ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн "Ахмат" клуб кхолла йеза аьллачу Украине чугIоьртинчу декъашхошца дов даьлла Алаудиновн


Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а
Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъост Алаудинов Апти девне ваьлла оьрсийн талламхойн диверсин-штурман "Русич" тобанан (националистех лаьтташ ду и дакъа, дуьненайукъара санкцеш йу царна дуьхьалйаьхна) эскархошца. Бахьана даьлла нохчийн "Ахмат" декъан куьйгакIел берийн куп кхолла йеза аьлла, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Кузнецов Дмитрийс дечкен-бутт бовш дина хьехарх.

ХIетахь инициативана критика йира "Русич" декъан эскархочо Топаз Евгенийс, цо хаттар хIоттийра: муха хир йу нохчийн реакци, нагахь санна, шайн бераш патриотикехь кхетош-кхион националистийн Санкт-Петербургера клубе хьовсон церан депутатийн ойла хилахь?

"Ахмат" спецназан командиро Алуадинов Аптис жоп делла оцу критикана шен телеграм-каналехь чиллан-беттан 4-чу сутйранна. Доккхачу декъанна, резабоцчу эскархойх "цIийнан тIемалой", "диванан турпалхой" аьлла цо. Алаудиновс бахарехь, "Ахматан" эгидаца берийн куп кхолларна дуьхьал берш, "йа оьрсий бац, йа националисташ бац".

  • Алаудинов Апти – Кадыровн Нохчийчоьнан коьртачехь векал ву Оьрсийчоьнан федералан каналаш тIехь, дуьненайукъара санкцеш йу цунна дуьхьалйаьхна. Украинехь "Ахмат" декъо маьрша бахархой байина бохуш, шеконаш йу царах Украинехь.
  • Украинехь шуьйра тIом болабеллачул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъошкара эскархошна а, кхечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъошна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополехь хиллачу конфликтах.
  • Стохка гурахь Алаудинов девне велира ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочуьнца, цо дIахьединера кадыровхошна а, кхечу Оьрсийчоьнан тIемалошна а йукъахь хиллачу "тийсадаларех".
  • Москван кIоштара Коломны гIалара номер 14 йолчу школера йоьалгIачу классан берашна Керлачу шарна лерина кружканаш йийкъира "Ахмат-Сила" тIейаздина, иштта Кадыровн йишин кIанте урхалла дан йеллачу Danone компанин продукци а. "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, нохчийн дакъошна лерина "йеххачу заманчохь" дешархоша кечдеш хиллера окопехь дагон чIурамаш а, маскировкина бойнаш а.
  • Товбеца-баттахь Бахмутана гергахь йийсаре вахначу "Ахматан" эскархочо дIахьедира, буьйралло тIеман хьалхарчу позицешка нохчех боцу, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархой хьийсабо аьлла. Цо бахарехь, ледара тIеман гIирс ло цаьрга, цхьана а кепара йа кеч ца бо уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG