ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берана хьалха урс диттина Нохчийчохь меттигерчу вахархочунна, бахьана ду боху – чIир


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь мила ву цахуучу стага берана хьалха урс диттина меттигерчу вахархочунна, бахьана ду боху чIир. Хиллачу тIелеттачо ша дIайазйина видео йаржийна социалан машанашкахь. Талламан комитетехь тIечIагIдира бехктакхаман гIуллакх долорах а, бехкеверг лоьхуш хилар а.

Вийнарг ву – Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлара 54 шо долу вахархо Гакаев Iабдурахьим. Нах бехачу уьйтIа а воьдий, цул тIаьхьа урс детта волало зуламхо, дуьйцу Mash Gor телеграм-канало. Динчу тIелатарна масех метар дехьа жима бер ду, хетарехь вийначун кIант ву иза, йаздо "АиФ-Ставрополь" ресурсо.

"Вешигара совгIат деана ас хьуна", - боху видео тIехь тIелеттачо.

Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, тIелатаран бахьана ду чIир. Нохчийчуьра Талламан комитето тIечIагIдина стаг верах гIуллакх талларх, хаамбо "Чечня Сегодня" агенталло, амма официалехь хIун бахьана хилла дуьйцуш дац.

  • Нохчийчуьра Iедалхоша кхайкхамбо мехкан бахархошка чIир йекхар дита бохуш: 2010-чу шарера схьа дуьйна Динан урхалла коьртехь а йолуш Нохчийчохь вовшахтоьхна маслаIат ден леррина комисси. 2022-чу шарахь муфтиятехь дIахьедира 58 доьзална йукъахь барт барх, делахь а, маслаIат дечу декъашхойн тошаллашца, бертаза лелош хIума ду и.
  • Оцу йукъанна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а кест-кеста чIир кхайкхайо шайн оппоненташна. ТIаьххьарчех ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинехьа тIемаш бечу Нохчийчоьнан маршонан агIончашка дина дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG