Полицино хаам барехь, нахера ядийна хилла цаьргара машен, иштта туька яьхьина а хилла цара. Талламаша гайтарехь, ГΙиргΙазойн махкара Дагестане дΙакхелхинчу доьзалх схьабевлла вежарий ЦарнаевгΙар. Велларг ву 26 шо кхаьчна Тамерлан, ткъа хΙинца лоьхуш верг – 19 шо долу ДжовхΙар.
Лаххара а 10 шо кхаьчна хилла ши ваша ЦарнаевгΙар а, церан ши деваша а Ιамеркахь беха. Царнаев ДжовхΙарна Массачусетехь делла машенлелорхочун кехат а ду, боху полицино.
Дешна ДжовхΙара ХΙинжа-ГΙалахь а, Кембриджехь а. Школа 2011-чу шарахь чекхъяьккхина. Цул совнаха, школехь доьшуш 2500 доллар грант елла а хилла цунна, тоьлла спортхо а хилла школехь.
Вежарий ЦарнаевгΙар «Ал-Кхайдица» зΙенехь бара аьлла даржийна хаамийн гΙирсаша. Амма алархьама бен и ца боху аьлла хетало Царнаев ДжовхΙара Вконтакте-машанехь деш дисина йозанаш дешча.
Кхо де хьалха Бостонехь бахархойн чехка бовдаран марафон дΙахьочу урамехь эккхийтар дира, кхо стаг а леш, ши бΙе гергга лаза а веш. Оцу зуламан куьг-бехкенаш лохуш яьлла полици шина вешин лар тΙе – хьалхо даржийнера церан сурташ а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацино шена хетарг а даржийна зорбанехь. Пресс-секретара Керимов Ιалвис, вежарий ЦарнаевгΙар махкахь я бевзаш а, я цигахь Ιийна а бац боху.
Изза чΙагΙдо Дагестанехь, ХΙинжа-ГΙалахь, вехачу церан дас Царнаев Анзора а.