ТIекхочийла долу линкаш

 
"Болх лахлуш бац". Iаьнначу мехкадаьттано йитина тIаьхьало а, берийн Анапехь садаIар а
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Болх лахлуш бац". Iаьнначу мехкадаьттано йитина тIаьхьало а, берийн Анапехь садаIар а


Белашца мазут лехьош бу волонтераш, Краснодаран кIошт
Белашца мазут лехьош бу волонтераш, Краснодаран кIошт

ГIуран-баттахь Iаьнначу мазутан тIаьхьалонах Iитталуш бу Анапан бахархой: хIорда чохь леш ду олхазарш а, дельфинаш а, ткъа мазуто бехйина гIум охьайухкучу меттигашкахь бехачу наха латкъамаш до, шайн могушалла цо талхош йу бохуш. Кубанера а, йисинчу Оьрсийчоьнан а дешаран хьукматаша хаддаза схьаоьцуш йу хIордайисте садаIа баха меттигаш. Охан-стигалкъекъа беттанашкахь цигахь йуха а мазут даьржар ду бохуш дуьйцу.

2024-чу шеран гIуран-баттахь Керчан боьранехь танкерш хи чу йахча, мазут дӀасакхийсар бахьана долуш зенаш хиллачу Анапе хӀинцале а бераш ду садаIа оьхуш, курортан гӀалин пляжаш хӀинца а мехкадаьттан сурсаташа бехйина йоллушехь. Зазадокху-бутт болалуш дийца даьккхира Анапера "Оьрсийчоьнан жовхӀар" берийн центро Краснодаран мехкан тайп-тайпанчу кӀошташкара бераш тӀеэцна хиларх. Кху шарахь кхин а 3 эзар гергга дешархой тIелаца Iалашо йу цуьнан. Центран векалш тешон хьийза, белхахоша "денна ларйеш йу пляж", ткъа цу тIера гIум "хIинцале а цIена йу" бохуш.

Анапехь берашка садаIийта дагахь контракташ йеш йу тахана а. Масала, Ханты-Мансийскера берийн "Перспектива" центро берийн аьхкенан садаIарна 6 шарера 17 шаре кхаччалц долчу берашна эцна 144 меттиг. Оцу гIуллакхна 9,6 миллион сом дойъур ду аьлла хаийтина пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь.

Мехкадаьттан сурсаташ схьатасаро бохьу кхерам кхин дIоггара дош хетта тIеоьцуш бац йа генарчу кӀошташкахь а, йа ша Краснодаран махкахь а. Кубанан пачхьалкхан университетера 50 студент цхьана кӀиранна оццу Анапе хьажор ву "могушалла меттахӀотто", миллион сом а дойуш. Ший а тендер дӀахIоттийнера зазадокху-баттахь.

Карладоккху, хьалхо сарахь, мазутах меттигаш цӀанйинчул тӀаьхьа, 17 шо долу Комин Александр велира. Меттигерчу индустрин техникумехь доьшуш вара иза, цо волонтеро санна болх бахь, шаьш зачет дIахIоттор йу аьлла дош делла, дешаран хьукматан администрацино хIордан йистош цIанйан хьажийнера иза. Комин валаран официалан бахьана цкъачунна къастийна дац. Официалехь тахана а цуьнан кхалхаран бахьана къаьстина дац.

Чиллан-бутт чекхболуш, мазут лахьочу заманчохь Джемет эвлахь орцанхо-некахо Луговой Семен валар гучуделира. Оцу бохамах лаьцна кхин кIоргера хаамаш баржош бац. Орцан министраллин хаамашца, хӀорд цӀанбеш белхаш бечу муьрехь шен хеннахь хи тӀе хьала ца ваьллера иза. Цуьнан дакъа карийнера кхечу орцанхочунна, амма стаг меттавало аьтто ца баьллера.

Мазутан кӀуьро цӀано йечу нахана зенаш дина ца Iа. ГIуран-баттахь дуьйна мазуто бехйина гIум дIакхоьхьучу Анапана гергарчу Воскресеновский олучу кIотарара бахархоша латкъамаш до коьртеш лозу шайн, йовхарш лаьтта шайгахь, шайн дегIаца долу лазарш кхин а тIе карзахдаьхана цо бохуш. КIотарара майданах цхьана ханна пайдаийцира, мазутах дIаийна гIум гулъйеш, чиллан-бутт бвош Анапан Iедалхоша сацам бира, Воскресенскера латтанаш тIе мазутах йисина боьхалла охьа ца йассайайта.

Болх лахлуш бац

Экологин бохамо йитина тӀаьхьалонаш дӀайахарехь цхьа проблема йуьсуш йу, мазутах меттигаш цӀанъйан лаам болчу нехан къоьлла хилар. Кавказ.Реалиин редакце и хаам тӀечӀагӀбира волонтерийн штабан координаторо. Цо дийцарехь, шайн лаамехь нехан болх бан дог доуьйтучу хIуманех ду маьхза чохь Iен хIусамаш йаларо а, дийнахь кхозза йуург латтош хиларо а. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, хIетте а "болх лахлуш бац" аьлла. Къамелдинчо бохура, Анапа хьалха а санна, хIинца а йуьсуш хиларх берийн могушалла Iалашйаран а, дегаран а меттиг санна. Пляжехь йа хIорда тIехула мазут хиларх, берийн цуьнца контакт хир йац бохург дац иза, аьлла хета цунна.

"Кхузаманан санаторийн а, берийн центрийн а шайн инфраструктурехь бассейнаш йу, хӀорда чохь ца лийчича а. Кху аьхка садаӀаро хийца тарло шен акценташ. Ткъа хӀара садаӀар вовшахтоьхначийн декхарш - берийн садаӀаран лакхарчу дикаллин программаш латтор хилла ца Ӏаш, кхерамазаллин Ӏуналла даран пункташ чӀагӀъйар а ду", - аьлла хета цунна.

Оцу йукъанна, гIум цIанйан арабаьхначу волонтерийн терахь лахдан дагахь бу Iедалхой, хIунда аьлча, цIано йан индустрин гIирсаш бу цара йукъабохуш. Оцу кепара сацам къовсаме бу бохура шаьш волонтераша.

ХӀетте а, хӀинцалерчу белхалойн терахьца, волонтерийн белхан жамӀаш цкъачунна дог ойъуш дац. Краснодарерчу эколога Витишко Евгенийс зорбане баьхначу хаамашца, хIаллакхиллачу олхазарийн терахьа маситтаза лакхара ду, кӀелхьардаха аьтто хиллачел а. Уггаре а дукха делла олхазарш дӀайаздина Анапера Парковая урамехь йолчу штабехь – 188-х 133. Цул сов, лаххара а 84 дельфин йелла мазут тесначул тӀаьхьа. "Йохйеллачул тIаьхьа мазуто кхин а тIе алсамбоккхур бу шен боьха болх", - билгалдаьккхира Витишкос.

Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эколого Симонов Евгенийс хьесап дира, волонтераш совбийлар лахлур ду Iаламан кепара, ткъа Iедалхоша кхечу кепара леха беза волонтераш: "Къастийна волонтераш хIунда бохий? Пачхьалкхан бахьа меттиг а йоцуш белхахой бу, уьш вовшахтоьхна арабаьхча хIун дара-те?".

Краснодаран мехкан оперативан штабо кест-кеста хаам бо керла мазут схьатасарх лаьцна. Церан тидам хилира цунах зазадокху-беттан 14-чу дийнахь Красноармейскан, Успенскан а кӀошташкахь, цул хьалха, зазадокху-беттан 13-чу дийнахь, хӀордан йистера йалх кӀоштахь карийнера мазутийн лараш. Краснодаран мехкан Ӏедалша цкъачунна дечу дIахьедаршкахь боху, цхьа кIезиг бен дац бохуш.

Оцу йукъанна Краснодар-мехкан хийисташкахь цхьана тайпа а доцуш, шина тайпа мазут ду схьатуьйсуш, бохуш дийцира цӀано йарехь дакъалоцуш волчу "Акхарой ларъйаран центран" гIоьналлин фондан эксперто Шкрадюк Игоря. Цо дийцарехь, цхьа тайпа долу мазут 25 градус температурехь "лала а дой, охьадогIу а", ткъа шолгӀаниг "гIорзалгашкахь Ӏуьллу". 2024-чу шеран гIуран-бутт чекхболуш губернатора Кондратьев Вениамина хьахийра, Ӏедал мехкадаьттан сурсатийн "кӀеда дакъа" цӀанъйеш ду, ткъа онда дакъа хьаладер ду "охан-стигалкъекъа" беттанашкахь, температураш хьалайаьлча аьлла.

  • Керчан боьранехь "Волгонефть-212", "Волгонефть-239 танкерш хIаллакхиллачул тIаьхьа Iаьнна мазут хIордана тIехула дIасадаханера гIуран-беттан 15-чохь. Коьрта версица – мох баьлла хилла. Дийцарехь, танкерша дIахьош хилла 9 эзар тонн мехкадаьттан сурсаташ.
  • Хи бухула дахначу "Волгонефть-212" танкеран капитана Волегов Леонида динчу тоьшаллица, "Роснефть" компанин омра бахьана долуш, шен хенна хIордакема дасон аьтто ца хиллера церан. Оцу йукъанна, компанин векалш оцу хьокъехь бистхуьлуш бац, йа цхьана а кепара луш комментарий йац танкерш хIаллакхиларх. Бохамо йитина тIаьхьало луьстуш йа деш накъосталла а дац "Роснефть" компанино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG