ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европахошна нохчийн синбахам бовза аьтто ло Бексултанов Мусас


Германи -- Нохчийн яздархочун Бексултанов Мусан дийцарийн шолгIа жайна арахецна немцойн маттахь Австрехь, 28ГIа12
Германи -- Нохчийн яздархочун Бексултанов Мусан дийцарийн шолгIа жайна арахецна немцойн маттахь Австрехь, 28ГIа12

Нохчийн къоман амал, гIиллакхаш, культура, кхийолу башхаллаш дуьненна йовзуьйтучу яздархойх ву Бексултанов Муса. Цуьнан рогIера дийцарийн жайна арадаьлла немцойн маттахь Венехь.




„Вокзалехь къемат де дара, жоьжахате яра вокзал, адамех, къинойх, сатийсамех йоьттина, нIаьний санна сийсачу, лаьхьий санна хьерчачу, кхойкхучу, доьлхучу, доьлучу адамех, зингатийн тIуьйлиг санна, юьзна, йистина, чохь а, арахь а, тIехь а, бухахь а дIасауьдучу адамех гIуьттуш.

Нах бертал а, аркъал а Iохкура, набахтин камераш чохь санна.
Ахь лакхара полка лецира: „Лагерный я!“- аьлла, мохь а тухуш, тIера цхьаъ чу а кхоьссина.

Хьуна тIехь тужурка яра, лоьмар а йолуш, лергаш долу куй а.
Вагон йоьдура, лестара, саца тохалора, дIайолалора; лампа кхулура, йовра.
Вагоне мохь болура, дажалан кийрара санна.
Вагон чухула стаг вогIура, сагIийна лаьцна куьг а долуш, нахана тIехула когаш а бетташ, наха чехош, Iуьттуш...
Иза улло схьа веъна, хьалахьаьжира, гена куьг ирах а ойуш.
Хьо Iадийра.
„Мак-Шарип!“- элира ахь...“

И дешнаш Бексултанов Мусан „Крест“ бухта“ дийцар тIера ду. Советан Iедало лаьцна, набахтешкахь а, лагершкахь а бала а хьегна, шераш девллачул тIаьхьа цIерпоштачохь воьдучу цхьана нохчочунна сагIадоьхуш лелаш шен юьртахо дуьхьал кхетар дуьйцуш ю и кийсак.

Яздархочун къоламна кIелхьара тIаьхьарчу шерашкахь арадийлинчарех уггаре а тоьлла, угаре а нохчочун сих а, дагах а кхеташ долу и дешнаш хIинца немцойн мотт лелачу пачхьалкхашкахь европахошна а довза йиш ю. Дукха хан йоцуш Австрехь араяьллачу Бексултанов Мусан дийцарийн гуларна юкъахь арадаьлла иза а, кхин а ткъеха керла дийцар а.

Австрерчу "Китаб" зорбантехь арадаьлла и тептар, цуьнан цIе немцойн маттахь „Der Weg zurück zum Anfang“ ю, нохчийн маттахь аьлча, „Юхьене бо некъ“, - Бексултановн кхузахь арадаьллачех хIинца шозлагIаниг ду. Хьалхарниг оццу Китаб зорбантехь масех шо хьалха арахийцира, „Ferne Gestade des Lebens“ („Дахаран генара хинбердаш“) цIе а йолуш.

Бексултанов Муса вайн заманахьлера тоьлла нохчийн прозаик ву, дукхаъчу литература йовзархошна а, критикашна а хетарехь. Цундела цуьнан дийцарш Европерчу ешархошна довза йиш хилар вуно мехала хIума ду. Цаьрца, цу дийцаршца, цкъа а цхьана а нохчийн яздархочуьнга хIинцалц ца даладелларг ду- къоман сибат ша ма-дарра, цуьнан амалш а, аматаш а, къоман Iадатийн тIум а дешнашка яккхар. Нохчийн дас-нанас виначу муьлхачу а стеган дог Iовжош, цуьнан ворхIе а дегара, дуккха а чкъурашкахула таханене кхаччалц схьадеана долу синан иэс меттаходоккху ницкъ бу цаьрца.

Швейцарехь ехачу гочдархочо ХIерольд Марианнас бина Мусан яздарш немцойн матте гочдарехь болх, иза цундела а бу, мах хадийна ца валлал, беза.

Маршо Радионе Бексултанов Мусас дийцира, Европехь шен тептарш арадовлар муха нисделла а, цу тIехь кхин дIа ша а, шен гочдархочо а бан леринчу балхах а лаьцна.

Бексултанов: „И киншка яраяларан дика хIун ду аьлча, иза сан киншка хилар дац, иза Европехь вайн культура а, литература а дIайовзийта цо аьтто бина хилар ду. Культурехула бен къаьмнаш вовшашна нийса довза а ца девза, уьш вовшашна тIе дуьгуш долу ков а ца деллало. Цундела цу киншках а цхьа пайда хир бацара теша, аьлла, сатуьйсу-кх“.

Нохчийн къоман литература кхечу меттанашка гочъян а, хийрачу ешархочунна и литература йовзйийта таро луш йолу гочдархойн ишкол а ца хилар вуно боккха эшам бу, яздархошна хилла ца Iаш, иштта йоллучу а къоман культурана бохуш дуьйцу яздархочо.

Бексултанов: „Гочдархой ца хиларо Iаламат чIогIа новкъарло йо суна а, кхечу яздархошна а. Я цу хIуман бала болуш кху махкахь стаг а вац-кх. Мах а белла, цхьа гочдархо лаьцнера ас, оьрсийн матте сайн дицарш даха. Юха цо бина болх мелла а цхьа тамашена а хетта, иза цхьа кхечуьнга байти. Юха кхин а цхьана кхечуьнга бойтуш, и дийцар 5-6 гочдархочух чекхделира сан. 5-6 гочдархочух чекхдаьллачу дийцарах хIума ца дуьсу. Стеган деган чарх санна, цхьа чарх-м юьссу, амма цуьнан тIум дIайолу, меттан хазалла а, меттан башхаллаш а йов“.

Къоман культура – иза тIаьхьарчу шерашкахь деккъа цхьана хелхаршка яьвлла, бохуш дуьйцу яздархорчо. И хелхарш а дац хила дезачу кепехь, мелхо а, цу культуран вуно генарчу шовкъечу дIасаидаршка а девлла.

Бексултанов: „Мотт а, культура а – иза чIогIа галдаьлла ду вайн карарчу хенахь. Къамелехь дерриге а деш ду, дезденош а хуьлу, амма бух а болуш, цхьа мах а болуш, деш хIумма а дац культурехь. Хелхарш дар, даима а „дарг-дарг“ бохуш зурба лекхар – иза ма яц культура. Культура – иза дош ду, аз ду, сурт ду, литература а ю, къамел а ду, гIишло а ю“.


Шеко йоцуш, къоман литературан дозалла а, уггаре а бакхийчарех кхиам а бу Бексултанов Мусан проза. Цуьнан дийцарш немцойн маттахь дешначу Германерчу а, Австрерчу а, Швейцарерчу а ешархоша церан хадош болу мах а бу цу хIуман тоьшалла. Бухта „Крест“ а, кхин дIа долу Мусан дийцарш а хIора нохчийн доьзалехь дела денна деша а доьшуш, тIекхуьчу чкъурана уьш довза а довзуьйтуш, церан чулацам а, цу тIехь беш болу хиламаш а цкъа а биц ца балийтархьама, даима а гучу меттехь а, тIекхочучехь хила дезар аьлла хета цундела.

...Мак-Шарип!“ - элира ахь.
Стаг вегийра, дIа а тохалуш. Стеган бIаьргаш арадевлира.
Хьо охьаиккхира полки тIера. Ахь качметаш лецира цуьнан, хьайн мерIела тIе а озош.

„Дай-ваший вала хьан! - элира ахь, - хьан вала хьайн дай-ваший, хIокху бархI-исс шарахь сох кхета кхуза кхаьчначу!“

Мак-Шарипе велхар иккхира: „Алхаст, Алхаст!“- бохуш, хьох хьарча а тохалуш.
Мак-Шарип, ден-ненан цхьаъ бен а воцуш, ворхI йиша а, шортта даьхни а долуш жима стаг вара, хьо цIера арме воьдуш...

Хьо вилхира, цу стагах хилларг гича, дуьххьара кхетта нохчо сагIадоьхург вуйла а хиина.

Хьан сица, хьан ойланца, хьан пхенашца, бIаьрсица латта буьхара ирахIоьтира, стигланаш чу а кеглуш.

Дуьне дан а дацара, дуьне доьхнера, ахь оццул сатийсина нохчочун маьрша дуьне.

Хьо аркъал дIакхийтира, полки тIе, нийса аркъал, хьайн бIаьрхиша бIарз а вина...“
XS
SM
MD
LG