ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Иэсан биста йисте


Бексултанов Муса

Иэсан биста йисте

Суна дагадогIу денош, денош а, буьйсанаш а, юха дийнан лакхенехь малхо лоьху IиндагIаш.

Кертан яххашца – бIаьстенаш; га дерзина – гуьйре; тIаккха яххьаш адамийн, олхазаран тIемаш, гезгамашош, некъан таьш, акхаройн лар-сибаташ а. Юха суо а, цхьана ненан бер – къора, бIаьрзе, экама.

ХIинца а го изза буьйсанаш, малхах лечкъа IиндагIаш, амма бIаьргашна хIума ца девза; хIинца а хеза, хIетахь санна, амма лерехь – кхин аьзнаш, кхин амалш, васташ кхин, жималлехь (беран хенахь) суьрташ санна, лацаделларш.

Зама кхетамо дакъошка йоькъу: суо юьххьехь караво суна, хIетахьлера, бархI-исс шеран, дерриг а соьца кхоллалучохь.

Сан кхетам карзахболу, цхьаъ-м ган гIерташ я хаза, синхаамо Iехош, бIарлагIаша цецвохуш. Со шерашца лела иштта, хIинц-хIинцца бохуш, дагалоьцуш, дагадогIург лаца ца луш, цхьана заманера цхьа дуьне, цхьа хаза хилла, шорта хилла, стигланаш иштта яьржина, цхьа инзаре хаза лаьмнаш, коьрта тIехула идда мархаш а…

Юха со иштта лацавеллачохь, хIинцалера суо кара ца во, воцуш хуьлу, я вицвелла, я сайн доцчу сибатца…

ДогI-догIу-уш дагадогIу тIаккха, «хьенех» аьлла цхьа цIе а йолуш, нах а бевзаш, нахана а, доьзал а болуш, да-нана а, цхьана кIоштара вуйла иза – суо.

Цхьанна хIуманах а ца кхета тIаккха.

Юха дерриг а дагара долу.

Нахах терра, нах санна, лела, доцу-оьшучунна ведда-хьаьдда, ков-керт, юург-мерг.

Зама йоьду. Зама йолу. Чо къежло. БIаьрса оьшу. Юьхь хебарша гезгъян юлу.

Цхьацца баланаш, къестарш, дахаран эшамаш – дIадицло гIан-набарх, я хила а ца хилча санна.

Цхьана гурахь (гIа дужу хан) Iаьнна кхаба цIинтерчий1 эца лам чу воьду – Хилдехьа.

Хече-Дукъах тIе а ваьлла, Пкъерахула, Гарбалчу, Шина-Торха юккъера меттамотт а хадийна (со лелла цигахь жима волуш, сайн деца жа дажош), «Масаран мохь гIорийна шовда» олучу хьостане кхаьчча, хи мала дагахь охьалахло ……. …………………………………… багахь цхьа бур-бур а деш, хи тодеш доллу бер, хина гонаха тIулгаш дохкуш.

Гена воццуш гуш да а ву, жа а дохку даьржжина, тIелатийча санна, дежаш.

Беран мотт а бу арабеъна, цергашна юкъахь Iовдуш. Куй, эткаш, тужурка а Iуьллу юьстах кхоьссина. Тужурка чоьхьара йоьхна къаьста, кIайн-мокха бамбеш а гуш. Малхбузу хан ю аьхкенан, анайистехь мархаш а го.

Бер сих-сиха хьалатаьIа, шен дега бIаьрг тоха. Да басехь вижина Iуьллу, аьрру гола дIа а гIортийна.

Беро даккхий тIулгаш кхоьхьу, хене кхаччалц хьала а уьйуш. Когаш лазабо. Айраш ду когийн ховха, аьхкенна мачаш лелорна.

Цу балха юккъехула шайн урам дагабогIу берана, шайн кертара йоккха туьрк.

Юха дега кхайкха хьаланисло, туьрк мадъеллий аьлла, хатта.

ТIаккха, хьалатаьIча, аьрзу го, шуьйра-даккхийчу тIемашца, корта дIаса а боьхкуш, хьийза. Лаьтта тIехула цуьнан IиндагI, IиндагIах къехка жа.

ТIаккха юха а тIулгаш, хина гонаха, хи сацош.

Хи доккха хуьлу, лакх а луш.

Бер ша-шена делало. Цкъа Iаббалц хи а мелла, дега кхаъ баккха дагадогIу цунна, ша хьоста тодина, аьлла.

Ши голий, куьйгаш лаьтта а гIортийна, хи мала юха охьалахделлачу берана – суна – суо го, шамар ихна юьхь а йолуш, гIеххьа хьалатоьхна къоьжа маж а ………………. со цеце Iадаво, цхьа инзара, аз а доцуш…

Бер ца хуьлу – жа а, дада а…

Иэс дIадов. Зама а яц. Иза хIун дара?! ХIун ду иза?!

Хьанна хуур… Маца?

1999 шо, август – 2000 шо, январь.

XS
SM
MD
LG