ХIора шарахь марха даста хан герга мел йоьду, махкарчу базаршкахь адамех дуькъа хуьлу. Коьртачу декъан сурсаташ а, бедарш а оьцу наха.
Баттахь йинчу Iамалх мел хиларе сатуьйсуш, къаьстина алсамдолу сагIадалар а. Новкъахь воьду-вогIучун, гIийла, таро йоцурш а хоьржуш, фарз кхочуш до наха.
Нохчийчохь даима сагIа дика луш хуьлу, бохуш, кхуза къаьсттина марзбелла Азера а, луларчу мехкашкара а сагIадоьхурш. Къаьстина дукха бу уьш Соьлж-ГIалина юккъехь.
«Беркат» базар. Нах лелачу некъа юккъехь заIапхочун гIента чохь куьг дIа а кховдийна, Iаш ву когаш боцу стаг.
Радио Маршо: Ахча лой кхузахь?
СагIадоьхург: «Ца ло. Жимма бен».
Радио Маршо: Когашна хIун хила хьан? Хьо мичара ву?
СагIадоьхург: «Цомгуш ву со. Хьуна ца хаьа. Со курд ву».
Оцу стагца къамел дечу хенахь гена йоцуш хиъна Iен жима зуда улле еара. Цуьнан карахь бер дара. Цуьнца иштта къамел хилира.
Радио Маршо: Шу цхьаьна дуй?
СагIадоьхург: «Ду».
Радио Маршо: Иза мила ву хьан? Когашна хIун хилла цуьнан?
СагIадоьхург: «Деваша ву. Багийна».
Радио Маршо: Хьан карара бер хьан дуй?
СагIадоьхург: «Дац. Сан йишин ду».
СагIадоьхурш махкахь дукха хилар даредо наха. Амма орца дала, уьш арабаха ца боху цхьаммо а. Мелхо а, неIарга хIоьттинчунна а, урамехь тIевеъначунна а сагIа далар шайна тIехь ду аьлла хета. Соьлж-ГIаларчувахарахочо Макаев Лечас оцу хьокъехь иштта элира.
Макаев: «СагIа луш дукха нах бу. Царна Дела реза хуьлда! Къаьсттина дукха хуьлу и сагIадоьхурш каше бовлучу деношкахь а, марха достучу хенахь а. Дукха мехкашкара гулло уьш. Дала цхьана диканна оьхуьйтуш хир бу уьш, нохчашна дагчу куралла-м ца йоьссина теша, аьлла, зуьйш».
СагIа дала луучарна шортта меттигаш ю иза дан, аьлла, цхьа масал далийра Соьлж-ГIаларчу вахархочо Абдурзаков Рустама.
Абдурзаков: «Тхан эвлахь, маьждигехь ламаз а дина, цунна уллехь лаьттачу аптекехь тIедиллина молханаш эцначу нехан декхарш дIаделира цхьамма. Иштта, цига молханаш эца баьхкинчарна хьалхара эцна, уьш царга дIа а делла, дIавахана. Ша мила ву а ца аьлла».
Интернет мобилан телефонашка евлча дуьйна даьржина лела зIенехула сагIадехар.
Къасто хала бу аьшпаш бакъдолчух, бохуш, кхидIа а дуьйцу Соьлж-ГIаларчу Макаев Лечас.
Макаев: «И хаамаш дукха хуьлу. Африкехь хи доккхур дара шаьш бохуш а хуьлу. Ас цкъа а, интернетехула дехча, дакъа ца лаьцна. Со ца теша. Ткъа, вуьшта, сайна тIевеъначунна ас делла сагIа».
Кхечу агIор аьлча, емалбо нохчаша сагIа доьхуш леларш. Къаной вовшахкхеттачу меттехь даима а нисло цунах дуьйцуш. Иза эхье ду, нохчийн гIиллакхца догIуш дац, олу. Цундела кхоллало сурт, дерриг ду, токхо ю нохчийн дахарехь, олий. Тосало, шайн юкъахь куьг кховдийна леларш бац, тIебаьхкинчарна сагIина хIума луш бу, олий.