Белгородера волонтеран Демиденко Александран хIусамех хьоьвсина полицин белхахой а, "Запад-Ахмат" батальонан эскархой а. Цунах лаьцна дIахьедина цуьнан хIусамнанас Вишенкова Натальяс. Белгородан вахархо лаьцна гIадужу-беттан 17-чохь, цуьнан зудчо прокуратуре дIахаийтинчул тIаьхьа Демиденко цIа валийна хиллера чохь талламбан. Вишенковас дийцарехь, лачкъийначун дегIа тIехь таммагIаш дара – тIехь ницкъбина хила тарло цунна.
"МухIажаршна гIо дан дозана уллохь гулбеллера нах, формалехь йоцчу волонтерийн тобана йукъахь вара Александр. Цо ша накъосталла дора украинхойн мухIажаршна, шен ницкъ мел кхочу: машенахь дIабуьгура, шен хIусамехь дIатарбора, хьехарш дора. Шина шарчохь цо гIо дина хила тарло эзар стагана", - дийцина Кавказ.Реалиин сайте "Пепел" ресурсан коьртачу редакторо Парменов Никитас. Демиденко лачкъорах уггар а хьалха дийцинарг иза ву.
ГIадужу-беттан 17-чохь "Колотиловка" постехь сацийра Демиденко Александр эскархоша – хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу дакъоша.
"Гинчара дийцарехь, ницкъахоша сацийнера иза къамел дан, цул тIаьхьа шен машенахь царна тIаьхьа дIавахара иза. Александр цIа ца веъча, иза вайна аьлла массо а инстанцешка дIахаийтира цуьнан хIусамнанас. ГIадужу-беттан 20-чохь иза цIа валийра кадыровхой а, Шебекинан декъан полисхой а уллохь болуш", - дуьйцу Парменовс.
Петарх хьовсучу заманчохь схьайаьккхина ракетница а, (герз лоруш дац и), ноутбук а. Чохь талламбарах хIоттийна протокол дайна, лаьцначун зуда тIекхуьуш йац цунах хIун хилла.
Карарчу заманчохь Демиденко Александр волу меттиг хууш бац, иштта къаьстина дац, цунна бехк биллиний а, йа муьлхачу артиклашкахь биллина а. Бакъонан гIо латтош ву доьзална адвокат, кеп-кепарчу инстанцешка кехаташ йаздина цо.
ASTRA телеграм-канало хаамбимна, 10 дей-буьйсий хан тоьхна Демиденко Александрна административан гIуллакхехула аьлла – нахана йукъахь къаьркъа молуш хилла аьлла бехкевина. Иштта канало дIахьедо, бакъо йоцуш герз лелорна аьлла, цунна дуьхьал гIуллакх айдина хиларх.
Белгородан кIоштан маьрша кхелийн картотекехь (оцу кхелашна тIетовжу ASTRA) Кавказ.Реалиин корреспондентана ца карийна Демиденкона дуьхьал административан гIуллакх даккхарх йаздина.
"Цхьа а бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина дац, бакъо йоцуш герз лелорах муххале а. Карарчу хенахь беш талам бу, гIуллакх вовшахтоха долийна бен дац", - дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте Вишенкова Натальяс. Иштта цунна хууш дац, шен цIийнда административан гIуллакхца доьзна лаьцна хиларх а.
- Нохчийчохь вовшахтоьхна, тIеман министраллина йукъайогIу "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIошта хьажош барт хилира марсхьокху-беттан 12-чохь Белгородан кIоштан губернаторца Гладков Вячеславца депутатан Делимханов Адаман цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Украинан агIор тIемаш бечу диверсин тобанаша оцу мехкан кIошташкахь рейдаш йолийначу йуккъехула нисделлера и. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициатива йара иза – америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, Украинехь цаьрга тIом ца байтархьама дина хила тарлора и.
- Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош, формалехь федералан урхаллина йукъадогIуш делахь а, ма-дарра дийцича, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.
- "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша ФСБ-ца а, полицица а йукъахь рейд дIайаьхьира Белгород-мехкан дозанца йолчу кIошташкахь. "Диверсин-талламхойн болх беш хилла" аьлла шеконашца 6 стаг лецира, хаамбира регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь.
- Белгородан кIошта дехьадаьхна Нохчийчуьра тIеман дакъоша дIалийцира украинхойн дозанна геннара позицеш - салтийн баккъаш тIехьара. Цунах лаьцна мангал-беттан йуккъехь хаамбира телегрма-каналаша, иштта тIамехьа йолчара а цхьаьна. Хьалхо эксперташа дIахьедарца, кадыровхой лехьабахар доьзна хила тарло Нохчийчоьнан урхалхочунна ницкъаш кхоон лаарца а, цаьрга баккхийчу тIемашкахь дакъа ца лацийта а Iалашонца.