2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь керла доьзалш кхолларан терахь лахлуш ду, тIаккха доьзалаш бохар а лакхадолуш лаьтта. Нохчийчохь биъ баттахь керла доьзалаш шозза лахбелла, бохуш дуьйцу Росстатан керлачу зераша.
Доьзалаш бохаран уггаре йоккха динамика хаайелла Дагестанехь. 2023-чу шарахь боьхначу доьзалийн терахь кхузахь 75% хьаладаьлла – 3 569 тIера 6 276 тIекхаччалц. Цунна тIаьхьахIоьттина йогIу ГIебарта-Балкхаройчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Цигахь доьзалаш бохаран терахь цхьаъ ах барамна хьаладаьлла (42%, 41%). Нохчийчохь доьзалаш бохон буьйлабелла стохкачул а 40% дукха (2 203 тIера 2 926 тIекхаччалц).
Къилбаседа Кавказан йоллучу республикашкахь доьзалаш бохаран терахь хьаладолуш лаьтта, керланаш болор лахделла. 2022-чу шарца дуьстича, Нохчийчохь керлачу доьзалийн терахь хиллачул шозза лахделла ( 1 587 тIера 892 тIекхаччалц) – Оьрсийчохь хьалхара меттиг йу иза. Къилбаседа Кавказерчу республикашлахь цу гайтамехь шолгIа а, кхозлагIа а меттигаш Дагестано, ГIалгIайчоьно дIалоцу – керлачу доьзалийн терахь кхузахь 25% а, 22% лахделла.
Доьзалаш бохарехь Къилбаседа Кавказ федералан берригечу гонашлахь массарел а хьалха лаьтташ йу: 39% кхиъна долчу терахьца цо дIалоцу хьалхара меттиг, шолгIаниг – Сибрехо, 8% кхиарца.
- 2022-чу шарахь Нохчийчоь, Дагестан, ГIалгIайчоь Оьрсийчуьра мехкашлахь уггаре хьалхарчех йара. Стохка Нохчийчохь доьзалаш бохаран терахь шиъ, ах аьлла хьаладелира, луларчу Дагестанехь – шозза.
- Боьхна доьзалаш цхьаьнатухуш болх бен коммисеш Нохчийчохь йолу пхи шо а ду. Урхаллашна йуккъера тобанаш йу уьш, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йолийна. ХIора шарахь шаьш эзарнашкахь керла доьзалаш вовшахтохарехь дакъалацарх дIахьедо цара. Кавказ.Реалии сайто дийцира доьзалаш "табечеран" белхан башхаллех.
- Нохчийчохь доьзалаш бохарца болх бечу адвокаташа цу бохарийн бахьанех коьртаниш ду боху: Iер-вахаран девнаш, доьзалера Iазап, божарша дукха зударий кхийлар, цIийнден гергарнаш доьзална йукъагIертар.