2024-чу шеран дечкен-оханан-беттанашкахь Къилбаседа-Кавказан федералан гонехь шиъ республика йоцчехь, бераш далар лакхара хилла, йоллу пачхьалкхехь болчу гайтамел а. Ишта, регионехь дуьненчу даьллачу эзар беран йукъехь 5,3 баларш ду, боллу махкахь леш дерш ду –4,1. Дахначу шарца дуьстича берийн баларш дукхах долучу республикехь лакхадаьлла терахь. Из гуш ду Росстатан зерашкахь.
Оцу гайтамашкахь хьалхара йу Дагестан – дуьненачу даьллачу эзар берех 5,9 леш ду. 2023-чу шарахь и гайтам 5,2 бара. Пачхьалкхехь бераш лечу зерашкахь республика цхьайтолгIачу меттигехь йу.
Кхин дIа йу Къилба-ХIирийчоь а, Ставрополан мохк – эзар керла динчу берашлахь 5,4 валар. Шо хьалха Къилбаседа ХIирийчохь и гайтам бара 4,5 ткъа Ставрополехь – 3,6 валар. Нохчийчохь бераш лен кеп хьалха санна йу – 5,2; ГIеберта-Балкхаройчохь иза жимма охьайаьлла – дахначу шарера 5,4 баларашна тIера 4,8 тIе охьайаьлла кху шарахь.
ГIалгIайчохь (керла дуьненчу девлачу берех эзарна йукъера 3,8 валар) ГIебарта-Балкхаройчоьнахь (2,7) валар Оьрсийчохь йуккъерчу барамехь нисло. Оцу йуккъанна бахначу дечкен-оханан-беттанашкахь Кхарачой-Чергазийчохь кегийн бераш даларан барам лакхарчу тIегIанехь бара 8,8 цу хенахь республико шолгIа меттиг дIалецира.
- Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а стохка алсамдаьллера бераш далар, Росстатан зерашкахь ду и йаздина. Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу республикашкахь и гайтам лакхара нисбелла, Оьрсийчуьра йуккъера барам схьаэцча.
- Стохка хьалхарчу эхашарахь динчу хьесапашца, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а алсамох дара некъан бохамашкахь беллачийн терахь. Йухадагардича некъан бохамашкахь лазийначарлахь 100 велира. И гайтамаш рекорде бара оцу мехкашкахь тIаьххьарчу масех шерашкахь хиллачуьнга ладоьгIча.
- ТIедогIучу иттех шерашкахь бахархой лахлур болчу Оьрсийчоьнан 3 регионашлахь нисйелла Ростовн кIошт. Прогноз йу ГIалмакхойчуьура а, Ставрополь-махкара а Къилбаседа ХIирийчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьура а бахархой жимлур бу аьлла. Социалан-экономикан проблемашца йузу и тенденци эксперташа.