Баккхийчу барамашкахь курхаллаш лелорна айдинчу бехктакхаман гIуллакхца доьзна мел лахара а кхоъ лаьцна ГIалгIайчохь. Царах шеконаш йу документашна тIехь харцонаш лелош, бюджетера миллиард сов сом дIаделла аьлла. Ницкъахошна хетарехь, зуламхойн тобана йукъахь хилла меттигера могIарера нах а, хьаькамаш а.
ЦIераш а, билггал маса стаг бехкево а Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дуьйцуш дац. Хууш ду, 15 хIусамах полисхой хьовсарх. Оцу гIуллакхана тIехула ши стаг СИЗО хьажийна, бехкелору цхьа зуда цIера йалар дихкина чохь латтош йу.
Къайлахчу сервисийн версица, 2019-чу шарера 2022-чу шаре кхаччалц тобанан декъашхоша шайна дезачу кепехь хуьйцуш хилла дозанал арахьа бехачу нехан дуьненчу бовларан а, кхалахана а кехаташ-тоьшаллаш, доккхачу декъана, Австрихь а, Бельгихь а, Германихь а, Францихь а бехачийн. Оцу документашца Оьрсийчоьнан Социалан фондо а, регионера ипотекаш лучу операторо а бюджетера субсидиш дIалуш хилла.
ГIуллакх кхеле кхачахь, оцу лецначу нахана 10 шаре гергга хенаш йогIу набахтехь такха
- Хьалхо Москвахь лецира ГIалгIайчоьнан куьйгаллехь волчу Калиматов Махьмуд-Iелин ваша – Калиматов Мохьмад-Башир а, республикера "Почта России" декъан хилла куьйгалхо а. Иза бехкево зуламхойн тобанах кхетта 2 миллиард сом ахча лачкъорна.
- Кху кIиранах иштта лецна хилла Кхарачой-Чергазийчуьра лаккхара даржхой а. Бюджетера 60 миллион гергга ахчана къоладарна бехкебо уьш. Лецначарех цхьаъ хилла республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан куьйгалхо Узденов Хьусейн.