ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбачийн абайа коч лелор доьхкур ду Францихь дешархошна


Парижехь модин гайтамехь абайа йу гойтуш
Парижехь модин гайтамехь абайа йу гойтуш

Францихь школашкахь доьхкур ду абайа лелор -бусулбачу зударийн йеха коч йу иза, доллу дегI дIахьулдеш. Цунах лаьцна дIахьедина Францин дешаран министро Атталь Габриэля.

Францхойн TFI телекаланан йеллачу интервьюхь министро кхетийна оцу шен сацамах, "хьо класса чу а ваьлла, царна тIехьаьжча, мила муьлхачу динах схьаваьлла, хууш хила ца веза" аьлла. "Аса сацам бина, школашкахь кхин дIа абайа лелайан мегар дац", - аьлла Атталя. Цо чIагIо йина, тIедогIучу кIиранах и бехкам муха йукъабаккха беза боху хаттар дийцаредийр ду ша школийн куьйгаллица. Керла дешаран шо дола ма делли, гезгамашин-беттан 4-чуьра дуьйна, низам лелаш хир ду.

2004-чу шарахь Францихь низам тIеийцира, школашкахь динан билгалонаш лелор доьхкуш, бедаршна тIехула даккхий керстанийн жIараш, жуьгтийн песаш а, бусулбачийн йовлакахш а. Делахь а, хIинццалц схьа абайа йихкина йацара. ТIаьхьарчу хенахь францхойн школашкахь алсамдаьлла дихкинчу бусулбачийн духаран метта абайа лелочу зудаберийн терахь. Францин Республикан кхузаманан мехаллаш йохайо цо аьлла хета цхьа могIа политикашна.

Бвйначу баттахь Францин Халкъан гуламан куьйгалхочо Яэль Браун-Пивес кхайкхамбира "кхузаманан пачхьалкхан школа" кхолла аьлла,"Рамадан а, абайа а, цхьа а динан билгалонаш хир йоцуш" аьлла.

Францин Республикан парти тIетайна инициативана, дешаран министран сацам оьшуш а, шен хенна тIеэцна а бу аьлла. "Къарйаза Франци" (LFI) аьрру парти мелхо а дуьхьал йу, и бехкам "конституцица богIуш бац бохуш, хаамбина "Франс пресс" гIирсо.

Францера бусулба динехь болчийн кхеташоно (CFCM), дуккхаъйолу бусулбачийн ассоциацеш цхьаьнатухучу къоман органо дIахьедина, духар "динан билгало" йац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG