РогIера Берлинале „Iодика йойла, сан эла“ цIе йолчу францхоша а, испанхоша а юкъахь даьккхинчу лентица схьайоьллуш ю. Жак Бенуас яькхина йолу и фильм цхьана зудчуьнан дагалецамашна тIехь хIоттийна ю. Къоналлехь Францин эла хиллачу Мария Антуанеттин самукъадаккхархьама цунна книжкаш йоьшуш балхахь хилла йолу иза къаналлехь Венехь нисло.
Францехь революци яьлла 21 шо даьллачул тIаьхьа цо дIаяьллачу хенаца шен йисинчу йоккхачу марзонца дагалуьйцу шен дахар.
Кхушарахьлерачу кинофестивалан жюрина куьйгалла деш Британера режиссер Ли Майк ву. Цуьнца цхьана жюрин болх боькъур бу даханчу шарахь Берлиналин коьрта совгIат даьккхина волчу ГIажарийчурчу ФархIади АсгIара а, Францерчу Озон Франсуас а.
И тIаьххьарниг Нохчийчурчу киноезархошна а дикка вевзаш ву, уггаре а хьалхе шен гIараяьллачу „БархI зуда“ цIе йолчу фильмаца а. Иштта жюрин декъахь ву актер Джилленхол Джейк а, шен даханчу шарахь юкъаяьллачу „Персин принц“ фильмехь коьрта рол ловзорца вевзаш волу, ткъа иштта Фон Триер Ларсин кхолларалла езачарна массарна дика евзаш йолу Генсбур Шарлотта а, цуьнан „Антихрист“ а, „Меланхолия“ а фильмашкахь левзина йолу.
Берлиналин коьрта хьаша кху шарахь Мерил Стрип ю. Цо коьрта рол ловзош йолу „Эчиган леди“ цIе йолу фильм кинофестивалан коьртачу программехь гойтур йолуш ю. Цу фильмехь ХIолливудерчу уггаре а тоьллачу актрисех йолчу Стрип Мерила шен Iедалехь йокхачу говзаллийца ловзайо Британин премьер-министр хиллачу Тетчер Маргаретан рол. Цу фильмехь бийцаре беш бу нийса 30 шо хьалха Британина а, Аргентинина а юккъехь Фолклендийн гIайренаш къевсина хилла болу тIеман мур.
Ала догIу, кху деношкахь изза Фолклендийн гIайренаш бахьана долуш цу шина пачхьалкхан юкъаметигаш хаъала шелелла, девна герга гIоьртина хиларна, цу филман актуалалла къаьстина лекха хилар.
Берлиналихь иштта гойтур бу Джоли Анжелинин дуьххьарлера режисеран болх. Джоли Анжелина ца евзаш Нохчийчохь пхийттара ваьллачех я кIант, я йоI ю аьлча теша хала ду. Цуьнан хIусамда Бред Питт а санна. Цхьа ша- тайпа хазаллин эталон ларалуш ю иза вайнехан кегийрхошна, къаьстина мехкаршна, юккъехь.
Ур-аттала Соьлжа-гIаларчу «Беркат» базарарчу туьканийн пенашна тIехь дIадиттина ду тIейоьхна нохчийн гIабали а йолуш лаьттачу Джолин суьрташ.
Цундела шеко яц цуьнан фильм дуккха а вайнехан киноезархошна доккха совгIат хир ду бохучух. Нохчийн матте яькхина „ЦIий а, моз а Iена мохк“ аьлла гочъян мегар долчу цуьнан филмехь гойтуш ду Балканашкахь тIом болчу хенахь хилларг.
Тоххарехь доллучу дуьнентIехь а шуьйра евзина йолчу цу филмехь дийцаре деш ду Сербин эскархоша Боснерчу бусулба нахана тIехь латтийна хилла къизалла а, эзарнашкахь боснахой байъар а.
Амма уггаре а хьалха Джоли Анжелинин филм безамах а, адамийн уггаре а сирлачу юкъаметтигех а лаьцна ю.
Берлиналин коьртачу къовсаман программехь берхIитта филм ю. Фестивалехь гойтур йолуш ю немцойн режиссера Трампе Тамарас яьккхина йолу „Аганан иллеш“ цIе йолу фильм. Нохчийчура тIамах лаьцначу болчу белхашца евзаш йолу режиссер шен тIаьхьарлерачу филмехь а ца юьсу нохчийн темина хийра.
Цуьнан филман турпалхойх цхьаъ ву Берлинехь вехаш волу нохчийн поэт а, ткъа иштта урамашкахь эшарш лекхарца ахча доккхуш волу реп-лакхархо а, тайп-тайпанчу къаьмнех долу бераш а, инзаре хазачу суьрташца гойтуш йолу немцойн коьрта гIала а.