ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байна толам. Ичкерина а, Оьрсийчоьнна а юккъехь машаран барт бина 25 шо ду


Масхадов Аслана а, Ельцин Бориса а Оьрчийчоьнна а, ЧРИ-на юккъехь машаран а, юкъаметтиг лелоран а Бертана куьйг яздо, 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-гIа де
Масхадов Аслана а, Ельцин Бориса а Оьрчийчоьнна а, ЧРИ-на юккъехь машаран а, юкъаметтиг лелоран а Бертана куьйг яздо, 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-гIа де

Стигалкъекъа-беттан 12-хь Оьрсийн Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юккъехь машаран а, юкъаметтиг лелорца Барт бина 25 шо кхаьчна. Муха куьйг яздира, тIаккха муха бохийра тIе ца эцначу республикан исторехь хилла коьртачех цхьа барт, иштта, оцу шерашкарчу нохчийн делегацин декъашхойн цуьнгхьа муха ойла ю, Украинера тIом тидаме эцча.

1996-чу шеран Марсхьокху-баттахь Оьрсийн Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юккъехь Хасавюртара барт бира. ЧРИ-н тIеман ницкъийн штабан куьйгалхочо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретара Лебедь Александра оцу бертана кIелахь куьйг яздира. Оцу кехатна тIе куьйг яздича Нохчийчуьра дуьххьара тIом официалехь чекхбелира. 1997-чу шеран Дечкен-баттахь Ичкерин президентан харжамаш хилира, кхечу кандидател хьалхаэккхаш туьйлира Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтиг нисъяран некъ хаьржина волу Масхадов Аслан.

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш билгалйохуш бакъонийн кхиндолу акташ дан а дац

1997-чу шеран Чиллан-беттан 19-хь Оьрсийчоьнца дийцарш даран ЧРИ-н урхаллин Комисси кхоьллира, республикан дуьххьара вице-премьер Удугов Мовлади коьртехь волуш. Комиссин декъехь бара вице-премьер Закаев Ахьмад. Нохчийн мехкдаьттан компанин хилла президент Яриханов Хож-Ахьмад, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Махашев Казбек, ЧРИ-н президентан хьехамча Абумуслимов Сайд-Хьасан а. ЧРИ-н а, Оьрсийчоьнан а пачхьалкхийн юкъаметтигийн дерриг а хеттарш дара комиисино луьстуш. Ичкерера а, Оьрсийчуьра а организацишна юккъехь бина барт ницкъ болуш хила йиш яцара комиссино бакъо ца елча.

Дуьххьара комиссин декъашхоша шайн официалехь доцучу каналашкахь шайн оьрсийн коллегашца зIенаш туьйсура, хаа гIертара, хIун дан кийча хир ю Оьрсийчоь Нохчийчоьнца машаре барт барехь. Керлачу республикаца доттагIаллин тIай тесна а ца Iаш, юьззина йозуш ца хилар яккха гIертачу нохчийн куьйгаллина тIе Iаткъам баран меттигаш леха езарг хилар а кхетара Москвана.

Дукхачу наханна тамаше а хеташ 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-хь Кремлехь президенташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а Оьрсийн Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкерин а юккъехь машаран а, юкъаметтиг лелоран а Бертана кIел куьйг яздира. Кехатан маьIнах лаьцна дуьйцуш, Ельцина билгалдаьккхира, оцу берто "тIамна а, 400 шарахь лаьттинчу къийсамна а тIадам хIоттабо", аьлла. Вуьшта аьлча, Оьрсийчоьно официалехь тIелецира дукха бIешерашкахь лаьттина къийсам а, ала догIу, Оьрсийчоьно цигахь шен Федерацин декъаца къамел дар билгалдоккхуш цхьа а къедам бацара.

Оьрсийн Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкерин а юккъехь машаран а, юкъаметтиг лелоран а Барт
Барт беш йолчу лакхара агIонаша, дукха бIешерашкахь лаьтташ болу къийсам сацон лууш, онда, озабезаме йоцуш, вовшашна пайде йолу юкъаметтигаш дIахIиттон лууш барт бина:
1. Муьлххачу къовсаман меттигашкахь ницкъ ца бар, йа ницкъаца кхерамаш ца тийсар.
2. Массара тIеэцна йолчу дуьненаюкъарчу низамийн бакъонашца юкъаметтигаш лелор, иштта делахь а, къастийна бартбарца билгалъяхначу сферашкахь юкъаметтиг лелайо шина агIоно.
3. ТIейогIучу ханна юкъаметтигийн ерриг комплексехула керла берташ даран бух бу хIара барт.
4. Кехат шина эксземляраца кечдина ду, ший а экземпляр цхьатерра юридикан ницкъ болуш ю.
5. ХIара барт лела болало кIела куьйг яздинчу дийнахь дуьйна.
Оьрсийн Федерацин Президент (куьйг язде) Б. Ельцин
Нохчийн Республика Ичкерин Президент (куьйг язде) А. Масхадов


Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигийн исторехь оцу тайпа бартбар хилла а дацара (агIонийн коьртерчара куьйг яздечу кепехь). Къаьсттина билгалдоккхура, шине агIонна беркате юкъаметтигаш кхиор ю "массара а тIеэцначу дуьненаюкъарчу бакъонийн нормашца". 1996-чу шарера бартбарехь дуьненаюкъара бакъонаш коьрта хир ю оьрсийн-нохчийн юкъаметтигашкахь, аьлла долу билгалдакхар меттахIоттон дезара оцу фразано, нохчийн агIонна хетарехь.

КIезгачу наха тидам бира Оьрсийчоьнан куьйгалхочо Ичкерин хилар дуьххьара къобалдарна а, цуьнан юьззинчу кепехь язйинчу цIарна кIел куьйг яздарна а. Кремлан агIоно иза йозуш йоцу пачхьалкх хилар тIелацар дара иза. Масех бIешарехь Оьрсийчоьно тIемаш дина хилар тIелацийтар а, агIонаш хIинца дуьненаюкъарчу бакъонашна тIехула гIуллакхаш дIадахьа дагахь хилар а – хетарехь, иза Соьлжа-ГIалина шен лаамашкахь а ган йиш йоцург дара.

Оцу дийнахь, 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-хь премьер министра Черномырдин Виктора а, Масхадов Аслана а шина агIонна пайдехьа йолу экономикан юкъаметтиг лелоран а, Оьрсийчоьнна а, Ичкерина а юккъахь буьззинчу барамехь барт бан хьелаш кхолларан а урхаллашна юккъера бертанна кIел куьйг яздира. Нохчийчоьнан дахар латторан объекташ коьртачу декъанна юхаметтахIоттор хьоьхура кехатехь, иштта бахархошна пенсеш, социалан ахчанаш далар а, нуьцкъаха лаьцна латтон нах маьршбахар а. Оцу кехатийн бух тIехь 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 23-хь Оьрсийчоьнан ягочун а, энергетикан министралло (Минтопэнерго) а, Къилбан мехкдаьттан компанино (ЮНКО) а Нохчийчохь ягочун-энергетикан объекташ меттахIотторан бартбеш кехатна куьйг яздира.

Шовзткъа сов хан эшна Нохчийн республикана дуьхьала мел-лелийнарг зулам хилар дуьненна кхетале

Иллинойсан юридикан колледжан дуьненаюкъарчу бакъонийн профессора Бойле Франсиса 1997-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь бинчу оцу сацамна Оьрсийчоьно Ичкерин йозуш ца хилар тIелоцуш санна мах хадабо. Цо билгалдоккху, "машаран барт" боху кхетам ца хуьлу федеративан пачхьалкхана а, цуьнан юкъадогIучу декъаца".

"Цундела юха а оцу жамIана тIевогIу со, Оьрсийн Федерацин дакъа меттана, ЧРИ Оьрсийчоьнна йозуш йоцу, де-факто къоман пачхьалкх хета", - тешна ву Бойле.

Москвахь оцу бартана куьйг яздар Соьлжа-ГIалахь дерриг нохчийн къоман толаман кепехь тIелаца дезаш санна хетара. Амма Масхадовн коьртачу къийсамхоша – Басаев Шемала, Гелаев Руслана, Яндарбиев Зеламхас – и хаам ишттачу маь1наца тIе ца лецира. Республикан президентан дипломатикан фронтера кхиамаш царна шайн эшам хетара.

1997-чу шарера нохчийн делегацин декъашхо Закаев Ахьмад тешна ву, Москвахь кехаташна куьйг яздар – историкан хилам хилар. Цунна хетарехь, таханлерчу дийнахь и барт махболуш бу, хIунда аьлча, хьалха, йа цул тIаьхьа Нохчийчохь оцу тайпа барт Оьрсийчоьнца бина бацара.

"Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш билгалйоху кхин бакъонийн акташ дан а дац. 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-хь юкъаметтигаш билгалъехира, иштта уьш дуьненаюкъарчу бакъонашна тIехь лаьтташ хирг хилар а. Дуьненаюкъарчу бакъонийн шина субъектийн бакъонийн акт хилла оцу кехатах", - боху Закаевс.

2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан президент хилла волу Путин Владимир ца хIоьттира Нохчийчоьнца бинчу машаран бертан бух тIехь Нохчийчоьнца йолу юкъаметтиг лелон, барт Москвас шен агIор бохийра.

Закаев тешна ву, тIейогIучу хенахь – Оьрсийчоьнан кхоллам Украинера тIом чекхбаьлча муьлххачу агIор нислахь а – 1997-чу шарахь президенташа Ельцино, Масхадовс куьйг яздина болу барт Москван а, Соьлжа-ГIалин а юккъаметтигаш меттахIитторан бух хир бу.

Оьрсашна а, нохчашна юкъара хеттарш листаран бакъонан бух кхин бан бац, тешна ву Ичкерин урхаллин архьара куьйгалхо.

1997-чу шарера нохчийн официалан делегацин декъашхочо, вевзаш волчу нохчийн бакъоларъярхочо, Кавказан къаьмний Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана ша дакъа лаьцна Оьрсийчоьнца барт баран кехат кечдеш. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцина, оцу кехатна куьйг яздале хьалха Кремло шайн бахархошна Ичкерин йозуш ца хилар тIелацар кхетон хан ехарх лаьцна. Цундела оцу кехатехь билгалдаьккхина долу "дуккха бIешерашкахь лаьтта къийсам сацийта", "дуьненаюкъарчу низамийн бакъонашца юкъаметтигаш лелор", "ницкъ ца лелор" бохучунна Оьрсийчоь реза хилар боккха кхиам хета Кутаевна.

"Шовзткъа сов хан эшна Нохчийн республикана дуьхьала мел-лелийнарг зулам хилар дуьненна кхетале. Дуьнено бIаьргаш дIакъевлира. Цул сов, дуьнено ур-атталла къобала дора Оьрсийчоьно лелориг. Инзаре долчу зерашкахула чекхбевлла нохчий – депортацех, тIамех. 1997-чу шарахь тIеэцна барт шеко йоцуш историн кехат хилла, хIунда аьлча Нохчийчоь йозу йоцучу кепехь цо билгалйоккхуш хиларна. И барт коьрта хир бу тIейогIучу ханна Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан хир йолчу юкъаметтигашкахь", - тешна ву Кутаев.

1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-хь тIеэцна и машаран барт де-факто Ичкерин йозуш ца хиларан тIелацар ца хилла. Кехатна куьйг яздина ши шо даьлча оьрсийн эскархоша юха а чу а гIоьртина, республикан дерриг латтанаш шайн дола даьккхира. Бакъонца хаьржина волу Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан вийра оьрсийн спецназо 2005-чу шарахь...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG