Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина йелла «Исламан динна гӀуллакх дарна» 1-чу даржан орден. Хьалха иза ша а, Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу юкъараллин фонд а Евроберто шайн санкцийн 14-чу пакете йазйинера. Официалан кепехь регионан куьйгалхочун нана йу фондан коьртехь. Оьрсийчоьно Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дарна гӀортор ярна бехкаш дехкина царна.
Кадыровн цӀарахчу фондо "мах боцуш а, барамехь доцу а гӀуллакх дина сагӀа даккхарехь а, бусулба дин чӀагӀдарехь а, динан мехаллаш ларъярехь а" аьлла совгӀат дӀаделлачу Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа. Постехь омра даларх лаьцна цо аьлла дешнаш даладо Кадыров Рамзана.
Кадыров Ахьмадан фондах Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативан хазна" олу, цу республикера массо а пачхьалкхан белхахой цуьнга сагӀанаш дала декхаре хуьлу. Фондан активаш 2023-чу шарахь хилла 5,3 миллиард ₽ – иза маситтазза кӀезиг ду, нохчийн Ӏедалша ма-аллара, цо Украинерчу тӀамна дайинчу ахчанал.
И фонд, кхечу хӀуманашца цхьаьна, тӀамах "иммунитет" хилийтарна а, бехктакхаман гӀуллакхашкахь жоьпе озорна а кхаьънашца юьзна ю, хаам бо ницкъаллин структурашца йоьзна йолчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало, Пачхьалкхан думин депутатан Делимханов Адаман гергарчу Каримов Бесланна тӀе а тевжаш.
- Стигалкъекъа-бутт чекхболуш Ӏедалша дӀахьедар дира, тӀом болабелчхьана дуьйна республикехь тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалацарна 32,57 миллиард ахча дайина аьлла. Цу тӀехь билгалдаьккхира, и ахча Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондера деана ду бохуш. Амма организацин йерриг баланс 2022-чу шарахь 6,3 миллиард бен ца хилла. Цуьнца цхьаьна, хӀара кхоалгӀа шо ду цу организацино нолан гонорар а, сагӀа а луш хиларх лаьцна хаам беш.
- Украинехь тӀом болабелчахьана цу фондан болх дикка шорбелла. ХӀинца кеманаш а, БТР а, тӀеман техника а эцар а, ткъа иштта дӀалаьцначу территорешкахь Украинин сурсаташ дӀасадаржор а сагӀа санна лору нохчийн Ӏедалша. "Кавказ.Реалии" сайта тӀехь хьалхо кӀорггера яздинера цу кепара сагӀа даккхаран шеконе хьелаш хиларх лаьцна.
- Нохчийчоьнан бюджете чудогӀу федералан ахча Кадыровн Ӏуналла дечу кхаа компанехула схьадоккху – царех доккхаха долу дакъа дӀадоккху бюджетан организацешца динчу контракташкахула, ткъа цул тӀаьхьа долахь болчу нахе ахча доккху. Нохчийчохь бюджетан ахча схьадаккхаран схемийн деталаш зорбане яьхна компанин финансийн хьесапаш толлучу "Проект" зорбанан гӀирсо.