Шуьйрачу тIамаца Украинана тIелеттачу йуьххьехь дуьйна хаамаш кхочу кадыровхойн "Ахмат" дакъошкара тIемалойн Оьрсийчуьра кхечу эскархошца а, иштта схьайаьхначу меттигашкара бахархошца а девнаш дийларх. Оцу кепара барт эгIаран бахьанех а, церан тIаьхьалонех а дийцира Кавказ.Реалии сайтана "Малхбалера бакъоларйаран тоба" йиллинчу Лисянский Павела.
– Дийцахьа, Украинан дӀалаьцначу дозанашкара бахархоша кадыровхойн леларна латкъамаш барх лаьцна, уьш алсам бевллий?
– Шуьйрачу тIамаца чубаьхкинчу йуьххьехь нислора ишта меттигаш, къаьсттина Запорожье кӀоштахь. Цигара нах дӀабуьгучу хенахь меттигерчу бахархоша тешийра и болх бийриг кадыровхойн дакъош хиларх. Цхьана меттигехь, суна дагадогӀу, цара боьху мах дIа а белла, бизнесхочун аьтто белира, шен хIусамнана йухайало.
ТӀаьххьарчу хенахь алсам даьлла меттигерчу совдегаршна дуьхьал рэкет лелоран гӀуллакхаш. Хамбарехь, и деш бу "кавказхойн къомах тера болу Росгвардин лерринчу ницкъийн" векалш.
Цу тIе оха иштта дIайаздина ду стохка гурахь меттигерчу нахана йиттина меттигаш а. Оцу кепара цхьа хIума нисделча, къаьсттина бераш лечкъийна, йа рэкет йина, уьш къайлабовлу, ца дуьйцу – кадыровхой ду шаьш, йа дац.
– Церан шайн декъан шевронаш хила ма йеза, масала?
– Гуттар ца хуьлу. Цу тIе, дов даьллачу хенахь, меттигерчу бахархоша олу, шайна ца къаьстира, билггала уьш муьлш бу. Тамаш бу-кх дагестанхочух къастон царна хаахь. Цул совнах, Оьрсийчоьнан эскархошлахь Йуккъерчу Азин къаьмнех берш а бу, оккупаци йинчу меттигашкара бахархошка наггахь къаста ца ло уьш а.
Суна гӀоле хета оцу хьолехь "къаьмнийн тобанаш" боху термин лелор. ХӀунда аьлча, тӀамца цхьа а уьйр йоцчу нохчашца ас къамел деш, Кадыровн дакъойн эскархой буьйцуш ларамаза "нохчий" олучу хенахь, цара со нисвора: хӀора нохчо кадыровхо вац, берриш а цхьаъ хета оьшуш дац, тхуна вас йан тарло ахь. Вочу агӀор сан къамел ца хилча а.
Цул сов, тоьшаллаш доцу зуламаш дуьйцуш хилча, муьлххачу а стагаца ларвала веза цунна цIераш ца кхухкуш. Ткъа шайлахь дов нисделча, уьш билгалбаха атта хуьлу. Цундела тешамца дийца йиш йу вайн, масала, Къоман гвардин [Нохчийн махкара] блок-посташкахь эскархойн а конфликтех лаьцна.
Нийсачу хаамашца: Мариуполехь а, Бердянскехь а гучуйаьллера Кадыровн агӀончийн йоккха тоба. Уьш кест-кеста меттигерчу полицица девне буьйлу, тӀеман полицица а боцуш, рогӀерчу оккупацин полицица. Кадыровн наха комендантан сахьт дохо тарло, йа машенаш хехка, оцу тIехула патрулийн белхахой царна тӀаьхьабовла беза.
Цхьа кадыровхой хилла ца Iа цигахь шайна ма-хетта лелаш, гIалгIазкхий а хуьлу
Оккупаци йинчу Мариуполян администрацино дIахIиттийна низамаш тергамза дуьту цара. И дерриге а кIаргдо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн векал цига хIоттон тарлуш хилар цхьана хенахь дийцаредина хиларо, эххар ца хIоттийнехь а. ХIетте а церан Iелад гIали чохь хилар хаалуш ду хIинца а.
Дукхачарна гIараделира и сенсацин дийцар, Мариуполехь джип тIехь нохчо хийисте а веана, меттигера бахархой цуьнгара бехкаш даха буьйлабелла. Амма иза тӀеман стаг вацара. Хетарехь, цундела хир дара цунах лаьцна интернетехь сел атта дӀасадаржар. "Ахматхой" йукъахь болу гӀуллакхаш йукъараллехь гIара ца дийлийта хьийза.
Цул сов, тӀеман полицино гӀуллакхаш схьа ца доьллу, цӀий Iанийна меттиг ца хилча. Царна юкъахь ду къаьмнаш юкъаийзош долу цхьа могIа зуламаш. Йукъарчу къепене дӀа ца ло цара и хаамаш. Цигахь кадыровхой а, кхиберш а бу.
Ас хьахийна рэкетийн гӀуллакхаш герз лелорца нисло - чу а богӀий, ахча схьадоккху. Амма цӀий Iанийна меттиг ца хилчахьана, дӀалаьцначу территорешкахь [оьрсийн] полици йукъагӀертар йац; иштта тенденци йу. Даккхий зуламаш дара: Донецкан кӀоштарчу Волновахехь 2023-чу шарахь вийра исс стаг. Конфликт йолаелира цхьана туьканахь, цул тӀаьхьа эскархоша вийра исс стаг. Кхел йу йеш оцу эскархойн, оккупацин администрацино зулам дар бакъдина.
Амма хӀара дуккха а нах хIаллакбар ду, ткха цӀий ца Iанийна девнаш тIехтосу. Йа, масала, царна тӀехьа цхьацца блок-посташ йелахь (Кадыровн отрядаш - К.Р.), 2022-чу шарахь санна, тӀаккха цигахь а йу хаддаза рэкет дӀайоьдуш. Цигара схьа ду кхачанан мехаш бестар а, Москвахьчул а йеза хилар.
Амма 2022–2023-чу шерашкахь кадыроховшна тӀехьа алсам блокпосташ йара. ХӀинца дӀалецначу территорешна чуьра Ӏуналла деш ду церан Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан тӀеман полисхоша. Ткъа цуьнца доьзна кадыровхойн а, тӀеман полицин а векалшна йукъахь хилла конфликташ дӀайазйина кху шарахь.
– Дийций вай дукха хан йоццуш Белгородан кIоштахь хиллачух, цигахь "Ахматан" эскархо хIаваэ герз а детташ, хелхавийлинера…
– ДӀалецначу территореш тIехь вуно дукха ду и саннарг. Меттигерчу бахархоша боху, Кадыровн агӀончаша шаьш "бандиташ" а, йамартхой а лору бохуш. Цара олуш хиллера: тхо кхуза шуьгахьа тIом бан даьхкина ду, цундела шу тхуна декхарийлахь ду бохуш. Иштта "философи" йу церан.
ХIора гIаличуьра хьал схьаэцча, Iаткъамбаран сфера дIасайекъна йу эскархойн къастийначу тобанашлахь. Къаьмнийн тобанашна интересе йолу оккупаци йина гIаланаш а, регионаш а йу. Цу тIе, 2023-чу щарахь ФСБ-н указ ду тIеэцна йиллинчу хьасташкахь информаци йаржарна тIехь контроль латторах. ХIетахь дуьйна уьш дика цIанбина, цхьаъ карон а, йукъаралле арадаккха а тIаьхь-тIаьхьа чолхе ду.
Меттигерчу цхьана бахархошна вон ду – цигахь биссинчарна
Оккупацин Ӏедалша дӀахьош долу гӀуллакхаш, кхечу хӀуманашца цхьаьна, меттигерчу бахархошна тӀеӀаткъам барна тӀехьажийна ду. Ткъа тхо, ханна дӀалаьцначу территорешкахь мониторинган хаттарш дӀахьош йолу Украинерчу адамийн бакъонашларъярхойн а, кхин йолу а организацеш, уггаре хьалха меттигерчу бахархойх тешна йу. ТӀеӀаткъам беш, и нах дӀоггара тийна Ӏа, зӀене бийлар сацадо. Ткъа Белгород-кӀоштахь герзаш деттарца хилларг нахаладелира, цара цигахь оккупацин зонехь санна информацин болх дӀабахьар бахьана долуш.
Оха хӀора баттахь дӀалаьцначу территорех лаьцна чоьхьара хаамаш вовшахтуху, меттигерчу бахархошна дуьхьал хӀора дийнахь схьадоьллу шайггара кхоьллинчу бахьанашца бӀеннаш гӀуллакхаш. Ткъа и гӀуллакх иштта дӀадоьдуш долу масех шо ду. Терроризмана а бехкаш дохку, масала. Йа и стаг украинхошкахьа йолчу сайташ тIе воьду олий, церан хIусаме богIу талламаш бан. Цундела ду, кадыровхоша цхьа хьаштодург лелийнехь а, наха цунах лаьцна хӀумма а ца дуьйцу.
Оьрсийчоьнан кхин цхьа проблема а йу, хIинццалц схьа вовшахтоьхна йацара оккупантан репрессийн органаш, оха олуш ма-хиллара. Йуьйцурш йу прокуратура, кхелаш, полици. Цундела тIеIаткъам бен тобанаш а йицйойла дац.
Цигахь кадыровхошна шаьш паргӀат хетта ца Iаш, гIалгIазкхашна а хета. Кадыровн нах хилла ца Ӏаш, гӀазакхий а бу. Церан вуно чӀогӀа векалалла йу, иштта герз а ду. И йерриге а тобанаш Ӏедале кхача лууш йу, массо а шен-шен метта охьахаор волу нуьцкъала оккупацин репрессин машен а йоцуш.
И бахьана долуш, дӀалаьцначу территорешкахь ма-ттов анархи йу, таӀзар цадар а ду цигахь, цигахь шаьш вуно паргIат хета нохчашна а, гIалгIазкхашна а, кхинболчарна а. Балехь бу меттигера бахархой – цигахь баха бисина нах.
- Нохчийчуьра тӀемало Такаев Зайнди веран хьокъехь бехктакхаман гӀуллакх йуха а луьстур ду – хӀинца оккупаци йинчу Луганскерчу гарнизонан тӀеман кхелехь. Хьалхо Новочеркасскан тӀеман кхелехь бехказа ваьккхинера бехккъасторхоша, иза бехке хиларх тоьшаллаш цахилар бахьана долуш. ХӀинца и гӀуллакх луьстур ду бехккъасторхой йукъа балош кхелаш йоцчу регионехь.
- Украинан малхбузера Ивано-Франковскехь мемориалан у диллина къобалйазчу Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран сий деш. Цу тӀе йаздина ду Дудаевс аьлла боху дешнаш, "Украинан малх схьакхетча Оьрсийчоь хӀаллакхир йу" - и цитата бакъ хилар тӀечӀагӀдеш дац.