ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселерчу полисхошна а оьшу кхерамазалла


Белги -- Брюссел, Заз.25, 2016.
Белги -- Брюссел, Заз.25, 2016.

Террорхойн тIелатарш лайначу Брюсселан аэропортерчу полисхоша болх сацийна, кхерамазаллин гIулчаш Iедало чIагIцаярна шаьш резацахилар гойтуш.

Брюсселерчу Завентем кеманийн портехь болх бечу полисхоша цигахь терррорхойн тIелатарш хилча дуьйна схьа далхош дара шаьш болх бечу аэропортера ледара кхерамазаллин хьелаш. И хьелаш тодарна Iедалера шайн оьшу гIо дуьйцуш цара схьадиллина кехат яздинера Белгин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле.

БIе сов полисхоша бечу латкъамашкахь билгалдоккхуш дара, кеманийн портан гIишлоне, беш цхьа а таллам а боцуш, муьлха а стаг чуван йиш хилар а, чувогIучеран тIоьрмигаш я чамдеш я дегIаца болу гIирс талларан система цигахь ца хилар а. Цул совнаха, полисхоша чIагIдо, кеманийн портан инфрастуктура ледар ю, кхерамазалла ларйеш йолу персонал тоъалла яц, ткъа полисхошкара герз тишделла ду, бохуш.

И кхачамбацарш дIадахархьама аэропорт ларйечу белхалойн терахь алсамдаккха а деза, церан хьелаш тодан а деза. И хьелаш тодар Iедало шайна хеттачу агIор кхочуш ца дарна, еари дийнахь дуьйна болх охьа а биллина, дуьхьалонан акци дIахьош бу полисхой.

Брюсселехь террорхойн тIелатарш динчул тIаьхьа Европерчу кеманийн порташкахь кхерамазаллин гIулчаш лакхаяьхнехь а, амма доккхачу декъехь аэропорташкахь хадеш дIасалелачу полисхойн терахь мелла а лакхаяхар доцург башха хийцаделла хIума дац цигахь.

Иштта, масала, дукхахйолчу пачхьалкхийн коьртачу шахьаршкахь муьлхачу а аэропортан гIишлонна чу кхача йиш ю хIоранан а луучун, цхьанна а кепара Iедалхошкара терго а йоцуш, хIунда аьлча неIаршкахь Оьрсийчохь а, цхьайолчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь а санна багаж толлу сканерш ца хиларна. Цул совнаха, дицдан мегар дац, шех адамийн фактор олуш долу гIалат даима а нисдала йиш хилар.

Иштта, Брюсселехь терроран акташ а хилла, йоллучу Европехь кхерамазалла чIагIйан езаш хилар дуьйцучу дийнахь Маршо радион корреспондент теш хилира Дюсселдорферчу аэропортехь некъахой, цхьа а новкъа-нацкъар хIума а доцуш, кхерамазаллин персонал бен чоьхьа вала йиш йоцуш къевлинчу неIаршкахула чуй-ара буьйлуш хиларан – хийрачанна некъбоьхку система цу мIаьргонашкахь йохар бахьана долуш.

Массо а зенах-зулмах аэропорташ а, кхинйолу дукха нах дIасалела меттигаш а ларлур яц аьлла хеташ ву политолог Чапханов Руслан а. Ур-аттала диктаторалле Iедал коьртехь долчу мехкашкахь ка ца долу урхаллин 100 процентехь терактех бахархой ларбан, бохуш дуьйцу цуо. Ткъа урхаллаш террорхойн зуламаш ца хилийта гIертарехь нийсоъ гIулч хир ю, политологна хетарехь, къечу мигрантийн доьзалшкара кегирхошна интеграци ярехь Iедало гIодар.

Чапханов Руслан: „Мигрантийн доьзалшкара схьабевллачу кегирзошна, уьш экстремистийн хьежамаш болуш я цу агIор дог-ойла йолуш ца хилийта, Iедало гIо-накъосталла а дахь, царна дискриминаци а ца яхь, царна белхан меттигаш а хилийтахь, и тайпа зуламаш хир дац аьлла хета суна. И зуламаш лелош берш доккхачу декъехь къечу доьзалшкара хуьлу, цу къелло цаьргахь Iедалшна дуьхьал оьгIазло кхуллу аьлла хета суна“.

Цу юкъана, террорхоша йохийна йолу Брюсселера аэропорт юхаметтахIотор чекхдаьлла. Иза муьлхачу а хенахь кеманаш тIеэца а, новкъадаха а кийча ю, Iедалхойн, аэропорт ларйечу полисхойн къовсам дIабирзичахьана.

XS
SM
MD
LG