ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бехкениг цхьаъ ву – Путин". Малхбузен герзаца тохарш дийр ду аьлла кхерам буй-те къилбана а, Кавказана а


Оьрсийчоьнан эскархой, гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан эскархой, гайтаман сурт

Шуьйрачу тIамаца Украине чубахначул тIаьхьа дуьххьара Къилбаседа ХIирийчоьнна мангал-беттан 8-чохь тIелатар дира дронаша, церан Iалашо йара тIеман аэродром. Астраханан кIоштахь оццу дийнахь дроно дуьххьара дохийра бомбанаш йетта СУ-57 кема. Кавказ.Реалии сайто къастийра, БПЛА-н тIелатаршна тIаьххье малхбузен герзашца тIелетарш дийр дуй-те.

Мангал-беттан 8-чохь Iуьйранна Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняло Сергейс дIахьедира ПВО-н ницкъаша кхоъ дрон хIаллакйина, церан Iалашо хиллера тIеман аэродром аьлла. Цо билгалдаьккхира, велла-лазийна стаг вац, йа йохийна гIишло а йац аьлла. ТIаьхьо Меняйлос къастош элира, "кега-мерса йохийна а, цIейаьлла а меттигаш йу" аьлла, ткъа Моздокан кIоштахь йукъахбехира хIиттон кечбина цхьацца барамаш. Тохарш динчу меттигехь даьхна суьрташ, видеош машанашка ма хIиттайе аьлла, дехар дира республикин куьйгалхочо, хIунда аьлча, "информаци арахьарчу ресурсаша йаржайо", Украинан армино цунах пайда а оьцу.

Оцу хеначохь телеграм-каналаш ларийнера дронаша дохийначу дакъойх сурт зорбане даккха – мел лахара а йалх йара уьш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло оцу йукъанна чIагIдора, республикехь "украинхойн дрон" йохийна бохуш, йуьйцург цхьаъ дрон йара.

Жимачу республикехь хIора а аьлча санна доьзале сингаттам беана

ТIелатар деш, хетарехь, пайдаэцна хила тарлора "Лютый" БПЛА-камикадзех. Церан Iалашо хиллачу Моздокера тIеман аэродромехь дIатарйина йу гена йетта бомбанаш а, стратегин авиаци а. "ТIеман корреспондентан" Сладков Александран хаамашца, цигахь куп тоьхна йу Ту-22, Ту-95 полкаш, цара дIайахьа йиш йу "Кинжал" ракеташ а, зарратан герз а, ткъа модификаци йина Ту-95МС Оьрсийчоьнан зарратан триадин коьртачех эелемент лоруш йу.

"Дина тIелатар цIеххьашха дина дара аьлла, ца хета суна. ТIаьххьарчу беттанашкахь гуш дара, ВСУ-н тIекхачаран географин зона шорйала тарлуш хилар. Сан даймохк Къилбаседа ХIирийчоь царна кхин дIоггара пайден дакъа дацахь а, амма стратегин аэродром а, армин 58-гIа штаб цигахь хиларо а Iаьткъа меттиг йо цуьнах", - элира махкара политикан обзорхочо Тотров Руслана.

Цунна хетарехь, бахархойн сина Iаткъам бийр бу тIетохарша: "Карладоккху, вай дуьйцу регионан политикан, экономикан агIор депрессехь хиндолчух. Божарех болчу бахархойх дакъа – лаамехь, цхьаберш лаамза – бахана бу Украинерчу тIаме. ХIинцале а цигахь велла царех 500 стаг (хIара информаци Кавказ.Реалиин редакцино динчу ларарша тIечIагIйо. Официалехь беллачех хаамаш къайлабаьхьна бу. -Редакцин билгалдаккхар, аьлча а, жимачу республикехь хIора а аьлча санна доьзале тезет кхаьчна. Цу тIехула тIе дронаша дина тIелатар а".

Хиллачунна бехке Украина йо дукхахболчу меттигерчу бахархоша, амма тIом болийнарг Оьрсийчоьнан перзидент ву, билгалдоккху журналисто.

"Бехкениг цхьаъ ву – Путин Владимир. И ву ши шо хьалха тIом болийнарг, и боллу сингаттамаш, байъинчийн декъий чуьра йаьшканашна тIера долийна Моздокана динчу тIелатарна тIекхаччалц, шеко йоцуш, цуьнан бехк бу", - дIахьедира Тотровс.

Къилба а, Кавказ а – тохарш хьакхалун долчу зонехь йу

Оццу дийнахь, мангал-беттан 8-чохь, ВСУ-н талламхойн Коьртачу урхалло дIахьедарца, церан дроно тохар дира Астраханан кIоштара Ахтубинскехь йолчу тIеман аэродромана. Дуьххьара цхьана декъана зенаш дира СУ-57 кеманан тIаьхьенах долчу кемана. Тоьшаллина гойтуш ду спутнико даьхна суьрташ – де хьалха дийна лаьттара кема, керлачу суьрта тIехь гуш йу цIейаьлла, даьгна лараш.

Кеманхо хиллачу Туманов Ильяс дIахьош йолчу Оьрсийчоьнан тематикан Fighterbomber канало тIечIагIдира и бакъ ду аьлла, билгалдаьккхира: аэродромана тIекхаьчна кхоъ дрон. Цхьана Су-57 кеманан мах бу 30-50 миллион долларшкахь. Ахтубинскана шарна лучу бюджетал дикка алсам бу и мах.

Официалехь тIечIагIбаза Дагестанан дозана тIехула стиглахь гинчу дронех лаьцна хаам гучубелира марсхьокху-беттан 8-чохь – талламаш бен дронаш хиллера уьш бохура. "Амма! Моздокехь хилларг санна, мостагIчо лелориг тидам эцча, Iедалан а, ишта ницкъаллин а органаш лерринчу рожехь белхаш бан лерина йу", - билгалдаьккхира Меликов Сергейс.

ТIеман аналитик волчу Шарп Давидана зIе ца го дронаша тIаьххьара динчу тохаршна а, Оьрсийчоьнан къилбехула а, Къилбаседа Кавказехь а малхбузен герзаца тохарш дан тарло бохучу кхерамна а йукъахь.

"Хууш ду, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа бакъо йелла йац ATACMS ракеташ лелон дозанашна уллорчу территорешкахь а цхьаьна. Хеттарш дуьсу ишта Storm Shadow, SCALP-EG ракетийн хьокъехь а – бакъо йеллий- те британхоша а, францхоша а уьш лелон. Мухха делахь а цара лелочун радиус Къилбаседа Кавказера дозанаш тIе ца кхочу", - билгалдокку къамелдечо.

Киевн муьлхачу объекташца интерес хир йу, цуьнца бен дац хаттар

Цо бахарехь, Астраханан кIоштахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а динчу тIелатарша коьртачу маьIнехь дIагойту ВСУ-но шен дронаш тIаьхь-тIаьхьа дика кечдеш хилар.

"Коьрта Iалашонаш йуьсуш йу тIеман гIишлош, иштта Iалашдеш доцчу тIеман кеманийн аэродромаш а. Краснодаран а, Ростовн а кIошташкара мехкадаьтта доккхучу заводех лаьцна дуьйцуш – оцу тохаршна украинхойн тIемалой дуьхьал хилахь тамаш бу. Нагахь санна, америкахойн партнераша и тIе ца дожадахь. Системехь, кхиаме энергетикан Iалашйеш йоцчу инфраструктурина дечу тIелетарша Оьрсийчоьнан экономикана дикка тохар дан тарло", - дуьйцу Шарпа.

Хила тарлучу кхечу Iалашонех цо хьахийра тIеман-индустрин комплекс. Оцу тайпа объекташ а йолуш йу Оьрсийчоьнан къилбехь, дронийн тIекхочийлехь йу уьш а.

Цунна тIетов кхин цхьаъ тIеман аналитик а, Оьрсийчохь лелаш репрессин низам хиларна, шен цIе къайлайахьар дийхира цо: "Оьрсийчоьнан йоллу къилба а, Къилбаседа Кавказ а БПЛА тIекхочучохь йу. Амма хаттар кхоллало, муьлха объекташца интерес хир йу Киевн. ТIелетарийн статистике вай хьаьжча, Краснодаран кIоштахь мехкадаьтта доккху заводашна до тIелатарш. Оцу тохарша новкъарло йо бензин, мехкадаьтта а армина дIакхачон, и арадоккхуш цунна тIехь долларш даха а. Суна хетарехь, тIейогIучу заманчохь тIелатарийн Iалашонаш кхин башха хийца а лур йац".

  • Мангал-беттан 14-чу буса Ростовн кIоштан дозана тIехула дохийра 70 дрон, дIахьедира Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Украинана шуьйрачу тIамаца тIелетчхьана хIара уггар а йоккхачех атака йу.
  • Мангал-беттан 11-чохь Оьрсийчохь стратегин йоцчу зарратан ницкъийн Iаморийн шолгIа мур болабелла Беларусино дакъа а лоцуш. Маршо Радион аьтто хилира тIеман министралло видео йаьккхина меттиг къастон. Iамораш дIахьош ду Астраханан кIоштара Ахтубинск аэродромехь – Iаморийн хьалхара мур а цигахь хилира.
  • 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинан тIеман ницкъаша ракеташца жамIе тохар дира Севастополера хIордан заводан докехь лаьтташ хиллачу Оьрсийчоьнан хIордакеманашна. Десантхойн доккха "Минск" кема а, хи бухула лела "Ростов-на-Дону" кема а дохийра. Исс бутт баьллачул тIаьхьа а Оьрсийчоьно къайленехь латтош ду оцу тохарша дина зенаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG