Белгородан кIоштара "Колотиловка" постехь – Украинана а, Оьрсийчоьнна а йукъара цхьаъ бен йоцу пост йу и – вайна украинхойн мухIажаршна гIо деш хилла волонтер Демиденко Александр. ТIечIагIбазчу хаамашца, иза лачкъийна хила тарло кадыровхоша.
Де хьалха зIенера вайна Демиденко, хаамбо "Оьрсийн Би-би-си сервисо". Дозанхойн пункте цомгаш къано йалош веана хилла иза, дозанан Оьрсийчоьнан агIор "фильтрацех" иза чекхйаларе хьоьжуш хиллера.
Оцу заманчохь паспорт цуьнгара схьадаьккхинера КПП-н белхахоша – хьалхо цо дийцинера, и практика дукха хан йоццуш йолийна хиларх. Украинхой схьакхетош веанарг дIа ца вахийта, вуьйш дозанехула чекхбовллалц – нагахь санна, и стаг дехьа ца валийтахь, дозанхойн постехь машен йоцуш ца виссийта долийна хилла и.
Меттигерчу таксхоша дийцарехь, царна гина хиллера, Росгвардин билгалонца ши машен Демиденкона тIе а йеана, цу чуьра арабевллачу "мажош йолчу тIеман барзакъца", нохчех тера болчу наха шайца дIавуьгуш. ХIетахь дуьйна из волу меттиг хууш бац.
Регионалан "Пепел" телеграм-канало а йаздо, таксхоша дийцарехь, "Росгвардин машенаш тIехь нохчаша дIавигира иза" аьлла.
"Оьрсийн Би-би-си сервисо" билгалдоккху, волонтер кадыровхоша лачкъийна аьлла кхин совнахчу хьасташа информаци карарчу хенахь бакъ йина йац. Делахь а, гIирсан хаамашца, "Колотиловка" КПП-на гергахь куп тоьхна ду нохчийн дакъош.
Демиденко Александр – меттигера вахархо ву пенсхо а ву иза, цо гIо латтадо Оьрсийчуьра шайн даймахка цIа оьхучу украинхошна, КПП-на тIекхача. 900 гергга стаг цуьнан хIусаме вусу буьйса йаккха. Хьалхо дозанхоша бехкаш дехкинера цунна КПП-хь раьгIнаш гулйаларна, шайн рагI тIекхачаре хьоьжучу нахана хIиттийначу хьелашна йиллина критика а йеш хилера цо.
- Нохчийчохь вовшахтоьхна, тIеман министраллина йукъайогIу "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIошта хьажош барт хилира марсхьокху-беттан 12-чохь Белгородан кIоштан губернаторца Гладков Вячеславца депутатан Делимханов Адаман цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Украинан агIор тIемаш бечу диверсин тобанаша оцу мехкан кIошташкахь рейдаш йолийначу йуккъехула нисделлера и. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициатива йара иза – америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, Украинехь цаьрга тIом ца байтархьама дина хила тарлора и.
- Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош, формалехь федералан урхаллина йукъадогIуш делахь а, ма-дарра дийцича, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.
- Нах лечкъош, бертаза уьш къайлабахар шуьйра даьржина ду Нохчийчохь. Масийттазза билгалдаьккхира и бакъоларйархоша а, дуьненайукъарчу организацеша а, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьал Команда", Оьрсийчоьнан цIарах ООН-хь леррина докладхо йолу Кацарова Марьяна а, ООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет а, Human Rights Watch, Amnesty International а йолуш.