Дагестанхойн имам муфтиятана лен воьлча, цуьнан хIусам йегира, цуьнан нана чуьра арайаьккхира, ткъа иза ша декхаре хилира Оьрсийчуьра дIаваха. Кавказ.Реалиин сайто листира, оцу нахаладаьллачу девна тIехьа хIун ду.
Абдулгафуров Ахьмадан (Батлухский), Нечаевка, Дылым йарташкахь имам лаьттинчун Шемалан кIоштара Батлух эвлара цIа дегира оханан-беттан 8-чохь. Цул а цхьа ахшо хьалха динан гIуллакхдархо волавеллера Дагестанан муфтиятана лен, къаьсттина цуьнан куьйгаллехь волчу Абдулаев Ахьмадана.
ЦIийнах цIе кхерстинера, муьлш бу цахуучу наха божална тIе бензин доьттича, дIахьедира Батлухскийс. И йаьлла цIе нах чохь бехачу хIусамах йаьржира. Цхьанна а зен-зулам ца хилира – имам лаьттинчун доьзал нана йолчахь хиллера.
Официалехь буьйцуш боцчу хаамашца, шеконаш йолчех цхьаъ ву Iийса пайхамаран цIарахчу дин Iамочу Центран белхахо, Батлухера Омаров Ахьмад, цунах лаьцна хаамбира стигалкъекъа-беттан 10-чохь "Бессовестный Дагестан" телеграм-канало, Абдулгафуровс бохура аьлла. ШолгIаниг ву – Казбековн кIоштара Хубар эвлара Султан цIе йолу вахархо; кхозлагIа бехкехетарг ву Гумбетовн кIоштара Ахьмад.
Кхин а цхьа ши де даьлча цхьана Багаудинан цIарах аудио йаржийра, цо дIахьедора имам лаьттинчу цIийнах цIетеснарг цуьнан вешин кIант ву аьлла. Шена гечдар дехнера цо цу тIехула, бакъду Батлухскийгара ца дехнера "муфтийга а, цуьнан хIусамнене а, джамаIате а".
Критика йарна тIера шарIан кхеле кхайккхалц
"Батлухский чIогIа гоьваьлла имам вара, амма идейш йолу мурд, - боху Дагестанера йукъаралхочо, цуьнан цIе ца йоккху кхерамзаллла ларйеш. – Муфтиятана иза лен воьлча цунна дуккха а нах тIехIуьттура. И бахьанехь дацара и, цуьнан идейшна тIехула дара, цо дуьйцург йукъараллехь реза болуш тIеоьцу дукха хан йу".
2023-чу шеран гIадужу-баттахь Батлухскийс ютьюбехь шен дуьххьара видео хIоттийра Дагестанан муфтийна луьйш – цо бехкевира Абдулаев суфийн гаранах дIахадарна а, цунна йамартваларна а.
Ша Батлухский хьалхо Дагестнан Динан урхаллехь болх бина ву. Имам хилира иза Нечаевка, Дылым йарташкахь, тIаьхьо кеп-кепарчу хенашкахь Шемалан, Казбековн, Цумадинан кIошташкахь белхаш бира цо. ХIинжа-ГIалара имамийн кхеташонан куьйгалхочун гIовс хилла иза, 2021-чу шеран лахьан-баттахь Дагестанан къилбаседа дозанан гонашкахь муфтиятан векал хIоттийра иза.
Батлухский муфтиятана лен волавелча, цунна Iаткъам бан болийра цуьнца цхьана белхаш беш хиллачара
Батлухскийс бахарехь, тIаьххьара дарж охьадиллира цо, "хIунда аьлча, хадам боллуш тешна вара, муфтиятан политика шарIан политикаца йогIуш цахиларх".
Оханан-баттахь имам лаьттинчун телеграм-каналехь аудиохаамаш баржийра, чIагIдарехь, гIуран-беттахь муфтийца цуьнан хиллачу цхьанакхетарера. Цигахь Абдулаевс хьоьху, муьтIахь боцурш леха аьлла хIоттийначу акцихь хьалхо Батлухскийс муфтиятана хьажийна йолу критика йуха а хазор.
И аудиош йаржийначул тIаьхьа муфтий вистхилира Абдулгафуровна луьйш. Цо дIахьедира, "кхочушйина йоцчу амбицешца болчу нехан дийнна тоба" муфтийятана дискредитаци йан хьийза аьлла. Шена догIучунна, Абдулаевн хIусамнанас Гамзатова Iайнаа имам хилларг "шалхо лело боьха хIума йу" элира. Муфтиятан векалш баьхкинчул тIаьхьа цуьнан цIийнах цIетасарх цо кхетийра "питана" ду аьлла.
"И динарг милла велахь а, оьзда а дац, йамарта хIума а ду,- йаздира цо телеграмехь. – КIоштара массарна а вевзаш волу кхоъ стаг дIавахначул тIаьхьа цIе таса хан къастайойла ду, нагахь санна и цIетеснарш боьха хIумаанаш йелахь, йа леррина оцу питанана кечам бина хила тарло цара".
Муфтийгахьа гIо дохуш видеокхайкхамаш баржийра тоххара Батлухский имам хиллачу йарташкара наха. "Батлухера кегийрхойн цIарах" къамелдечо "сийдоцург" ву олу динан Iеламча, "йуьртахошна йукъахь цунна меттиг бац" олуш.
"Батлухксий муфтиятана критика йан волавелча, цунна Iаткъамбан буьйлира цуьнца цхьаьна болх беш хилларш, муфтиятан имамаш, - билгалдоккху республикера редакцица вистхуьлучо. – Хьекъална эшна ву, бехира иза цара, Абдулаевгахьа гIо дохуш йоккха кампани йолийра".
Оханан-баттахь муфтиятан векалша Нечаевка эвлара Абдулгафуровн къена нана арайаьккхира. Иза шуьйра дийцадаьккхира эвлахь, кхин дIа бохура спикеро: "Цхьана хенахь и цIа дара Батлухскийн дена, Iеламчана, Буйнакскан имамана Абдулгафуров Мухьаммадана совгIатна делла".
Абдулгафуров-воккхахверг вийра 2012-чу шарахь эккхийтар дина. И зулам вовшахтохарна бехкаш дехкира террорхойн "Имарат Кавказ" тобанан куьйгаллехь волчу Сулейманов Мохьмадана. 2015-чу шарахь ницкъахоша операци дIахьош вийра иза а.
Кху стигалкъекъа-баттахь Батлухскийс шарIан кхеле кхайкхинера Абдулаев. Масех бехк баьккхира цо цуьнгара, иштта шен да а, Дагестанера кхинболу динан гIуллакхдархой а байъарна а. Муфтийс (хIара текст зорбане йоккхучу хенахь) шен тIекхайкхарна жоп ца деллера. Редакцица къамелдинчара чIагIдарехь, ша Абдулгафуров карарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь ву.
Хуьйцуш воцу муфтий
Абдулаев Ахьмад Дагестанера Динан урхаллин коьрте хIоьттира 1998-чу шарахь шел хьалха цу даржехь хилла Абубакаров Сайд Мухьаммад-Хьаьжа вийначул тIаьхьа. ХIетахь дуьйна хийцаза латтош ву Абдулаев, оцу йукъанна иза йухахаржарх гуш-хезаш нахалахь дийцаредина а дац, боху дагестанхойн журналисто, шен цIа а ца йоккхуш.
"ХIара хIун ду хьуна аьлча, суфиша шайна йукъахь йолу бIостаналла "куза бухахь" дуьтуш, биссинчарна и дискусси маьIне ца хетар, хIунда аьлча, муфтий уггар а хаьлха "шенчарна" ву", - кхетийра къамелдечо.
Цуьнан дешнашца, муфтийга а, муфтияте а болу хьежамаш къаьсташ бу къаьмнийн а, динан а тобанех. ГIумкойшлахь а, суьлишлахь – Дагестанера дуккхаъ а йолчу цхьана тобанан векалшлахь - Динан урхалла къобалйийраш дукха бац; суфийн ламасташлахь чIагIбеллачу мурдийн а бу шайн динан лидерш.
Официалан муфтиятан а, меттигерчу имамашна а йукъахь бистхилар ду, амма координацин хотIехь ду, аьлча а, муфтийн бакъо йац имамашна тIехь урхалла лелон. Оцу кепарчу йукъаметтигийн гурашкахь урхаллин а, Iаткъамбаран а хеттарш чолхе дуьссу.
Къамелдечо бахарехь, дIоггара динан хеттаршца доьзна хаарш доцчу могIарерчу бахархошна, муфтий бусалба нехан хьалханча ву, делахь а кегийрхоша ироница тIеоьцу иза, цунах лаьцна мемаш йеш: "Аварцийн гонашкахь Абдулаевга а хьажам кеп-кепара бу: цхьаболчарна легитимехь волу лидер санна го иза, вукхара – критика йо".
Редакцица динчу къамелехь кхечу спикеро билгалдаьккхира, цхьайолчу кIошташкахь муфтийгахьа дуккха а нах хилар. Гумбетовн, Чародинан, Тляратинан, Шемалан кIошташкара а, охьайагарйира цо: "Амма хIара ах бу, йа кIезиг берш бу. Вукхарна гергахь формалехь тIетар ду, адамашна бен-башха дац".
Республикехь консерватиан исламан гаранаш хиларо муфтиятан хьал чолхе доккху, резахуьлу тхан хьасташ. Масала, салафиташна Дагестанан муфтият легитимехь йац аьлла хета, уьш авторитете а ца лору, хIунда аьлча, цара дин лелор къаьсташ ду Динан урхалло довзуьйтучу ламастин исаламх.
Идейш йолу мурд
"Батлухскийн претензеш стенца йу аьлча, муфтият коррупцица йоьзна хиларца йу. Шайн ка мел йолучу хIумана тIехь ахча доккху номенклатура дIахIоьттинера цигахь, - дуьйцура дагестанхойн журналисто. – Батлухский уггар а хьалха идейш йолу мурд ву, иза реза вац Дагестанехь оцу наха суфизм дIайолларна".
Муфтий харц ву бохуш, аравийлина мурд ванне а вац
Дагестанера салафитийн цхьахволчу хьехамчас Костекский IабдуллахIа бахарехь, республикан муфтиятера проблемаш тахана йуьйлайелла йац – уьш йолу дуккха а шераш ду. Конфликтан бахьана, цунна хетарехь, муфтиято кеп-кепарчу интригашца бакъонза Iедал доладерзор, ткъа къайлахчу сервисаша царна цу тIехь гIо до. Iалашо, бохура Костецкийс, бусалабшна тIехь "контроль дIахIоттор" йу.
"Муфтият килсах тарйан хьийза Оьрсийчоь… Килсера патриархо олу – массара а и кхочушдо. Иштта ду кхузахь а: муфтийс ала деза – биссинчара ладогIа деза", - дIахьедира Костекскийс ютьюбехь динчу къамелехь.
"Батлухскийс динарг – мурдашлахь бина карчам бу. Ара а вуьйлуш, муфтий харц ву баьхна мурд хилла а вац. Массо а тапъаьлла Iара, муфтиято лелочунна шаьш реза доццушехь. Тарикъатера Батлухский дIа ца вахна, амма цо дIагайтина, ша ширачу тарикъатан статусехьа хилар, Оьрсийчоьно хьайина йоцчу", - дерзийра хьехамчас.
- Дагестанера салафизм а, суфизм а – муха аьтто хуьлу дуьхь-дуьхьал ца бийла, стен Iаткъам бо адамийн хьежамаш радикале беш, лулахойх стенца къаьсташ йу республика – хIара а, кхин долу хеттарш а дийцаредира историко Вачагаев Майрбека а, антрополого, талламхочо Калишевск Ивона а "Хроника Кавказа" подкастехь.
- Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн шеконаш йу, Къилбаседа Кавказера муфтиятийн кхачам боллуш бусалбанийн бакъонаш латтон а, царна Iаткъамбан а бакъо хиларх.
- 2021-чу шарахь Дагестанера цхьадолу маьждигаш Москван куьйгакIел дерзийра. Эксперташна хетарехь, маьждигийн юрисдикцих хеттарш –вовшахтохаран ду, церан цхьанацадаран коьрта бахьана доьзна хила тарло имамийн кандидатурашца.
- Бусалбанийн дуьненахь шуьйра дийцарш долийра Израилан а, ХЬАМАС-ан а тIамо, доккхачу декъана ГIазза секторера тIемалойн гIишлошна тIе тохарш долийча. Къилбаседа Кавказера бусалба мехкашкахь адам арадийлира акцешка, Дагестанехь жуьгташна духьал аэропортехь лелийначу къепедацаршна тIехула тIаьххьарчу шерашкахь хиллачех уггар а шуьйра бехкзуламан гIуллакх долийра.