ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Буферан зона" кхоллархьама Харьков йолчу агIор дехьайаьккхина "Ахмат" спецназ


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Белгородан кIошта дехьабаьхна нохчийн "Ахмат" спецназан эскархой Харьковн агIор боьлхучу тIемашкахь дакъалацийта. Оцу декъан командиро, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин тIеман-политикан белхахула йолчу урхаллин куьйгалхочун гIовса Алаудинов Аптис дIахьедина цунах лаьцна.

Пачхьалкхан ТАСС агенталло билгалдаккхарехь, "Ахмат" спецназ дехьайаккхаран Iалашо йо – дозанехь буферан зона кхоллар.

Стохка мангал-баттахь Белгородан кIошта дехьа даьккхира нохчийн кхин цхьа дакъа а – "Запад-Ахмат" батальон. Диверсин рейдех регион Iалашйан йезара церан, делахь а, кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, тылехь позицеш дIалецнера цара, Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин а цхьана лаамхойн тобанийн тIелетарш саца ца делира цаьрга

Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан хаамашца, тIаьххьарчу беттанашкахь "Запад-Ахмат" а йу Харьковн агIор тIемаш беш.

Нохчийн кхин а цхьа дакъа регионе дехьадаккхарх дуьйцуш, Алаудиновс шеконаш дIайехира, республикера эскархой тылера позицеш дIалаьцна латтош бу бохучух йолу. Мел лахара а, "Ахмат" спецназан командиро чIагIдарехь, цуьнан эскархой "хьалхарчу деношкахь" дуьйна лаьтташ бара "хьалхарчу эшелонехь".

"Тхо цкъа а хилла дац шолгIачу эшелонехь. Тхо цкъа а цхьанна а тIехьа лаьттина дац. ХIинца а чIогIа хахазетта, дозалла до, тхо цига дехьадахарх, уггар а коьрта меттиг ма йу иза", - дIахьедина Алаудиновс.

Украинерчу тIамехь дакъалацарна а, Нохчийчуьра бахархойн бакъонаш хьешарна а "Ахмат" спецназан командиран хьокъехь дуьненайукъара санкцеш йу тоьхна.

  • Йахначу аьхка Бахмутана гергахь йийсаре вахначу "Ахмат" спецназан эскархочо дIахьедира, шайн куьйгалло хьалхарчу взводашка нохчий ца хьийсабо, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархой бохуьйту – царна тIеман гIирс а ледарниг ло, цхьана а агIор йа уьш кечбина а бац аьллера цо.
  • Оханан-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира, "Ахмат" спецназе ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахо дехьавер ву шайн командирца Ратиборца аьлла. Масех бутт хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбинера "Ахматах" схьабетталуш бу ЧВК "Вагнеран" хилла йолахой – эскархой а, лоьрийн бригадаш а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин хьаькаман гIовсан дарж делира Алаудинов Аптига оханан-баттахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун метта хIоттон тарло бохучу кандидаташлахь йохура цуьнан цIе а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG