ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бесланан наношца" хиллачу цхьанакхетарехь Бастрыкина дIахьедина оцу гIуллакхехула талламан тоба шорйарх


Дудиева Сусанна, "Бесланан наной"
Дудиева Сусанна, "Бесланан наной"

Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр, президентан Путин Владимиран тӀедиллар кхочуш а деш, зIене ваьлла "Бесланан наной" организацин декъашхошца. Цо мукӀарло дина, школехь тӀелатар динчу пхеа стеган декъий хӀинца а къастийна дац аьлла, омра дина, цу гӀуллакхехь талламан тоба шоръйан, таллам бечу йуьххьехь гулйинчу материалашна "критикан анализ" йан.

Цигахь хиллачу организацин декъашхоша Бастрыкине хеттарш делира "теракт ца хилийта а, цуьнан тӀаьхьалонаш ца хилийта а ницкъаллин структурийн а, орцан сервисийн а векалша лелийнарг шен хеннахь а, кхачам боллуш а хиларх", билгалдаьккхина Талламан комитетан дӀахьедарехь. Цу цхьаьнакхетарехь тӀемалойн цIераш къастон керла хаамаш бовзийтира боху.

Талламан комитетан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь "Бесланера нанойн" векалшна керла хӀума ца дийцира, хаамбира комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас "ТIемаш" зорбанан гӀирсе. Юкъараллин жигархоша Бастрыкине делира хьалха президенте Путине делла талламбарх лаьцна хаттарш, дийцира цо.

Марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь Къилбаседа ХӀирийчу веара президент Путин Владимир. 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь террорхоша Бесланерчу номер 1 йолу школа дӀалаьцначул тIаьхьа 2008-чу шарера схьа дуьххьара веара презиент цига. Цул тӀаьхьа "Бесланан наной" йукъараллин организацин векалшца цхьаьнакхийтира иза. Оцу цхьаьнакхетарехь Путина кхечу пачхьалкхашкара бахархой бехке бира террорхошна гӀо деш хиларна, иза "чӀогӀа цецвелира" Бесланехь хиллачу терактах лаьцна талламаш хӀинца а чекхбевлла цахиларх лаьцна шена хиъча. Цо дӀахьедира, ша Талламан комитетан куьйгалхочунна тӀедуьллур ду хьал листар аьлла.

  • Ӏедалан комиссино а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а динчу жамӀашца, тӀемалой хIаллакбан гӀертачу муьрехь байъина 334 закъалтах дукхахберш.
  • 2004-чу шарахь Бесланерчу террорхоша дӀалаьцначу школехь закъалтхой алссам байаран хьелаш толлуш дуккха а шерашкахь болх бечу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас шен талламан керла дакъа зорбане даьккхина. Бесланера школана танкаш чуьра тохарш дина, цу чохь закъалтхой дийна болчу хенахь аьлла, къастийна цо.
  • Теракт хиллачул тӀаьхьа кхоьллина "Бесланан наной" болам дукха хан йалале шайна йукъахь дов даьлла, дӀасакъаьстира. Цуьнан хиллачу декъашхойх цхьаболчара "Бесланан Аз" цӀе йолу керла болам кхоьллира. "Бесланан наной" санна, уьш цкъа а ца кхойкхура Ӏедалца цхьаьнакхетаршка. 2016-чу шарахь "Бесланан Аз" тобанан декъашхошна йиттира, дIа а лецна, терроран тӀелатар хилла рогIера шо кхаьчначу дийнахь хьалхарчу школехь протест йарна. "Путин Бесланан чалтач ву" аьлла йоза долу футболкаш а йуьйхина, официалехь дIахьочу бараме баьхкинера уьш. "Бесланан наной" цӀе йолчу боламо "питана" элира цу акцех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG