ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехкзуламан гIуллакх айдина КъурIан дагийначу ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочунна дуьхьал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Маьждигехь динан литература йагийначу ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна хаа а хууш, бахам хIаллакбарна аьллачу Iедалан къепехула. ЦIера валар доьхкуш, лаьцна иза, псхилогин-психиатрин экспертиза йан йезаш йу цунна. Цунах лаьцна хаамбина, цуьнан цIе а йовзуьйтуш Mash Gor телеграм-канало. Бехкевийриг ву 32 шо долу Борсов Алан. Зорбане хIоттийначу информацица а догIуш, чохь йаккха пхеа шаре гергга хан тоха тарло цунна.

Чегем Второй эвлара маьждигехь 20 КъурIан дагорах дийца даьккхира товбеца-беттан 2-чохь. Информаци официалехь бакъйира Чегеман кIоштан куьйгалхочо Борисов Юрийс а, ГIебарта-Балкхаройчуьра динан урхалло а. Шен каналехь Борисовс бинчу хаамца, "адекватехь воцуш" маьждига чохь дагийна цо КъорIанан жайнаш, иштта багийна куз а. Цуьнан лелар дIайаздина хилла хIиттийначу камераша. Лаьцначо кхетийна "цхьана озо" дайтина шега и аьлла.

  • Стигалкъекъа-баттахь Волгоградехь маьждигна хьалха дагийра КъорIан. Оцу гIуллакхехула лецира 19 шо долу Украинера схьаваьлла вахархо, йуург дIасакхоьхьуш, курьеран болх беш хилла Журавель Никита. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Лаьцначо дийцинарг доцург, хууш дац хIун ду дуьйцург, мича буха тIехь долийна гIуллакх.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийна Волгоградан кIоштахь КъурIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Цуьнан бахьана ду "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш лара" бохуш, ден дехарш. КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь, амма, Кавказ.Реалиин хаамашца, цига нуьцкъаха бюджетхой а, студенташ а гулбинера.
  • Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедира, КъурIан дагорна лаьцначо бусулбачу нехан цхьайолчу регионехь хан токхур йу аьлла. Амма оцу гIуллакхехь шеконашца лаьцна волчу Волгоградерчу студентана хIинца сацам бина бац кхело.
  • Дечкен-баттахь даттийн ультра-аьттун политико Паладун Расмуса, Stram Kurs ("Шога курс") антиисламистийн партин лидеро иттех дийнахь кхоазза дагийра КъурIан. Видео тIе дIайазйинчу акцихь Палудана дIахьедира, бусулбачарна деза жайна "Нохчийчоьнан а, цуьна лидеран" а, иштта нохчех схьаваьлла шведахойн махкалла долчу Чимаев Хьамзатан а бехкана" догуш ду. Палудан "террорхо" ву аьллера спортхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG