ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгороде кадыровхой дехьабаха алар доьзна хила тарло тIаме ца баха лаарца - ISW


Мариуполехь бу кадыровхой, 2022 шо
Мариуполехь бу кадыровхой, 2022 шо

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Белгородан кIошт Iалашйан дехьадаха нохчийн дакъош аьлла хьехар доьзна хила тарло, кадыровхошка Украинерчу тIемашкахь дакъа лацийта цалаарца. Цунах лаьцна дуьйцу америкахойн "ТIом зуьйчу институтан" (Institute for the Study of War) керлачу рапортехь.

Нохчийн ницкъаш сепаратистийн "ДНР" кIоште дехьабохуш бу аьлла, хаам хиллачул тIаьхьа оцу сохьта Кадыровс динчу дIахьедаро, аналитикашна хетарехь, тоьшалла деш хила тарло "чолхечу меттигашкахь ницкъаш ларбан лаам" хиларан. И дешнаш тIечIагIдеш, эксперташа билгалдаьккхира, мехкан урхалхочо шен тIаьххьарчу вистхиларехь боллу эскархойн терахь 70 эзар ду алар, оцу йукъанна стигалкъекъа-беттан 26-чохь цо элира, Украинана дуьхьал болчу тIамехь царех 7 эзаро дакъалаьцна аьлла.

"Кадыровс бохург бакъ делахь, нохчийн болчу ницкъашлахь 10 процент гергга бен бац Украинехь, амма цуьнан дIахьедар бакъ ду йа дац хьажа аьтто бац", - аьлла ду рапортехь.

Эксперташа хьалха а дийцира, нохчийн эскархой доккхачу декъанна тылехь бара, ткъа Кадыров Рамзана шен ницкъаш латтош бу цхьана меттехь, тIеман хьалхарчу могIаршка а ца хьийсош бохуш. Изза элира Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а. Цул совнах, Украинехь кадыровхой гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, гинчарна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIехь бу.

  • ТIаьххьарчу деношкахь меттигерчу Iедалхоша дIахьедо, Шебекино гIалина а, Шебекинан кIоштара эвлашна а ВСУ-н агIор болчара денна бохург санна тохарш до аьлла. Украино цунна йеш комментари йац. Хьалхо губернаторо Гладков Вячеслава тIечIагIдира, Новая Таволжанкехь тIемаш хиларх – Украинаца дозанехь лаьттачу Белгородан кIоштара эвла йу иза.
  • Стигалкъекъа-бутт бовш сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIе кадыровхой дехьабахарх дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазан. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалеца олуш - билггал муьлхарш, хууш дац. ХIетахь эксперташа дIахьедира, шайна хетарехь и гIудч йаккха кадыровхой декхаре бина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цуьнца цхьаьанкхеттера зазадокху-баттахь Кадыров. Цул совнах, Кремль оцу кепара хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, ЧВК "Вагнеран" долахочун а йукъаметтигаш йохон.
  • Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Кадыровс хьийхира нохчийн тIеман дакъош ЧВК "Вагнеран" метта Бахмутна герга хьийсаде аьлла. Компанин долахочо Пригожин Евгенийс къобалбира и сацам – цул хьалха цо дIакхайкхийнера шен йолахойх дуккха а хIаллакхиларна а, тIеман министралло оьшу гIирс ца латторна а цигара уьш арабохуш хиларх. Делахь а, оццу дийннехь къаьстира, тIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс латтор бу шаьш аьлла, дош деллийла.
  • Дечкен-бутт бовш аннекси йинчу ГIирмехь лецира Ибрагимов Хьасан, цигарчу ресторанехь летарна. Кадыровн гонера ву иза, оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь цуьнан "векал" хIоттийнера иза. Цул а масех кIира хьалха телеграм-каналашкахь информаци йаьржира, Мелитополехь садаIаран база хIаллакйина, цигахь дIатарбелла бара кадыровхой аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG