Бельгера депортацин набахтехь латточу 39 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун Албаков Исламан могушалла де дийне эшна йогIу, бIаьрса дайна ала тарло цуьнан. Оцу йукъанна кхачам боллуш лоьрийн дарба ца до цунна, дIахьедина Кавказ.Реалиин редакцига Бельгера "Дуьненан зударий лаьтта тIера машарехьа бу" бакъоларйаран организацин куьйгалхочо, "Европера машаран хIусаман" векало Газиева Фатимас. 2019-чу шарахь дуьйна депортацин центрехь латтош ву Албаков.
"Исламан нана йаьллера соьца зIене. Набахтехь латточу оцу заманчохь бIаьрса доцчу новккъа ду цуьнан. Леррина Бельги цунна бIаьргех духку куьзганаш дохьуш гергарнаш баьхкича, цара схьа ца эцнера. Кхачам боллуш лоьрийн дарба дац цунна деш, Албаковас дийцарехь, церан хIун цIу йу а ца дуьйцуш, мехий диттина хилла цунна", - дийцина Газиевас.
Хууш ду, 2018-чу шарахь АлбаковгIеран вежарий Ислам а, Iимран а лаьцнера Францихь, хIунда аьлча, Интерполон лехамашкахь хиллера ший а. Оьрсийчохь уьш бехкебо гIаттамхошлахь хиларна. Лионера кхело бехказаваьккхира ши ваша, цул тIаьхьа Ислам Бельги шен доьзал болчу дIавахара. 2019-чу шеран чиллин-баттахь йуха а лаьцна иза, депортацин центре дIавигира, цуьнан гIуллакх теллина даллалц.
"2020-чу шарахь Албаковна Оьрсийчу депортаци йан йеза аьлла, хаттар айдича, бакъоларйархоша а, нохчийн диаспоран векалша а кеп-кепарчу мехкашкахь масех митинг дIайаьхьира Исламехьа. ЕСПЧ-кхеле а девлира тхо, эххар а ка йелира иза дIалуш бина сацам йухаэцийта. Амма гIуллакх кхелехь луьстуш дац, цхьана а кепара биллина бехк боцуш, дина таIзар а доцуш пхи шо гергга хан йу и стаг чохь валлон", - аьлла тIетуьйхира бакъоларйархочо.
Карарчу заманчохь Швейцарера а, Бельгира а, Австрера а нохчийн бакъоларйархой Iедалхошка кехат кечдеш бу, Албаков Исламца долчу хьолан тергойар доьхуш. Цунна лоьраш тIебитийта а, мухIажаран статус йаларх гIуллакхан йистйаккхар а тIедожош.
- 2023-чу шеран гIуран-беттан 31-чохь Венехь депортацин набахтена хьалха митинг хIоттийнера, Австрихь лаьцна латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам.
- Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, цара дIахьедора Хорватира куьпарчу белхахоша шайна тIехь къизаллаш лелайо аьлла. Иштта цара дийцира, бахьана доцуш, шайггарчу экстремизмаца боьзна бу аьллачу шеконашца шаьш цигахь латторах. Итт де дьалча шайгара хьал эшча, Хорватина тIехь Iуналла дечу органаша цхьана а кепара тидам ца бича, мацалла сацийра цара.
- Швейцарин Iедалхоша сацам тIеийцира, шайн пачхьалкхера 40 шо долчу Нохчийчуьра Батаев Iелина депорт ца йан. 2022-чу шеран гурахь дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтош вара иза, шена тIе терго озархьама дуккха а деношкахь мацалла хьийгира цо. Карарчу хенахь маьршаваьккхина иза.
- Товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша, Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал, тIедожийра иза маьршаваккха бохуш. Иштта митинг хилира Швейцарера миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариатна хьалха а.