ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланера школана танкаш тIера йиттина закъалтхой дийна болчу заманчохь - "Новая газета"


Бесланера номер 1 йолу школа, сурт даьккхина 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь
Бесланера номер 1 йолу школа, сурт даьккхина 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь

2004-чу шарахь террорхоша Бесланера школа дIалаьцначу хенахь дуккха а закъалтхой цигахь балар йоллу кху хеначохь зуьйчу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас, шен талламан шолгIа дакъа зорбане даьккхина. И хьакхало оцу школана штурм йечу заманчохь танкаш чуьра тIейиттина хиларх, хIетахь закъалтхой дийна хиллера.

ГIуллакхан материалашна а, цигахь хиллачийн тоьшаллашна а тIетийжаш, Милашинас йаздо, 58-чу йукъарчу эскархйон декъан армино ФСБ-н леррина Iалашонаш кхочушйечу Центре дIайелла хиллера тIедиллар дарна экипаж чохь кхо танк. Къайлахчу сервисийн белхахоша буьйралла деш хиллера танкхойн, церан цIераш хууш ца хиллера царна.

Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь дукхахболу закъалтхой латточу спортзалехь лелхийтарш а, цӀе а йаьллачул тӀаьхьа, террорхоша дийна бисинарш дехьабаьхнера коьртачу школин гӀишлонан кхечу чоьнашка, шайна йукъахь хьалхарчу гӀат тӀера хIума кхоллу чоь а йолуш. И йерриге а хӀусамаш школана йуххехь дӀахӀиттийначу танкийн могӀанехь йара.

Танкашца йетта йолайахь, шайна кхерам буйла кхеттачу террорхоша закъалтхой, адамийн турсаш санна, кораш тӀехь дӀахӀиттийнера. Корашкахь нах боллушехь, 14 сахьт 25 минот йаьлча танкех цхьаммо герз тоьхнера, корера цаца болу рама дӀайаккха гӀерташ, амма аьтто ца белира церан.

Цул тӀаьхьа танкаша герз диттира берийн хIума кхоллучу чоьнна тIе делкъал тӀаьхьа 3-4 сахьт даьлча, спецназо школан гӀишлонна штурм йан йолаеллачул тӀаьхьа. Милашинас билгалдоккху, спортзалехь лелхийтарш хиллачул тӀаьхьа йолийна йацара штурм аьлла, цул тIаьхьа ши сахьт даьлча йолийра боху цо. Оцу муьрехь закъалтана лаьцначу цхьаболчу нехан аьтто баьллера шайн ницкъашца школера арадовла.

ШолгIачу дийнахь хIума йуучу чохь хьуьйсуш, талламхошна гучуделира чоьхьа эгна йохийна цаца болу раманаш а, танкашца тоьхча бен хила йиш йоцу йохийна меттигаш.

Шуьйра йаржийна верси йу, танкаша "болванкаш" йиттинера аьлла- Ӏамораш дIахьош кхуьйсу хIоьънаш. Амма масийттаза мукIарло динчу танкийн экипажашкарчу тӀеман белхахоша чӀагӀдо, уьш тайп-тайпанчу тӀеман хIоьънех йуьзна йара бохуш.

Хууш дац маса закъалтхо велла кхача кечбечу чохь. Декъий этIийна дац, и нах хIун бахьана долуш белла а, къастийна дац. Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь байина берриг а закъалтхой школан спортзалехь лелхийтарш бахьана долуш белла хилар билгалдоккху талламан документаша а, хIора а валарх хIоттийначу кехата тIехь а.

  • 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чохь, ткъа шо кхечира террорхоша дIалаьцначу Бесланера номер 1 йолчу школехь штурм йина. Iедалхойн комиссино а, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а динчу хьесапашца, тIемалой хIаллакбан гIертачу заманчохь байъина бу 334 закъалтхойх дукхаберш.
  • РогIера шо кхача герга долуш Оьрсийчоьнан президент веара кхаа дийнахь гIаттамхоша эзар сов бераш а, баккхийнаш а латтийначу школера спортзале. Цо кадам бира, чIурам хIоттийра белларш дагалоцуш, мемориала хьалха голаш тIе а хIоьттира. Цо терактана бехкебира арахьара мостагIий, 20 шо хьалха ша дийцинарг бIостане а доккхуш. Амма беллачийн наноша бехкалара ца волуьйту иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG