ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батумин мэро а, Аджарин министрийн кабинетан куьйгалхочо а Гуьржийчохь тIеэцна хилла кадыровхой - зорбанаш


Батуми, гайтаман сурт
Батуми, гайтаман сурт

Кадыровхойх йара аьлла хета делегаци стигалкъекъа-беттан 29-чохь Гуьржийчохь тIелецира Батумин мэро Чиковани Арчила а, Аджарин министрийн кабинетан урхалхочо Рижвадзе Торникес а. Radisson хьешан цIа чохь дIадаьхьна цхьанакхетар, цигахь кадыровхошна лерина къевлинчу неIаршкахь сакъоьрийла а хIоттийна хилла, хаамбина гуьржийн "Формула" ресурсо, йозуш йоцчу шина хьастана тIетевжина. Официалехь оцу информацин тоьшаллаш дац.

Журналистийн хаамашца, уьш тIеоьцучу дийнахь отелехь белхалой жимбинера, ткъа бисинчаьрга дIахьединера сакъоьрийла къайлах хIоттош хиларх а, цига лаккхара тIеман даржашкара нах богIург хиларх а. Гуьржийчохь хьалхо тергойинчу кортежца бара, боху, баьхкинарш. Цхьахйолчу хьасто чIагIдо, Аджарин министрийн кабинетан куьйгалхочо аьллера, хьешашлахь коьртаниг ву гуьржийн олигарх Иванишвили Бидзини. "Европейская мечта" оппозицин партин лидеро Бокерия Гигас хьалхо дIахьедира, кадыровхойн бахкар доьзна хила тарло оцу бизнесхочуьнца аьлла.

Рижвадзен пресс-сервисо бакъ ца до Батумера Radisson отелехь стигалкъекъа-беттан 29-чохь иза хилар. Гуьржийчоьнан бакъоларйаран органаша хIинца а йина комментарий йац оцу кадыровхойн пачхьалкхе бахкарх лаьцна.

Социалан машанаша а, зорбанан гIирсаша а хаамбира Нохчийчуьра бахархой Гуьржийчу бахкарх лаьцна. ТIечIагIбазчу хаамашца, оцу пачхьалкхехь хилла криминалан гонашкахь дика вевза, "Юг-нефть" компанин долахо Ахметханов Асламбек."Кавказский узел" гIирсо йаздира, 2020-чу шарахь арахь йаккха цунна хан тхарх низамехь доцуш банкан гIуллакх лелорна а. Ресурсан хьасташа дIахьедора, Ахметхановн (ШайтIа цIе лелош ву) зуламхошца цуьнан уьйраш хиларх.

Де хьалха Гуьржийчоьнан МВД-н сайтехь информаци гучуйелира, кадыровхойн машенийн ковранца бара аьллачу декъашхошна Гуьржийчохь даьккхинчу масех дийнахь некъан низамаш талхорна 7450 ларина (2800 долларшкахь) масийтта гIуда тоьхна аьлла.

Гарехь, гIуданаш цкъачунна текхна дац. "Мтавари" телеканало хьалхо хаамбира, гуьржийн-туркойн дозанехула нохчий арабевлла шайн пачхьалкхера аьлла.

Дуьххьара низам дохорах лаьцна йоза дитира Тбилисихь стигалкъекъа-беттан 22-чохь. ТIаьххьарлера - мангал-беттан 3-чохь боккхачу некъа тIехь Малхбузенан Гуьржийчохь. ГIуданаш, хетарехь, хIинца а дIатекхна дац. "Мтавари" телеканало хьалхо хаамбира, гуьржийн-туркойн дозанехула нохчий арабевлла шайн пачхьалкхера аьлла.

  • Кадыровн гонера нах Туркойчу баха кечлуш болу хьесап ду аьлла, дIахьедира иштта стигалкъекъа-баттан 31-чохь нохчийн оппозицин телеграм-каналашкахь а. Цул тIаьхьа де даьлча Кадыров Ахьмадан полкан командиро Чалаев Замида скриншот хIоттийра карти тIехь туркойн Антальера Concorde De Luxe Resort цIе йолу хьешан цIа билгалдоккхуш. Хетарехь, къедораш йора цо, ша цигахь хиларан. Мангал-беттан 3-чохь Security Turkey телеграм-канало зорбане йехира Чалаевн сторисийн скриншоташ, царна тIехь Iаьржа бедарш йоьхна, тIоьрмигашца ворхI стаг ву, хетарехь, Антальера йохка-эцаран центрехь.
  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира йалх стаг (виъ – Нохчийчуьра, иштта Украинин а, Таджикистанан а цхьацца вахархо) а, уьш бехкебира Кадыров Рамзанан раж йемалйечу нохчийн диаспорин векалшна тIелета кечбеллера аьлла. Бинчу талламехь гучуделира, 202I-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна оппозиционерех лаьцна информаци оцу группе дIакхачош хиллера Туркойчохь вехачу кхин а цхьана шиммо.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь бархI стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакхаш Истанбулера кхеле дIакхачийра. Бехкбиллархойн жамIашца а догIуш, кхеле хIоттийначу цхьаьнга инструкцеш кхочуш хиллера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамера а, ишшта, нах байарна дуьненайукъарчу лехамашкахь волчу криминалан авторитет лоручу Дукузов Казбекера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG