Украинехьа тIемаш бечу нохчийн тобанхоша Белгородан кIоштахь йинчу рейдехь дакъалаьцна Ичкерин лидерийн воIарша. Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан кIант Закаев Шемала а, 2001-чу шарахь вийначу Ичкерин тIемалойн командиран Бараев Iаьрбин кIанта Бараев Фатхьис а.
Украинхойн талламчийн Коьртачу Урхалло йаржийначу видео тIехь The Insider гIирсан журналисташна вевзина Закаев Шемал а, Бараев Фатхьи а. Закаев Ахьмадан жимахволчу кIанта, Закаев Наиба, бакъдина видео тIехь и шиъ ву аьалла.
Цо иштта дийцина, Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа шен ваша Шемал тIама йукъа а вахна, Украинан агIор ву, Ичкерин структурера арахьарчу талламхойн департаментехь гIуллакх деш ву иза аьлла
Закаев Наиба дийцарехь, Шемахь хиллачу нохчийн тобанан экс-командиро Ажиев Рустама, Шишани Iабдул-Хьаким цIарца дика вевзачу, куьйгалла дечу "Борз" полко вовшахтоьхнера рейд.
Хьалхо Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа дIахьединера, Украинан интернационалан легиона йукъарчу Къастинчу леррина Iалашонаш кхочушйечу батальоно (ОБОН) йинера диверси аьлла. Ажиевн тоба ОБОН-нна йукъагIур йу бохуш, стохка гурахь дуьйна дуьйцура.
ОБОН-н эскархоша Белгородан кIоштахь герзашца дIайаьхьначу рейдах лаьцна дийца даьккхира товбеца-беттан 17-чохь. Украинхойн талламхоша йаржийначу видео тIехь нохчийн маттахь къамелаш дечу тIемалоша "Z" элпаца билгало йинчу салтийн машенна герзаш детта, хаьхкина йогIу и машен диттах кхетий, соцу. Цул тIаьхьа а детта цунна герзаш.
Кавказ.Реалиина хьасташа чIагIдарца, видео зорбане йаккхале ши-кхо де хьалха дIайаьхьна йара операци. Кхечу хьасташа бахарехь, товбеца-беттан 15-чохь йина диверси Середа эвлана гергахь, ши салти вийна герзаш диттинчу машенахь хилла.
ТIаьхьо ОБОН-а видеон шуьйра верси зорбане хIоттийра. Цу тIехь гуш ду, масех иттаннашкахь диверсанташ духьало а йоцуш дIасалела Оьрсийчоьнан дозана тIехь, цул тIаьхьа "Z" билгало кабини тIехь йолчу машенна тIелета уьш.
- Украинехь шуьйра тIом болийчхьана дозанехь йолчу Белгородан кIоштахь сих-сиха тохарш до. БIаьста жигардаьхнера герзаш деттар, диверсин "Оьрсийн лаамхойн корпусан" а, "Оьрсийчоьнна Маршо" легионан а диверсин тобанаша йолийра герзашца рейдаш.
- Мангал-баттахь хаамбора, Белгородан кIошта дехьадахарх Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра тIеман дакъош. Кеп-кепарчу хьасташа дийцарехь, кадыровхоша дIалийцира украинхойн дозана дехьара позицеш – салтийн баккъаш тIехьара.
- Украинехьа тIемаш беш йу Нохчийн Ичкерия республикан агIончех лаьтта масех лаамхойн батальонаш, царех цхьадолу дакъош официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.