ТIекхочийла долу линкаш

 
Боксехула дуьненан чемпион лачкъийна хилла Нохчийчохь, амма 10 бутт баьлча маьршаваьккхина
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боксехула дуьненан чемпион лачкъийна хилла Нохчийчохь, амма 10 бутт баьлча маьршаваьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Iалхан-ГIалахь кху шеран дечкен-баттахь лечкъийначарлахь хилла боксехула дуьненан чемпион волу Саламов Iумар. 10 бутт баьлча маьршаваьккхина иза – Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахтехь Iазапехь латтийна иза, дуьйцу адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центро.

Бакъоларйархойн хаамашца, гIадужу-беттан 31-чуьра лахьан-беттан 1-чу буса арахецна Саламов. Шегара боксхочуьнгара, йа цуьнан гергарчу нахера цунах хиллачух лаьцна хаамаш бац "Мемориалехь", амма хьасташа чIагIдарехь, Соьлжа-ГIалин МВД-н урхаллехь иза латточу хьалхачу беттанашкахь муххале а цунна тIехь ницкъбеш, сийсазаллаш лелийна хиллера.

Саламовна тIехьбевлла леларан бахьана девзаш дац – хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза хестийнера шен къамелехь.

Иштта Iалхан-ГIалахь лечкъийна нах шина шарера 10 шаре кхачалц хенаш йиттина набахте хьийсийна хиларх девзина "Мемориалана" – низамехь доцуш герзашца тоба кхолларна, цу йукъахь дакъа лацарна бехкебина уьш. ХIинца уьш Чернокозоверчу ИК-2 набахтехь хан токхуш бу, царахь цхьаъ кхеру регионерчу набахте дехьаваьккхина.

Iалхан-ГIаларчу Саламов Iумаран 29 шо ду, Дуьненайукъарчу боксан организацин (WBO) версица иза дуьненан чемпион ву, иштта дуьненахь уггар тоьллачу 15 боксхочун тептарехь а ву иза. Хьалхо Украинехь, Америкехь кечамаш бина цо.

  • Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх дийца даьккхира дечкен-беттан 9-чохь, хIетахь хаамбора, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь уьш латтош хила тарло бохуш. ТIаьхьо "Мемориало" тIечIагIдира дечкен-беттан ворхIолгIачу буса 25 гергга стаг лачкъийна вигина хилар. Охан-баттахь "Мемориална" билгалделира, 1алхан-Г1алара лечкъийнарш Соьлжа-Г1аларчу СИЗО-хь латтош бу, иштта царна дуьхьал бехктакхаман г1уллакхаш долийна хиларх а – низамехь йоцуш герзаца цхьанакхетараллица боьзна бу аьлла.
  • Лачкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша ваша – Леча а, Хьамзат а. Церан гергарчо чIагIонаш йора, Соьлжа-ГIалахь царна тIехь гIело латтайо мехкан Iедалхошна лерна бохуш. Иштта балехь валлош хиллера лачкъийна кхин цхьаъ а, Мусаев Iусман; тIаьхьо цуьнан гергарнаш а дIабигинера. Зазадокху-баттахь СолсаевгIеран вежарийн да сингаттам хиллачул тIаьхба кхелхинера инсульт хилла.
  • Чоьхьарчу гIуллакхийн официалан хаамашца, 2018-чу шарера схьа 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вайна 5 эзар гергга вахархо, ткъа билггал хьаьжча, уьш кхин а алсам хила тарло. Дуккха а нах лечкъош хилар сацочу меттана, Оьрсийчоьнан Iедалхоша йаржийна и практика, шайна чудогIучу кхечу дозанаш тIехь а, аьлла хета бакъоларйархошна.
  • Нах лечкъош, бертаза уьш къайлабахар шуьйра даьржина ду Нохчийчохь, масийттазза билгалдаьккхира и бакъоларйархоша а, дуьненайукъарчу организацеша а, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьал Команда", ООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет а, Human Rights Watch, Amnesty International а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG