ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Булбанашна кхузахь меттиг бац? Москвара маьждигашкара рейдаш а, Кавказехь хеттарг а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Омонхоша талламаш бина Подмосковьера Котельникашкара а, Дзержинскера а маьждигашкахь: ламаз йукъахдаьккхира цара, мачашца кузаш тIехула а лелаш, ткъа и кеп бусулбанашлахь магийна йац. Инциденто эргIадбахийтира Кавказера хьаькамаш, ницкъахошна таIзар дар тIедожийра цара. Амма оцу реакцино цхьана а агIор Iаткъам бийр бац полисхоша пачхьалкхера маьждигашкахь рейдаш латторна, аьлла хета эксперташна.

Товбеца-беттан 7-чохь пIерасканан рузба дечу заманчохь Подмосковьера Котельникашкара маьджиге баьхкира ОМОН-н белхахой. Когашкара мачаш ца йохуш, наха ламаз дечу гIишло чу лилхира уьш, царна тIе куьйгаш даьхьира цара, сийсазбира. 60 гергга стаг валийра цара полицин декъе, ткъа тIаьхьо президенте Путин Владимире видео тIехь кхайкхам бира цара, шаьш ницкъахойх Iалашдар а, оцу гIуллакхца доьзна шога барамаш тIеэцар а доьхуш.

КIира даьллачул тIаьхьа полисхой баьхкира Дзержинский гIалара маьждиге. Йаржийначу видео тIехь гуш ду, бусулбанаш лаьтта охьа а бехкина, церан кехаташка хьуьйсу уьш, ткъа цхьаболчарах таллам бой, уьш дIалоьцу. Ламаз дечу йукъанна а хилира хIара, оцу тIехула дов иккхира царна йукъахь. Ницкъахоша лоьхура маьждиге баьхкинчарлахь легалехь боцу мигранташ, йаздира "Подъем" телеграм-канало.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана "питана" ду элира маьждигашкахь талламаш бар, дIахьедира "хIара хаттар" Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама луьстур долуш ду аьлла. Проблемех лаьцна цуьнан къамел хилла бохура Москван кIоштан губернаторца Воробьев Андрейца а, Оьрсийчоьнан президентан чоьхьарчу политикин урхаллин хьаькамца Ярин Андрейца а.

Ша Делимханов вистхилира, ламазан хIусамехь талламаш беш дакъалаьцна полисхой аьшнашбеш. "Погонашца боьха хIуманаш", "питанчаш" бу элира цо уьш, дош делира, "бехкенаш таIзаре хIитторхьама" хIуъа а дийр ду ша аьлла.

Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йаздира, "Подмосковьера маьждигера видеога хьожуш чIогIа вон хийтира" шена аьлла. Оцу кепара "дезачу пIераскана дийнахь" талламаш бар нийса дац бохура цо. "Собаре доцуш" дина хIума ду элира цо ницкъахойн бусулбанашца лелийначух.

Оьрсийчоьнан парламентехь Дагестанан цIарах депутат волчу Хамзаев Султана "товш доцург" ду элира ницкъахоша динарг, амма цо дехар дира бусулбанашка, уллора нах бехачу тIекIелдинчу цIеношна хьалхара а, урамашкара а машенаш хIиттон меттигаш дIа ца лецархьама, маьждиге машенашкахь ма эхахьара шу. Иштта дехар дира цо кхин тIе оьрсийн мотт Iамабе, провокацешна терго ма йе аьлла.

Москван кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь дIахьедира, Дзержинскехь рейдехь шайн векалша дакъалаьцна дац аьлла, бакъду царна тIерачу Iаьржачу барзакъа тIехь къаьсташ йаздина ду "полици", "МВД" аьлла. ОМОН-н белхахой, Росгвардин кхиндолу дакъош а санна, цхьана а кепара гунахь бац Подмосковьера Дзержинскехь дIайаьхьначу рейдана, хаамбина пачхьалкхан думин депутато Хинштейн Александра шен телеграм-каналехь.

Маьждигашкара а, набахтешкара а харцо

Дукха хан йоццуш Конституцихь хьахийначу делах тешарх динчу тIетохаршца а, иштта "Полицех" низамехь а тIедожийна ду бахархошца ларам хилар, кхетадо Кавказ.Реалиин сайтаца къамел дечу адвокато Алиева Азас. Набахтешкахь а, СИЗО-хь а Къилбаседа Кавказера гIело хьоьгуьйту тутмакхаш Iалашбеш йу иза, иштта Оьрсийчоьнан Къоман юристийн ассоциацихь лаьтташ а йу.

"Йаржийначу видеош тIехь бусулбанаш ца бевдира, дуьхьало ца йира цара, уьш ламаз дина бовллалц сатоха мегар дара ницкъахоша тIаккха кехаташка а хьовсуш. Мел хIуъа дийцахь а, шайн пIерасканан деза рузба дан вовшахкхетта ма бара уьш. Шайн гIуллакхаш - дезарш дIа а тесна. Дукхахберш гIалин геннара йистошкара баьхкина бара. Оцу кепара леларо дин аьшнаш дина ала тарло", - боху Алиевас.

Оцу кепара леларо дин аьшнаш дина ала тарло

Iедалхойн дIахьедарша хьолана Iаткъам бийр бац, аьлла хета къамел дечунна, федералан бакъонан акт оьшу, динан организацешкахь оперативан барамаш дIахьош регламент хIоттош. Оцу кепара рейдаш урхаллин куьйгалло йийцарейина хила йеза маьждигийн администрацешца, боху Алиевас.

Бусулбанашца а, исламан дезачу хIуманца а чам боцуш лела меттигаш Оьрсийчохь алсамйийла йоьлла, боху Къилбаседа Кавказера схьабевллачу тутмакхашна гIо латточу "Гражданское содействие" программин координатора Титиев Аюба.

"Цхьаммо омра дина хир ду иштта лела. Муьлхачу тIегIанера ду, ала ца хIутту со, амма гуш ду: хьаькаман пурба доцуш ницкъахоша и тайпа хIума лелор дацара, - дуьйцу кхин дIа бакъоларйархочо. – Маьждигехь хиллачо оццул йоккха гIовгIа йаьккхина, амма ФСИН-н къевлинчу системехь цу кепара лелочу зуламех йукъараллина дукха хьолахь хууш а дац",

Титиев тешна ву, политикийн даккхийчу дIахьедаршна тIаьхьа билггал ницкъахошна таIзар дина масалш хила дезаш ду, церан белхан накъосташна оцу тайпа хIума мегар доцийла дIахаийта. Бакъду, цу тайпа таIзар дина меттиг къамелахочунна хууш йац.

ФСИН-н урхаллашкара белхахоша бусулбанашна кеп-кеп-кепара Iаткъам бо бохуш хаамаш кхочу дуьххьара шо дац. ТIаьххьара дийцарединчух ду: Оренбургера номер 9 йолчу колонихь Къилбаседа Кавказера тутмакхаша дийцинера, марха ца дастийтина шайга бохуш. ДIахьединчарна хетарехь, шаьш чохь латточу хьелех бина латкъамаш бахьана долуш администрацино дина таIзар дара и.

Кхин хилларг: бусулбанашна Iаткъам баро бунт гIаттийра Мордовира номер 5 йолчу колонихь. Стохка бIаьста Gulagu.net бакъоларйаран проекто дийцира таIзар динчу бусулбачу тутмакхашна а, Саратовн кIоштара номер 4 йолчу колонира криминалан субкультурин векалшна а йукъахь хиллачу летарех. Бахьана хиллера Рамаданан баттахь марха кхабар. ГIалмакхойчуьра колонин белхахоша Iазапаш хьоьгуьйтуш, хьизийнера Дагестанера вахархо Атимагомедов Мохьмад. Цунна а дихкинера КъорIан деша а, ламаз дан а.

Полицина хезнера ZOV

Котельникашкахь хилла конфликт хила тарло кампанин цхьа дакъа, цул совнаха дикка лакхарчу тIегIанехь гIо а латтош, аьлла хета информацин-аналитикан "Сова" центран директорна Верховский Александрана. Эксперт тешна ву – исламна дуьхьал бина Iаткъам бац и, мигранташна дуьхьал бина бу.

"Бусулбачийн ламазан хIусамаш дIакъовла пачхьалкхан системин политика йац хIара, кеп-кепарчу регионашкхаь тайп-тайпана хуьлу и. Москвара бахархойн цхьа дакъа реза ца хила тарло йукъаралла жигарайаларна, къаьсттина цу йукъахь белхан мигранташ белахь. Амма дукхадолу аьрзнаш тергамза дуьтуш ду. Котельникашкара хьал а иштта дац, цундела полицино маса, шога реакци йира цунна", - билгалдоккху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо.

Кадыровн а, Делимхановн а зевне дIахьедарш популистийн хета

Билгал ду кхузахь, рейдехь дуьххьара хаамбинарг ультра-аьтту "Русская община ZOV " телеграм-канал хилар. Публикацхь бохура, "бакъо йоцчу шина маьждигехь" хилла оперативан барам оцу тобанан декхашхойн дехарца дIайаьхьна бохуш. Хьалхо хаийтира цара, Москвахь исламан комплекс йайта шаьш дуьхьал хилар.

Кадыровн, Делимхановн зевне дIахьедарш популистийн санна ду, хIунда аьлча, цара цхьана а кепара Iаткъам бийр бац Москвара а, кхечу йаккхийчу гIаланашкара а маьждигашкахь полисхоша рейдаш йарна. Иштта хьажам бу Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочун Сулейманов Джамбулатан.

"Дера видео тIехь оцу полисхоша лелориг дог даттIал хIума ма ду. Къаьсттина, Украинехь тIемаш бечу Оьрсийчоьнан армин декъехь дукхахберш бусулуба болчу йукъанна, леррина кампани ма йара уьш йукъаийзош, - кхетадо эксперто. - Амма кхул хьалха а иттаннашкахь шерашкахь исламофоби йара йаржош, дукхахболчу полисхошна бусулба дин лелош берш террорхой а, экстремисташ а хета. Цхьаъ хила деза, вовшахкхета деза бохуш, шарахь лелийначу тIеман пропагандо и клише хийцина йац".

Францихь вехачу Сулеймановс дуьйцу, цхьана а маьждигехь оцу тайпа хIума дайна дац шена. "Цхьа гIуллакх хилла, маьждига чу шаьш дахка дезча, францхойн полисхоша кога бахилаш йухура – суна сайн бIаьрга гина хIума ду-кх и, - кхин дIа а дуьйцу бакъоларйархочо. – ЧIагIдойла йац сан, оцу кепарниг хила йиш йанне а йац бохуш, кхузахь адаман фактор йу, вуьшта аьлча, Iедалхойн бусулбанашка йолу дог-ойла кхузахь мел а собаре, нейтралехь йу, Оьрсийчохьчул а".

Подмосковьера маьждигехь рейд йинчарна таIзар дайтаза шаьш Iийр дац бохуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама а чIагIонаш йинехь а, хIара материал зорбане йоккхучу заманчохь Москван кIоштан ницкъаллин структураша хаам ца бира, пIераскан Рузба йукъара а доккхуш, ницкъахоша динчун хьокъехь талламбарх. Комментарий йина йац хиллачух йа Подмосковьен губернаторо Воробьев Андрейс а.

  • 2021-чу шарахь полицино рейд дIайаьхьира пIераскана рузба дечу заманчохь Котельникашкара маьждигехь. Масех бусулба полицин декъе дIавигинера, церан кехаташка хьовса аьлла.
  • Маьршачу наха а, националистийн кхетам болчу жигархоша а дуьхьалонаш йинчул тIахьа Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедира, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьллера. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, маьждиг дан гIертарна гонаха хилла дов Къилбаседа Кавказехь муха тIелоцу, иштта дине болчу цабезаман муьлха керла билгалонаш гучуевлла Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG