Березовски Бориса, Лондонехь, цIаьххьана дIaкхалхаран хьокьехь таллам беш йолчу Британин чоьхьарча гIуллакхин министралло, кхин керла хIума аьлла дац цу хьокъехь. Шайна масех кIира хан езар ю, цу гIуллакхана таллам бан, тIакхха шаьш шайн жамIаш довуьйтур ду Британерчу юкъараллина, элира Темз-Воллей олучу графствера полицин эпсаро Биссел Марка, хьалхо, Зазадоккху беттан 31-чехь, ша хаамин гIирсашка динчу дIахьедарехь.
Тахана Англехь дIа хаьттинчо олу, Борис, ша-шен са эца хIуттур волуш а, йа иза дан бахьана долуш а стаг вацара, олий. Ишта, хала ду нахана теша, цо Путин Владимире, ша юха Оьрсийчу вита, ша лелийначунна ша къера а ву, дохковаьлла а ву, бохуш яздина кехатан (кху деношкахь дийца даьккхина долу) бух болуш ду аьлла. Шийтта шарахь цу оьрсийн, тахана лаьттачу Путинан Iедалца къийсам а латтийна, тахана царна хьалха охьатаIа амал долуш стаг вацара иза олу, Березовский вевзаш хиллачу наха.
Цу нахах ву Британехь вехаш волу, Нохчин Ичкери Iедала гIентда Закаев Ахьмад а, ишта, дуьненна а вевзаш волу яздархо а, советан заманахь дуйьна диссидент а волу, Буковски Владимир, кхин берш а. Шаьш цатеша, Березовскийс ишта кехат яздина аьлчи… Ишта делхьара, тоххарехь гIарадаькххина хир дара Кремло, бохуш дуьйцу цара.
Цу ойланца ву Украинан Экс-президент – Кучма Леонид а: «Ша хIокха сохтехь ца теша Бориса ша-шен садаькххина бохучу хабарех,» элира цо шен “Лига” олучу хаамин гIирсаца хиллачу къамелехь – «ша тешар ву, нагахь санна Британин Iедалан талламан гIирсаша иза тIечIагIдахь,» олуш дерза дора Кучмас ше къамел.
Лондонехь вехачу Муслима, аса шега цу хьокъехь деллачу хаттарна ишта жоп делира – “И дерриг сурт тера ду Путина Владимира, 1999 шарахь, ша оьрсийн пачхьалкхан министрийн хIусаман гIентда хIоьттинчу хенахь тесначу кхерамах – ша «нишкахь карбахь, цигахь а хIаллак бийр бу террористаш» – аьлла цо динчу дIахьедарехь. «Ткъа, Березовский, нишкахь карийна хилар а, церан (Путинан наха) леррина гойтуш билгало ю,» аьлла хета шена а, шена бевзачу нахана а, бохура Муслима.
Оьрсийн хьола-да а, политик а волу Березовский Борис вевзаш хиллачех цхьа а ца караво, цо шена тIе куьг даьхьна бохучух тешаш. Шайна массарна а хаьа, тахана Оьрсийчоьнан къайлаха Iедалаша, дуьне мел ду, Путина ира “мостагIий” а, цуьнан Iедална реза мел воцург а, лохуш а, хIаллак беш а, якххий хенаш етташ хилар – иза тахана гуш ду. «Борисан валар а, цу могIарера ду аьлла хета шайна – цара вийна иза,» олий хуьлу церан жоьпаш. Политковски Анна a, Литвиненко a, Перепеличный a, ткъа хIинца Березовски a, олий дIа йагар йо цара тIехьарчу шерашкахь байиначу нехан цIераш.
Цу хьокьехь дагадаийта лаьа, 2006-чу шарахь, Путина инициативица, Оьрсийчоь парламенто тIе эцна ши низам: хьалхара – оьрси пачхьалкха Iедална критика еш волу стаг экстримисти а, террористи а могIаре хIоттош, уьш мостагIи бу аьлла дIа а кхайкхош. ШозлагIа – и мостагIи, России пачхьалкахь а, цуьнан дозанал арахь а, Оьрсийчоьнан леррана кхерамазаллин структурашна и нах хIаллак бан бакъо луш. Дукхха а хаттараш дуьтуш хIума ду, цул тIехьа, России чохь а, цуьнан дозанел арахь а хилла вер-вакххараш, церан парламенто и ши низам тIеляцначул тIяхьа хилла хилар. И шеконаш кIаргъеш хIума ду и байина болу нах Путина Iедална критика еш нах хилла хилар а.
Ткъа Березовски Бориса ша-шена тIе куьг а дяхьана шен саэцна бохуриг, тахана оьрсийн Iедална пайдехь ду аьлла хутту дукхха а нехан ойла. Цу кеппара, Британи Iедална а пайдехь дац Березовский цхьаммо шайн латта тIехь вийна, бохуриг – церан дуьненахь йолчу цIарна эшаме хIума иза долун дела, олуш нах а кара бо. Ам, дуьззина жоп цунах хила гена ду олий хетало. Нагахь иза хилахь а, иза лундериг зама ю.