, сан компетенци йукъа йогIуш йоцчу кистойн миграцих лаьцна а хууш ду вайна жимма. Амма вайна хууш ду XIX бӀешеран юьххьехь Нохчийчуьра ПIанказан тогӀе дӀакхалхар хилла хилар. Ткъа цул тӀаьхьа, 1990-чу шерашкахь, нохчийн тӀемаш боьлхучу хенахь, юха а Нохчийчуьра ПIаьнказан чIоже кхаччалц. Иштта вайна хаьа, массо а къаьмнаш, массо а адамийн тобанаш даима а ийна хилар. Цхьа а ийна йоцу халкъан тоба яц цигахь. Цундела иза кхин цхьа хӀума ду дагахь латто дезаш.

Земо-Алвани эвла генара
Земо-Алвани эвла генара

— Хьан диссертацехь керланиг хӀун ду?

— Уггар хьалха меттан контакт луьстуш вара со лингвистин агӀор. Кхеташ ду, оцу дийцарехь мехала ю къаьмнийн башхаллех лаьцна культурин теманаш. Амма ас дина коьрта жамӀаш меттан Ӏилманах а, меттан контактех а, меттан контактан механикех а хьакхалуш ду: ма-дарра аьлча, цхьана матто кхечунна тӀеӀаткъам муха бо бохург. Ткъа цуьнан дуьхьа со хьаьжира цова-тушинийн халкъ кхиаран тайп-тайпанчу муьрашка. Цундела, вайгахь ду XIX бӀешеран юьххьехь яздина цова-тушин маттах лаьцна хьостанаш.

Тхоьгахь ю Цискарашвили Иов цӀе йолчу мозгIаро, йа Цискаров Иов олцу цунах, йазйина грамматика. Цова-тушинийн мотт буьйцуш хилла цо, дешнийн тептар а, грамматика а хIоттийна хилла цо. Цо иштта гочдина Керла Завет гуьржийн маттара, йа хила тарло и оьрсийн маттара цова-тушинийн матте дерзийна.

Дукха хьалхалера немцойн грамматика ю вайгахь, аьлча а, немцойн маттахь язйина йолу цова-тушийн грамматика. Цул тӀаьхьа ХХ бӀешеран юккъехь, 1950-чу шерашкахь, вайгахь ю цова-тушийн вуьйцуш хиллачу нохчийн меттан Ӏилманчас Дешериев Юнуса язйинчу грамматикера тексташ. Оццу муьран гергахь йолийна йоккха дошам йу, дуккха а масаллин предложенеш ялош.

ТӀаьххьарчу хенахь дуккха а документаци гучуяьлла тайп-тайпанчу нахера цова-тушинах лаьцна, уггар хьалха шаьш цова-тушинера. Царах цхьаболчара шайн ненан маттахь дийцарш гулдина, йа йерриге а книгаш язйина.

Уьш гулйина, цигахь лелош болу мотт а теллина, вовшашца буьстина, уггар хьалхарчу тексташкахь гуьржийн маттара тӀеэцна дешнаш хӀинцале а дукха хилар гира суна. Ткъа цигахь, интересе дерг ду, вай r-диссимиляци олуш хилар. И бохург ду, цигахь [r] хилча [l] озе хийцало бохург. Масала, нохчийн маттахь: «от» ала лиъча, дешан чаккхенгахь [р] туху. Ткъа цовату чохь а мегар ду изза дан, амма [р] [л-ца] хийцало дашехь [р] хилча.

И бохург ду, гуьржийн ши мотт хилар цова-тушинхойн бахархойн доккхачу декъехь миграци хилале хьалха а, вуьшта аьлча, 1800-гӀа шо гергга хан йолуш хилла хилар.

Цул тIаьхьа 1830-гӀачу шарахь гергахь, Тушетехь уьш бехачу Цова-Тушин тогӀи чохь, схьагарехь, боккха бохам хилла, токхамаш хиллехь а, йа цхьана кепара хи хьаладалар, йа хьаьтт чухьаьадда, вайна билггал ца хаьа. Ткъа цо масех юрт йохийра. Лаьмнийн Дагестанан агӀорхьара нахаца кест-кеста тасадаларш хуьлура цигахь. Цундела цара сацам бира Кахетин тогӀи чу баха. Цул тӀаьхьа кхин а алсамчу гуьржашца зӀене бовлу уьш. Ткъа иштта хийцаделира маттана тӀеӀаткъам баран тайпа, цуьнца предложенин хӀоттам хийцабаларе кхачийна.

Советан заманахь, гуьржийн маттахь шуьйра дешар вовшахтухуш, кхечу кепара тӀеӀаткъам хилира цова-тушин мотт буьйцучарна. Ткъа шина меттан барам хаддаза алсамбаларца, кхоалгӀа тайпа хийцамаш хилира, масала, морфологехь. И бохург ду, дешнийн хӀоттам хийцабелла, гуьржийн маттах тера а хуьлуш.

Масала, вай меттан Ӏилманехь предметни билгалонаш хӀиттор олуш дерг карадерзийна цара. И бохург ду, нохчийн маттахь аьлла ца Iаш, масала, «Я иду» - «со воьду» ала мегар ду кхечу меттанашкахь а. Ткъа цова-тушинаша «ас вуитӀаш» хир ду. Аьлча а, юьххьехь «вай» хилла ца Ӏаш, дешан чаккхенгахь «вай» а долуш, ша а подлежащи долу хандош кхолла.

Цундела, цунах хьалхара жамӀ ду, цово-тушиний мотт а хуьлу, кхин долу меттанаш а санна контактехь. Шина меттан зӀе мел чӀогӀа хуьлу, синтаксисан а, тӀаккха морфологин а Ӏаткъам алсам хуьлу, уьш кхин а дуьззина хиларе терра.

Ткъа шолгӀа жамӀ: къаьмнийн шаьш шайн идентификалла хийцайалар, дуккха а шина маттаца а, меттанийн зӀене а кхачийна, нисделла 1800-гӀа шо кхачале дукха хьалха, хетарехь, 1700-1800-гӀа шерашкахь. ТӀаьхь-тӀаьхьа алсамбовлура шаьш гуьржий хилар билгалдаккха, гуьржийн мотт шера бийца буьйлабелла адамаш. Аьлча а, Тушетин лаьмнийн декъехь уьш бехачу хенахь хӀинцале а боккха тӀеӀаткъам хилла.

— Дешериев Юнус хьахийра ахь. Хьенан позици йу хьуна гергара: Дешериевн йа Шавхелишвили Абрахама?

Цово0тушинийн доьзал ХХ-чу бIешерийн йуьхь
Цово0тушинийн доьзал ХХ-чу бIешерийн йуьхь

- Сан сайн теори ю. Цова-тушийн мотт нахийн мотт бу, вайнехан бац, нахийн бу. И термин йу оха, меттан Ӏилманчаша, лелош йерг. Хьажалахь, шун кхоъ нахийн мотт бу, гӀалгӀайн, нохчийн, цова-тушинийн, ткъа нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанех бен вайнах ца олу вай. Ткъа нохчийн а, гӀалгӀайн а, цова-тушинийн а меттанех цхьаьна нахийн олу.

ХӀара гуьржийн мотт цахилар гуш ду: цова-тушинийн мотт гуьржийн маттаца цхьа а уьйр йолуш бац. ХӀара а яц нахийн гуьржийн диалект, гуьржийн нахийн мотт бу. Амма хӀара меттан агӀорхьара бен дац.

Къаьмнийн агӀор хьаьжча, дерриг а дуьззина кхечу кепара ду. Суна хетарехь, къаьмнийн башхаллех уггаре а коьртаниг ша-шена билгалдаккхар а, культурин хӀуманаш а ду, ткъа и хӀуманаш дуккха а бӀешерашкахь гуьржийн хилла ду. Цундела иза бохург ду, къаьмнийн агӀор, шаьш билгалдахаран а, културан а агӀора, уьш гуьржий хилар - кхечу тушинашца, я хевсурашца, я ур-атталла кахетинцаш санна гуьржий, амма меттан агӀор хьаьжча, нахийн цхьахболчу маттахь до цара къамел.

— Бацбихойн мотт Ӏалашбарехь Ӏедалан гӀо-накъосталла дуй?

— Ша цова-тушийн юкъараллехь дуккха а юьхьарлаьцна хIуманаш ду. Шайн мотт Ӏалашбарна а, иза кхиорна а гранташ йоьхура цара. Ас айса а GoFundMe компани вовшахтоьхна цова-тушийн маттахь берийн книгаш кхоллархьама. Со юкъаралле вахча, даима а олу, вайна берашна лерина йозанан гӀирсаш оьшу, масала, дика сурташ а долуш, берашна мотт Ӏамо лаам хилийта йеша книгаш, йа дош Ӏаморан гӀирсаш олий. Иза ду-кх ас хӀокху дийцарийн тептаран кампаница кхочушдан гӀертарг.

Подкастехь дийцарединчу хеттарех лаьцна кхин а шуьйра а, кIоргера а хаа луучарна хьоьху тхайн хьешан болх: Вичерс Шрёр Дж. Г., Аллассоньер-Танг М., Беллами К. Р. а, Рошант Н. (2022), Прогнозирование грамматического рода в нахских языках: сравнение трех методов. Лингвистическая типология на перекрестке 2 (2): 93–I26.

Йазло "Кавказская хроника с Вачагаевым" подкасте Кавказ.Реалиин сайтехь, ладогIа тхоьга Apple Podcasts - Spotify - YANDEX MUSICYOUTUBE майданашкахь, кхин а дуккхаъчу аудиоплатформашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG