ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Би-би-си: ДаIишан тIемалойн 400 сов зудчо Багдадерчу набахтехь мацалла кхайкхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Терроризмаца зIе латторна бехке лерина Багдадерчу набахтехь йаллочу 400 зудчо мацалла кхайкхина. "Исламан пачхьалкхе" цхьаьнакхетараллин тIемалойн зударий бу уьш, Би-би-си гIирсан хаамашна тIетевжаш, йаздо Свобода Радионо. Царлахь Оьрсийчоьнан махкахой а, Къилбаседа Кавказера схьабевлларш а бу.

Би-би-си гIирсан хаамашца, Багдадерчу "Русафа" набахтехь йерриге 600 зуда йу - царлахь иттаннашкахь Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан, Украинин, ГIиргIазойчоьнан, Азербайджанан, Францин, Германин, кхечу пачхьалкхийн махкахой а бу. Чохь бохкучара дийцарехь, ду набахтехь бIе гергга бер а (Оьрсийчоьнан махкалла дерш царна йуккъехь бац)

Би-би-си гIирсаца къамеле йаьллачо дийцира, тутмакхаш реза бац шайна йинчу кхелашна, шайна хIиттийначу хьелашна, шаьш лардечара шайна таIзарш дарна аьлла. Цара дийцарехь, йалх шарчохь цу набахтехь мел кIезга а 60 зуда, 20 бер а шен хеннахь лор тIе цакхачарна кхелхина. ТIаьххьара кхелхинчу беран кхо шо хилла.

Зударша шаьш цигахь латторан хьелаш тадар, шайн гIуллакхаш йухалистар доьху. Террористийн цхьаьнакхетараллина гIо дарна царна тоьхна йаккхий хенаш йу. Цхьаболчарна белла дIабовллалц чохь такха а. Би-би-си гIирсаца къамел динчо дийцарехь, цунна бевзачу зударех цхьа а зуда ца хилла "Исламан Пачхьалкхе" цхьаьнакхетараллехь шен лаамца. Царех хIора а шен цIийндас аьлларг деш, Iийна йу." Дукхах болчу зударшна шаьш стенга буьгу хууш ца хилла",- аьлла, дийцира цо.

Иракъан официалерчу Iедалхоша Би-би-си гIирсо мацалла кхайкхорах а, набахтехь беллачех а деллачу хетаршна жоьпаш ца делира. Амма Иракъан юстици министралло набахтеш хила йогIучул доьазза дукха йуьзна хиларан даредира.

  • Хьалхо Кавказ. Реалии сайто дийцира, мацалла кхайкхийначу Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а зударех, церан цIераш йовзуьйтуш йац. Хууш ду, царех цхьаболчу тутмакхашна Иракъан кхелаша набахтехь такха 20 шераш тоьхна, йа белла дIабовллац чохь буьтуш, террорхойн "Исламан пачхьалкх" цIе йолчу цхьаьнакхетараллехь дакъалацарна. Дукхахберш царех терроризмана бехкебечийн зударий бу, йа царех бисинарш бу. Йерриг а мацалла кхайкхийнарг йу Оьрсийчуьра а, Азербайджанера а, Туркойчуьра а Беларусера а, Таджикистанера а, Узбекистанера а, Украинера 50 йахархо.
  • Охан-баттахь "Русафа" набахтера 40 ГIиргIазойчуьра йахархочо шайн Iедалхошка дехар динера, шаьш даймахка дерзош гIо дахьара аьлла. Цара дийцарехь, царех дукхахберш 2014-2015-чу а шерашкахь шайн хIусамдайшца баьхкина бу Шема а, Иракъе а. Зударша латкъамаш бо, шаьш латточу набахтерачу хьелашна – чIагIдо, цхьана камери чохь 50 зуда йу бохуш. Церан дайша-наноша а, гергарчара а дехарш дира Iедалхошка уьш даймахка берзабе бохуш, цара бахарехь, шайн лаамехь бахана бацара уьш, цIийндайшка ладоьгIна баханера аьлла.
  • "Исламан пачхьалкхе" шайх олу тоба дуккхачу пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчохь а терроризман цхьаьнакхетаралла лерина йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG