ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин махкалла дерг лаьцна латтош ву Нохчийчохь кадыровхоша – 2009-чу шарахь эккхийтар дарна бехкево иза


Абубакаров Мохьмад
Абубакаров Мохьмад

Оьрсийчоьнан вахархо хиларал а совнах, Британин махкалла а долу Нохчийчохь лачкъийначу вахархочунна Абубакаров Мохьмадна гергарчара лаьцна адвокат тIе ца вуьту кIира сов хан йу. Полисхоша тIехь ницкъбина даредайтина цуьнга, 14 шо хьалха эккхийтар динера ша аьлла, хаамбина бакъоларйаран "Мемориал" центро шен хьасташна тIетевжина.

Куьрчала кIоштан полицин декъера белхахоша гIело латтайо Абубакаровгахь, йаздо бакъоларйархоша. Церан хаамашца, 2009-чу шарахь Хьалха-Мартанара 6779 тIеман декъана гена йоццучехь дина хилла эккхийтар хьайна тIелаца бохуш, хьийзаво иза. ХIетахь цхьа эскархо вийра, шинна чевнаш йира.

Абубакаровца цхьаьна къайлахчу набахтехь сецош ву кхин а Нохчийчуьра цхьа вахархо – бизнесхо Масаев Iумар. Иза а ву бехке веш 2009-чу шарахь эккхийтар дарна. "Мемориалан" хаамца, Масаев стигалкъекъа-беттан 31-чохь лаьцна ву. ХIетахь Куьрчала кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан белхалой баьхкинера цуьнан доьзал бехачу хIусаме, цкъа дуьххьара цуьнан жимахволу вааша ИбрехIим дIавигира цара. ШолгIачу дийнахь Масаев Iумар ша тIевеара полици – ваша тIакхха дIахийцира цуьнан, ткъа иза ша чохь сецош ву.

Оцу дийннехь лачкъийра Абубакаров Мохьмад. Британира Нохчийчу веанера иза, шен нах ган. Буса 11 сахьт долучу заманчохь, шаьш Куьрчала кIоштара полисхой ду аьллачу наха шен цIера дIавигинера иза, цуьнан телефон листа вуьгуш ву аьлла, цуьнан кхолламах хIинца а хууш дац.

Талламан комитете а, прокуратуре а бевллера Абубакаровн нах, иштта хиллачух дIахаитийна цара Британин арахьарчу гIуллакхийн министралле а цхьана. Бакъоларйархошка орца дехна дац лачкъийначийн гергарчара, хIунда аьлча, хьал кхин тIе а талхорна кхерарна, йаздо "Мемориало".

  • 2009-чу шарахь а лачкъийра Абубакаров ницкъахоша – хIетахь тIехь гIело а латтийна, тIеман декъана гергахь эккхийтар динера аьлла, тIелацийтира цуьнга. 18 шо долу Абубакаров хIетахь бехкевира герзашца вовшахкхеттачу тобанхошна гIо латтийна аьлла, цхьа шой, кхо буттий хан туьйхира цунна.
  • Оцу йукъанна эккхийтарехь вийначу подполковникан Юдаков Викторх йисинарг йистхилира президенте Медведев Дмитрийга, Абубакаровн зулам дан бахьана дацара аьлла. Цо бехкевира цунна декъан командир.
  • Британин паспорт схьэцначул тIаьхьа Абубакаров масийттазза веанера Нохчийчу, бакъоларйаран органашца гIуллакх Iоттаделла дацара цуьнан.
  • Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Кадыров Ахьмадан цIарахчу 2-чу полкан белхалоша Нохчийчохь лачкъийра Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхлочун Закаев Ахьмадан вешин ши кIант. Цу шиннах цхьаъ дIахийцира, шолгIа, Закаев Хьусейн, лаьцна латтош вара стигалкъекъа-беттан 25-чохь а.
  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15-16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цара иза стенга вигна хууш дац. Арсамиков Нидерландехь Iаш вара. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзарш дина ведда вахана вара иза цига. Цхьа шо хьалха шен ден тезета веанера. Даймахкарчу Iедалхоша дерриге документаш дIадехира цуьнгара - оьрсийн "загран. паспорт", Нидерландехь делла паспорт, кхиндолу цуьнан кехаташ а. Нохчийчуьра Iедало таIзараш дина ву иза. Цундела хIинца цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша. Карарчу хенахь цунах хилларг а дац хууш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG