ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланерчу школан къилбера флигелехь закъалтхой байар къайладаьккхинера Ӏедалша - "Новая газета"


Бесланера номер 1 йолу школа, сурт даьккхина 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 4-чохь
Бесланера номер 1 йолу школа, сурт даьккхина 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 4-чохь

2004-чу шарахь Бесланерчу террорхоша дӀалаьцначу школехь закъалтхой алссам байаран хьелаш толлуш дуккха а шерашкахь болх бечу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас шен талламан керла дакъа зорбане даьккхина. Иза хьакхалуш ду школин гӀишлонан къилбаседан флигелехь хиллачу закъалтхойн кхолламах.

ГӀуллакхан материалашна а, бӀаьргашца гинчийн дийцаршна тӀе а тевжаш, Милашинас йаздо, гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь дукхахболу закъалтхой болчу спортзалехь лелхийтарш хилла, цӀейаьллачул тӀаьхьа дийна бисинарш террорхоша школан коьртачу гӀишлонан чоьнашка дехьабахарх. Ишта хьалхарчу гIат тIера кхача лелочу чохь а дIатарбира - цунах лаьцна дийцира кхул хьалха бинчу талламехь а.

Спецназо школана штурм йар а, дийна бисина закъалтхошна эвакуаци йар а дирзира 17 сахьт 25 минот йаьлча. Цул тӀаьхьа дукха хан йалале, сарахь 6-7 сахьт даьлча, ФСБ-н лерринчу операцийн Центран эскархоша гранатометаш йиттира къилбаседанехь йолчу гӀишлонна тӀе. ГӀуллакхан материалаш тӀера гуш ду, цигахь эскархойн дахарна кхерам а боцуш, лечкъаш болу террорхой байархьама и дина хилар.

18 сахьт 51 минот йаьлча фотографо Беляков Дмитрийс сурт даьккхинера, цу тIехь гуш ду къилбаседан флигелан тхов тӀерачу Ӏуьрг чуьра арахьаьжна исс спецназан белхало – цо тӀечӀагӀдо цу хенахь цигахь дийна террорхой бисина цахилар.

Амма сарахь 9 сахьт даьлча гранатометашца а, танкаш чуьра а йуха а тIе герзаш диттинера цу флигельна, ткъа буьйсанна эккхийтар дина йукъара тхевнаш охьаэгнера. Милашинана хетарехь, закъалтхой флигель чохь белла хилар къайладаккхархьама дина хилла и.

Цо билгалдоккху, штурм чекхъйаьллачул тӀаьхьа сихонца эскархоша школана го бина хилар, амма талламчаш шолгӀачу Ӏуьйранна бен ца тIе ца битира. Оцу хенахь беллачу закъалтхойн дерриг а декъий школан уьйтIа арадаьхнера. Цу кепара, кхачам боллуш таллам бан беза зулам дина меттиг хьайаза ца йиссинера. Буьйсана сахиллалц школехь дуккха а ФСБ-н белхахой бара.

ГӀуллакхан материалаш тӀехь цхьатерра, наггахь дешнашца а йаздина, МЧС-н масех белхахочо дина тоьшаллаш ду. Цара хаамбинера, гезгамашан -беттан 4-чу дийнапхеа террорхочун дакъа карийнера, амма цхьа а закъалтана лаьцначу нехан дакъа ца карийнера цу чохь аьлла. Милашинас чӀагӀдо, и тоьшаллаш бух болуш дац, хӀунда аьлча, оцу хенахь и "мастерская" олу чоьнаш йацара- уьш йерриге а хӀаллакйина йара тохаршца а, эккхийтаршца а.

Эххар а цхьахволчу тешо тIечIагIдира, Къилбаседа ХӀирийчоьнан нах лоьхучу, кIелхьарабохучу тобан куьйгалхочо гезгмашан-беттан 4-чу дийнахь Ӏуьйранна хиллачу къамелехь хьахийнера, дерриг а 60 гергга закъалтхойн дакъа оцу йуьйцучу чоьнашкара арадаьхнера аьлла.

Байъинчийн декъий экспертиза йеш этIийна дац, закъалтана лаьцначу хӀораннан а валаран билггал долу бахьанаш къастийна дац. Талламан документаша а, валаран тоьшаллаша а гойту, гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь массо а закъалтхой школан спортзалехь лелхийтарш дар бахьана долуш байина хилар.

Милашинас дийцарехь, школан спортзал а йоцуш, кхийолу чоьнашкахь закъалтана лецна нах байар къайладаьхьна ду, хӀунда аьлча, иза ца хиллехь "хаттар кхоллалур дара, уьш байарна бехке террорхой хилла ца Ӏаш, спецназхой а бу" аьлла. Ткъа уьш белахь, "бехке хуьлу оперативан штабан куьйгалхой а цхьаьна".

  • 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чохь, ткъа шо кхечира террорхоша дIалаьцначу Бесланера номер 1 йолчу школехь штурм йина. Iедалхойн комиссино а, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а динчу хьесапашца, тIемалой хIаллакбан гIертачу заманчохь байъина бу 334 закъалтхойх дукхаберш.
  • РогIера шо кхача герга долуш Оьрсийчоьнан президент веара кхаа дийнахь гIаттамхоша эзар сов бераш а, баккхийнаш а латтийначу школера спортзале. Цо кадам бира, чIурам хIоттийра белларш дагалоцуш, мемориала хьалха голаш тIе а хIоьттира. Цо терактана бехкебира арахьара мостагIий, 20 шо хьалха ша дийцинарг бIостане а доккхуш. Амма беллачийн наноша бехкалара ца волуьйту иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG