Белгородан кIошта хьовсош бу аьлла, хьалхо хаам бина хилла "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша дIалецна украинхойн дозанна дехьара позицеш; цунна гергахь куп тоьхна бу салтий. Регионалан "Пепел", милитаристашкахьа йолу "Горячие точки" телеграм-каналаша бира цунах лаьцна хаам.
Дозанеру хьолах хуучу шайн хьасташна тIетевжина "Пепел" телеграм-канало дуьйцу, кадыровхоша дIалаьцна "3-5 тIеман эшелонаш" аьлла, оцу йукъанна хьалхара а, шолгIа а эшелонашкахь бу салтий. Хьалхо "Горячие точки" телеграм-канало чIагIдора, Нохчийчуьра эскархой реза ца хилла Украинаца доза тоьхначу кIошташкара позицеш дIалеца бохуш.
Шен телеграм-каналехь оцу хеначохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, "Ахмат-Запад" батальонан эскархой кху беттан 15-чохь оьрсийн-украинхойн дозанера Нехотеевка, Казинка эвлашна уллора КПП—хь дIатарлуш бу аьлла.
Кадыровн публикацица цхьаьна хIотийна видео йара, цу тIехь Оьрсийчоьнан парламентан Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханов Адама чIагIдора, Нехотеевкехь ву ша бохуш; и видео маца йаьккхина йу – хуийла дац. Белгородан кIошта "Запад-Ахмат" схьакхачарх хаийтира Делимхановс мангал-беттан 13-чохь.
Нохчийчохь вовшахтоьхна, тIеман министраллин структури йукъа йогIу "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIошта хьажош барт хилира мангал-беттан 12-чохь Белгородан кIоштан губернаторца Гладков Вячеславца депутатан Делимхановн хиллачу цхьаьнакхетарехь. КIоштара Росгвардин урхаллин а, тIеман министраллин а векалш хилира оцу вовшахкхетарехь.
Карладоккху, мангал-беттан 14-чохь тIечIагIбанза хаам баьржира, оккупаци йинчу Запорожьен кIоштара Приморскехь украинхойн дакъоша дIайаьхьна операци бахьана долуш Делимханов Адам вийна аьлла. Цул тIаьхьа Оьрсийчуьра хьасташа чIагIдора, цунна чевнаш йина аьлла. Цхьа хан йаьлча Кадыров Рамзанан дIахьедира, Делимханов "дийна а, могуш а ву", бехкбаьккхира хаамийн гIирсашкара, зорбанашкахь харцдерг даржорна.
- Дахначу кIирнахь Белгородан кIошта нохчийн дакъош хьежаде аьлла, хьийхира Кадыровс. Цо билгалдаьккхира, тIеман министраллин а, Нохчийчуьра Росгвардин а дакъойн боккхачу барамашкахь зеделларг ду, гIаттамхошна дуьхьал "хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а" тIемаш бина аьлла. Шерачу Белгородан кIоштахь хIун оьшур ду церан зеделларг, Кадыровс ца дийцира.
- Америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, Кадыровн инициатива йоьзна хила тарлора Украинехь тIемаш бан цалаарца.
- Белгородан кIошта хьийсабе нохчийн эскархой Кадыровс алале ши де хьалха, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс дIахьедира, шен йолахой гIур бу цига, и кIошт Iалашйан тIеман министралин дакъой гунахь дацахь. Кадыровн а, Пригожинан а дуьхьалйогӀу инициативаш хьалхатеттира Нохчийчоьнан урхалхочунна а, ЧВК "Вагнеран" командирна а йуккъехь конфликт нисйеллачу заманчохь. Украинан дIалецнчу дозанаш тIехь кадыровхой дехьа-сехьа бахарца доьзна хилла дов дара и.
- Украинан дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, махкахь полисхоша лечкъийначу нахе а тIамехь дакъалоцуьйту бохуш. Царех цхьаболучарна хьоьхура йа тIаме доьлху шу, йа шайггара долийначу гIуллакхехула набахте доьлху. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
- Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(Institute for the Study of War) чIагIдора, нохчийн дакъош тIемашкахь дакъалоцуш дац, царех тылехь пайдаоьцу бохуш. Цунах лаьцна дийцира, Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а цхьаьна.
- Стигалкъекъа-бутт бовш дуьйна диверсийн "Оьрсийн лаамхойн корпус" тобано а, "Маьрша Оьрсийчоь" легионо а – лаамхойн дакъош ду уьш, Украинехьа тIемаш бечу Оьрсийчоьнан бахархойх вовшахтоьхна, рейдаш латтайо Украинаца доза тоьхначу Белгородан кIоштахь. Масала, стигалкъекъа-беттан 22-чохь Грайворонан гонашка чубахара уьш, ткъа мангал-беттан 4-чохь шай контроле ийцира цара Новая Таволжанка эвла. Цул совнах дозанера кIошташна, къаьсттина Шебекино гIалина а, иштта Белгородна а тохарш до, бераш арадаьхна цигара кхечу кIошташка, губернаторо Гладковс кхайкхамбира Шебекинера бахархошка, цхьана ханна хIусамашкара арадовлий, дIагIо аьлла.
- Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIуш, цIерашца Нохчийчохь керла йиъ батальон - "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" вовшахтохарх дIахаийтира стохка мангал-баттахь. Кадыровс дийцарехь, оцу дакъошка йазвина ву кхо эзар гергга стаг – уьш берриг а Нохчийчуьра бахархой бу.